✅«Ӏакъидатан Академехь» керла дешар ду дӀадолош, ⏩Шайх Вахьидан⏪ куьгаллица.

⏺Дешаран ши курс хир ю, шина шаран ду дешар.
⏺Ӏакъидатехь пхийтта жайна хир ду оцу шина курсехь, хӀора жайна чекхдаьлла, экзамен дӀаелча, цу жайнан шен ижазат а хир ю и жайна яздинчу Ӏеламстагаца зӀе хӀотталуш, уьш хӀора а шайхашкара хир ю.
⏺Ши курс чекхъялча Ӏакъидат Ӏилмангахь ижазат хир ю, алсам Ӏеламнехан тӀехь мухӀар а, яздина куьг а долуш, ткъа и хан тӀекхачале кхин керла аьттонаш нислахь, я ойланаш дагаягӀахь, кхин дика хилийта а хьовсур ду.
⏺Ткъа дешар ша-кепара керлачу некъаца хир ду: хӀора бӀешарера Ӏеламнехан жайнаш ду дешар юкъахь хир дерш, иштта кечдаран бахьана: сих-сиха а вайна юккъехь хеза, бес-бесара кхетамаш, я кхин дика аьлча, бес-бесара Ӏакъидаташ йолчу нахера, вай юьйцу Ӏакъидат иза кху заманара керла Ӏакъидат йолуш санна, иза иштта цахилар, хӀара вай юьйцу Ӏакъидат хӀора бӀешарахь а хилла хилар билгалдаккхар Ӏалашонца кечбина болх бу иза цу кепара.
⏺Дешарна дӀа кхузахь вазло https://forms.gle/Dia57UBXQfzb8X547 6-гӀа мухьаррам 1445 кхаччалц дӀавазвала йиш ю, вай лелочу рузманца: 24.07.2023 кхаччалц, хан чекхъяьлча дӀавазвала йиш хир яц, шо чекхдаьлла керла курс йолалуш бен.
😊😊😊😊😊😊😊 😊😊😊😊😊
✔️Дешарна дӀавазвала массеран бакъо ю.
✔️Керла жайна мосазза доладо, долош долу жайна PDF чудуьллур ду.
✔️Жайнин ижазат хила экзаменехь 50 сов балл яьккха еза.
✔️Академера ижазат пхийтте а жайнин экзаменехь чекхваьллачунна бен хир яц. Ткъа ижазат тӀера баллаш - массо экзаменашкахь яьхнарш вовшахтоьхна хир ю, ерриге хила езарг - 1500 балл ю.
✅Дешаран денош: Оршот-де, шинара-де, кхаара-де, еара-де.
✅Дарсан эфир: ЦIера хенаца 08:00 ю. Эфире ца кхиъначунна бакъо хир ю дIаяздаре ладогӀа.
❌Муьлхха жайнан пхиъ дарсе ла ца доьгӀначунна, и жайна чекхдаьлча йолу экзамен яла бакъо хир яц. Ткъа экзамен ялаза жайна юкъарадаьллачунна а, я ладогӀаза цхьа дарс дисначунна а бакъо хир яц курс чекхйолуш экзамен яла.
✅Дарсан хан: 1-2 сахьт.
✅Академийн дешар дӀадолалур ду: 24.07.2023.
✈️Академин хьоста https://t.me/Akidatan_Akademi

Комментарии

  • 23 июл 2023 22:20
    Ӏарбийн мотт цахуучарна а, Ӏарбийн маттахь еша цахуучарна а массарна ду дешар, жайна дӀадоьшуш, вайн маттахь гочдеш хир ду дарсаш.
  • 23 июл 2023 22:20
    Дешарна ахча дала дезаш дац, Ӏилма ахча луш Ӏамош ца хуьлу, я ахча доьхуш хьоьхуш а ца хуьлу.
    Стегаршна, зударшна, кегийчарна, баккхийчарна, Ӏарбийн маттахь еша хуучарна, цахуучарна, массарна лерина ду.
    Стегарий, зударий вовше гуш, я бистхуьлуш агӀонаш хир яц.
  • 23 июл 2023 22:20
    Эфирехь ладогӀар хир доцчун а аьтто бу дешаран юкъаван, дӀаяздаре ладоьгӀча а кхачо хир йолуш.
  • 23 июл 2023 22:20
    Дешарна дӀавазвала тахана тӀаьххьара де ду, кхана Ӏуьйранна 08:00 даллалц бен хан яц.
  • 23 июл 2023 22:20
    Зударшна, стегаршна ду дешар.
    Амма вовше ган а, я бистхила а цхьаьна хӀумма а хир дац, цхьана хьостана чохь, цхьана эфирехь хилар бен.