7 окт 2020

АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Уггаре дезаха дешнаш: «ЦIена ву АллахI!

Хастам бу АллахIана! Массо хIуманал воккха ву АллахI» («СубхьаналлахIи, валхьамду лиллахIи, валлохIу акбар»).
Бусалба стаг а, зуда а даима а, массо а хенашкахь а шайн Дела хьехош хила беза. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) массо хьелашкахь а хилла Дела хьехош. Уггаре дезах лоруш долу Дела хьехор - хIокху дешнашкахь долу зуькарш ду:
«СубхьаналлахI, валхьамду лиллахI, ва лаилахIа иллаллахIу, валлахIу акбар».
«СубхьаналлахI» бохучу зуькаро чулаьцна АллахIана уггаре хаза бен хастам. Оцу зуькаро дацаре до Сийлахь-Везачу АллахIехь тарделла долу массо сакхт а, эшам а. Оцу хьокъехь хьийзаш йолу ерриге шеконаш а йоху дIа.
«Валхьамду лиллахI» бохучу зуькаро - берриге хастамаш шена бан хьакъ верг цхьа АллахI хилар тIечIагIдо.
«ЛаилахIа иллаллахIу» бохучу зуькаро - Ша цхьаъ ван хьакъ верг а, Шена лолла дан а, Iамал-Iибадат дан хьакъ верг а цхьа АллахI хилар тIечIагIдо.
«АллахIу акбар» бохучу зуькаро - Сийлахь-Везачу АллахIал доккха а, деза а, сийлахь а хIума цахилар тIечIагIдо.
Ткъа и дешнаш дерриге а цхьаьнатоьхча, цаьргахь гулло: Сийлахь-Веза АллахI вазваран а, уггаре а хазачу дешнашнашца Цунна хастам баран а, сийлахь варан а, воккха варан а маьIнаш. Цундела хилла и дешнаш уггаре а дезахчу зуькарех я уггаре а дезаха зуькарш.

Комментарии

Комментариев нет.