Рицкъанан шорталла

Тахана ахь ладоьг1ча дукха а нах карабо хьуна шайгахь долу хьолана реза боцаш. Бокъалла а Делахь кхоьраш бола бусалба нах тешаш хила беза, шайгахь лаьтташ дола хьал шайна рицкъане хаьжна хилар. И хьал тода луачунна Дела реза волчу аг1ор хаьхна некъаш ду. Цу цхьадолчарехь 1еламнехан дешнашца шуна довзийта лаьар суна. Дехар дара х1ара жайна даьшначара класс та1аяр кхечаьрга, кхунах пайда эцийта.
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца доладо вай. Берриге хастам бу АллахIана, диканан догIанаш Шен керахь долуш волчу, рицкъа Шен керахь долуш волчу. АллахIан къинхетам а, маршалла а хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадна, тIаккха цуьнан доьзална, асхьабашна, массарна.
Дала шайца рицкъа совдоккхуш долу цхьадолу бахьанаш дуьйцур ду вай, Делан пурбанца. Дукха дацахь а, амма шаьш пайде хилар билггал долу бахьанаш ду хIорш, рицкъа совда́ларна пайде хилла ца Iаш, кхин а вуно дукха дуьненара а, эхартара а пайданаш ду хIокху вай дуьйцур долчу хIуманашца. Цундела, шен ма-хуьллу хIара болх лело гIорта веза массо бусалба стаг а, зуда а, къаьсттина бизнес болх лелош берш а, йохка-эцар лелораш а, шайн рицкъа шайна совда́ла луурш а.
1. Деле доIа деш, Цуьнга доьхуш хила, хьайна хьанал рицкъа далар а, хьайн аьтту бар а, хьайгара хало дIаайъар а. Дагчура массо кхидолу хIума дIа а даьккхина, цIенчу даггара ахь Деле дехча, Дала жоп ца луш вуьтур вац хьо. Ткъа, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) динчу доIанех ду иштта хIара доIанаш:
«Йа АллахI! Гечде Ахь суна, нисве Ахь со, рицкъ ло Ахь суна, могшалла а ло Ахь суна. АллахIаца ларло со, къемат дийнахь латтаран готталлех».
«Йа АллахI! Ша-болу хастам бу Хьуна! Йа АллахI! Ахь дIахецнарг сацо стаг вац, Ахь сацийнарг дIахеца стаг а вац, Ахь тилийнарг нисван стаг а вац, Ахь нисвинарг тило стаг а вац, Ахь духатоьхнарг дала стаг а вац, Ахь делларг духатоха стаг а вац, Ахь генадаьккхинарг герга дало стаг а вац, Ахь герга далийнарг генадаккха стаг а вац. Йа АллахI! Хьайн беркаташ делха де Ахь тхуна тIе, Хьайн къинхетам а, Хьайн комаьршалла а, Хьайн рицкъ а делха де Ахь тхуна тIе. Йа АллахI! Цкъа а хедар доцу, дIадер доцу, лаьттар долу ниIмат доьху ас Хьоьга. Йа АллахI! Массо нехан Хьоьгахь хьашт хир долчу дийнахь ниIмат доьху ас Хьоьга, кхерам хир болчу дийнахь маршо а йоьху ас Хьоьга. Йа АллахI! Хьоьца ларлуш ву со Ахь тхуна деллачуьнан вонах а, Ахь тхуна ца луш сацийначуьнан вонах а».
«Йа АллахI! Суна гечде Ахь, сох къинхетам бе Ахь, со нисве Ахь, сан хьал то де Ахь, суна рицкъ ло Ахь, суна синтем а бе Ахь, со даржехь лакха ваккха Ахь».
«Йа АллахI! Айхьа суна деллачу рицкъанах тоам беш хилийта Ахь со, цуьнах суна беркат а де Ахь, сан доцучун метта суна диканиг а ло Ахь».
«Йа АллахI! Ас пайдане Iилма а доьху Хьоьга, дика-цIена рицкъа а доьху Хьоьга, къобал хир йолу Iамал а йоьху Хьоьга».
«Йа АллахI! Сан къина гечде Ахь, сан ков-керт шор де Ахь, сан рицкъанах суна беркат а де Ахь».
«Йа АллахI! Айхьа суна лур долу уггар шорта рицкъа сан шераш алсам девлча хилийта Ахь, сан хан хада герга йахча хилийта Ахь».[И дерриге доIанаш хIокху жайни юкъара схьаэцна ду: «Уггар деза доIанаш (Къуръан тIера а, Суннатера а доIанаш)».]
2. Хьайн Делах кхерар совдаккха хьажа хьо, дика Iамалш йарца а, вочух ларваларца а, Дела реза воцучу хIуманна генаваларца а, бакъдолуш, Делах кхийринчунна цунна ца моьттучу кепара рицкъа ло хьуна Дала. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Шен сийлахь Къуръан тIехь: [АллахIах кхийринчунна Цо паргIато лур ю (некъ гойтур бу). Цо рицкъа а лур ду цунна, цунна ца моьттучу агIор; АллахIана тIе болх биллинарг - Иза тоьаш ву цунна (гIо дан)).[Сурат «Ат-ТIола́къ», 3 айат.]
3. Деле гечдар дехар совдаккха ахь, бакъдолуш, Деле дуккха гечдар дехар рицкъа совдоккху хьуна. Лекха хинволчу АллахIа аьлла, Нухь пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) шен къоме аьлла хилларг дуьйцуш: [Ас элира: Гечдар деха шайн Деле! Бакъдолуш, Иза Гечдийриг ву шуна! (ДогIанца) стигал тIеелхор ю Цо шуна. Даьхни а, доьзалш а совбохур бу Цо шуна; бошмаш а лур ю шуна, татолаш а лур ду шуна).[Сурат «Ну́хь», 10-12 айаташ.] Оцу айатийн маьIна деш, Имам Ибн Касира (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нагахь санна аш АллахIе тоба дахь, аш Цуьнга гечдар дехахь, шу Цунна муьтIахь а хилахь, рицкъа совдоккхур ду Цо шуна, стиглара беркаташ а делхор ду Цо шуна, лаьттара беркаташ а хьаладохур ду Цо шуна, ялта а хьаладолуьйтур ду Цо шуна, хьайбанера шура а хуьлуьйтур ю цо шуна; даьхни а, доьзалш а лур ду Цо шуна, шайна чохь тайп-тайпана стоьмаш долу башмаш а хуьлуьйтур ю Цо шуна, царна чохь лелаш татолаш хуьлуьйтур до Цо шуна».[«Тафсирул-Къуръанил-Iазим», 8/233.] Имам Аш-Шавка́нийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Оцу айатехь тешалла ду, Деле гечдар дехар – догIа даийтаран а, тайп-тайпана рицкъанаш хилийтаран а уггар даккхийчу бахьанех цхьа бахьана хиларна».[«Фатхьул-къади́р», 7/313.]
Имам Ал-Хьасан Ал-Басрийга (Дала къинхетам бойла цунах) цхьана стага йокъалла елхийна хилла, тIаккха цо цуьнга: «АллахIе гечдар деха», - аьлла. Кхечо шен мискалла елхийна цуьнга, тIаккха а: «АллахIе гечдар деха», - аьлла цо. Вукхо: «Суна доьзалхо лахьара алий Деле доIа дехьа», - аьлча, цуьнга а: «АллахIе гечдар деха», - аьлла цо. ВоьалгIачо шен йакъаелла беш йийцича, цуьнга а: «АллахIе гечдар деха», - аьлла хилла цо. Массарна иштта жоп даларх лаьцна шега хаьттича, аьлла цо: «Ас сайгара ца аьлла хIумма а. Лекха хинволчу АллахIа боху сурат «Нухь» тIехь: [Гечдар деха шайн Деле! Бакъдолуш, Иза Гечдийриг ву шуна! (ДогIанца) стигал тIеелхор ю Цо шуна. Даьхни а, доьзалш а совбохур бу Цо шуна; бошмаш а лур ю Цо шуна, татолаш а лур ду Цо шуна)».[Иза дийцина Имам Ал-КъуртIубийс (Дала къинхетам бойла цунах). «Ал-джамиI лиахькамил-къуръан», 18/302.]
Хьадисехь аьлла ду: «Даим (дуккха) Деле гечдар доьхучунна Дала массо гIайгIанах паргIато лур ю, массо халонах кIелхьаравала некъ лур бу, цунна дагахь доццучу агIор рицкъа а лур ду».[Абу Давуд, Насаий, Ибн МаджахI, Хьаким. ХIара хьадис цхьаболчу Iеламнаха нийса ду аьлла, масала Шейх Ахьмад Ша́кира; цхьаболчара гIийла ду аьлла, масала Шейх Алба́нийс; ткъа Шейх Ибн Iусайми́на, «иснад гIийла долуш, амма маьIна нийса долуш» ду иза аьлла цунна ( «Фатава нурун Iалад-дарб», 111/122).]
Кхечу хьадисехь деана ду: «Бакъдолуш, Делан лайна рицкъа сацадо, цо латийна хилла долу цхьа къа бахьана долуш».[Ахьмад, Ибн МаджахI.] Хьанна хаьа, цхьана хенахь ахь латийна долу цхьа къа бахьана долуш рицкъа сацийна хила а мега хьуна Дала, хьоьгахь хало а хIоттийтина хьо Шега верзийтархьама, хьоьга Шега доIа дайтархьама, хьоьга Шега гечдар дехийтархьама, тIаккха хьох къинхетам а бархьама.
4. Хьайн доьзалца а, гергарчаьрца а долу гергарло леладе, иза чIагIде, хьайца хьа ца лелочуьнца а иза дIа а ма хададе. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Дала шен рицкъ сов даккха лууш волчо а, шен хан яхйалийта лууш волчо а шен гергарлонаш чIагIдойла».[Ахьмад, Абу Давуд.]
5. Хьайна Дала деллачунна а, хьайгахь долчунна а дагчохь реза хила, АллахIана хастам а бе, Цо хьайна деллачунна, иза кIеззиг бен дацахь а. Хьуна Дала делларг шайна ца делла дуккха а адамаш дуй диц ма де, дуьнена тIехь хIора дийнахь бохург санна мацалла леш адамаш дуй а диц ма де. Иштта ойла еш хьо хилахь, Дала хьайна деллачунна Цунна баркалла эра ду ахь, Цунна хастам а бийр бу ахь, иза мел кIеззиг бен дацахь а. Ткъа лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Ткъа нагахь санна аш шукр дахь (баркалла алахь), Ас совдоккхур ма ду шуна (Айса делларг). Ткъа аш керстадахь – бакъдолуш, Сан Iазап чIогIа а ду).[Сурат «Ибро́хIи́м», 7 айат.]
Шукр дар, баркалла алар, хастам бар – долуш дерг совда́ларан бахьана ду.[Имам Аш-Шавка́ний, «Фатхьул-къади́р», 4/130.] Ткъа, шукр дар, баркалла алар – иза даго мукIарло дар ду, дог къера хилар ду АллахIа деллачу диканашна, Цо деллачу ниIматашна; тIаккха АллахI хастор ду, Цо уьш даларна; тIаккха Цо делла и ниIматаш Иза реза варга хьажор ду (оцу ниIматашца Цунна Iеса ца хилар ду). НиIмат а, дика а керстадар (духатохар) – оцу вай дийцинчунна доьхьал дерг лелор ду.[Шейх Ибн Ас-СаIдий, «Тайсирул-каримир-рохьман», 422 агIо.]
Дала беркат дойла бусалба нахана шайн рицкъанах!

Комментарии

Комментариев нет.