✅Марха достучу дийнахь берашна мерза хlуманаш ялар

Хаттар: Ассаламу Iалайкум.
Нийса дуй марха достучу дийнахь берашна совгIаташ дар нохчийн хIума ду, оьшуш дац, дIадаккха дезаш хIума ду бохург?
Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Иза нохчийн хIума ду, бусалба динера хIума а ду, бусалба нехан дезде ду иза, самукъадолу де ду! Керла шо тIедогIучу хенахь я чуьра цхьаьннан вина де долчу хенахь совгIаташ дан аьтто хуьлу вайн, мел къен волчуьнан а, амма шарахь цкъа бен догIуш доцу бусалба нехан дезде тIедогIучу хенахь чIогIа пекъарш, къен, таро йоцуш, мисканаш хуьлий дIахIуьтту вай, цхьа а совгIат дала аьтто боцуш! Иштта хьал вайн керла шо долчу буса а, чуьра цхьаьннан вина де долчу буса а хуьлуш делхьара-м кхетар дара вай, къаьсттина бусалба нехан дезде тIедогIучу хенахь хIунда хуьлу те вайгахь и хьал ца кхета-кх! Массеран таронаш яц, нах хала бохкуш бу, нийса ду иза, иштта хьал делахь - хIораммо шен таро ерг де, бусалба динан хазалла гойтуш, берашна и де довзуьйтуш, и де дагахь латто, и де хаздеш долу хIума махкара дIадаккха ца гIерташ, наха даккхий совгIаташ деш делахь, наха санна и дан таро хьайн яцахь, хьайн ницкъ кхочучул компеташ эций, керта мел деана берана цхьа компет ло, хьайн таро йоццушехь нахах тарвала ца гIерташ, нахах тарвала гIерта бохуш рекламаш яр ма дац Дала хьуна тIедиллинарг, хьайн таро ерг дичхьана ваьлла-кх хьо, суна нахах эхь хета ца бохуш, эхь хета хIун ду, Дала хьайна деллачу хьолах эхь хьуна хIунда хеташ ду?! https://tlgg.ru/marhanash

Комментарии

Комментариев нет.