Дуьнено цхьана дийнахь ни1матца велаво,

Марзонаш сайохуш, 1ехавеш лелаво.
Шозлаг1а, схьалоций, балица хьийзаво,
Собарах хьо воьхча, халкъалахь сийсазво.
Цхьана шаро велийча, итт шаро велхаво,
Хиларо 1ехийча, хадаро хьегаво.
Хьан велар, хьан велхар хийцалуш ду хьуна,
Де-буьйса ва санна, хьо ларлуш хилалахь.
Масане да ву-кха хиларо 1ехийна,
Шозлаг1а цул т1аьхьа валаро хадийна.
Валар ду массарна, къен-миска вуьтур вац,
Даьхнин да ву аьлла, 1ожалло вуьтур вац.
Бакъонца хьан бахам каш-лахьта бу хьуна, лахьти чохь хьо цхьалха хьуо вуьсур ву хьуна,
Хьан нуьре меженаш яхкалур ю хьуна,
Хьайн лахьта ларделахь, я ибна Адам.
Готтачу лахьти чу хьо вуьллур ву хьуна,
Мункаро, Некиро барт хоттур бу хьоьга,
Хьан дег1ан меженаш т1екхойкхур ю хьуна,
Хьайн лахьта ларделахь, я ибна Адам.
Хьайн динца йоцуриг дуьхьало йац хьуна, 1амалца йоцуриг т1аьхьало яц хьуна,
Эхартахь йоцуриг парг1ато йац хьуна,
Хьай лахьта ларделахь, я ибна Адам.
Къемат де бохуриг докхха де ду хьуна,
Дас, нанас доьзало ч1ир оьцур ю хьуна,
Пайхамарша шай дог1маш шаьш доьхур ду хьуна,
Хьай лахьта ларделахь , я ибна Адам.
Б1аьргеха, лергаха барт хоттур бу хьоьга,
Когеха, куьгеха барт хоттур бу хьоьга,
Кийрарчу хьан дагах барт хоттур бу хьоьга,
Хьай лахьта ларделахь, я ибна Адам.
Доьзалха, даьхниха барт хоттур бу хьоьга,
Дерриг а ни1маташ Хьоь хоттур ду хьуна,
Хьоь хаттаза Цхьа а дош дуьсур дац хьуна,
Хьай лахьта ларделахь, я ибна Адам.
Кхайкхарах орцахо карора вац хьуна,
Ахь йина 1амал бен, накъост хир вац хьуна,
Хьайн Делан омарца 1амал еш хилалахь,
Хьай лахьта ларделахь, я ибна Адам.
Дуьнен чохь хьан денош дагардеш ду хьуна,
Совнаха де даккха йиш йоцуш ду хьуна,
1амал еш даьккхинарг деза де ду хьуна,
Хьай лахьта ларделахь, я ибна Адам.
Сада1ар дагар деш маликаш ду хьуна,
И кхачина даьлча, хьо кхелхар ву хьуна,
Ахь йина ойланаш к1елъюьсур ю хьуна,
Хьай лахьта ларделахь, я ибна Адам.
Массеран ва эла вайн Элча ву хьуна,
Шен дуьхьа дерриг халкъ кхоьллина ву хьуна,
Жабраилан маттаца Къуръан схьахьедеш,
Къуръано го бина веъна ву хьуна.
Къуръанан мог1анаш шен дагахь шарбина,
Къуръанан г1иллакхаш дерриш схьалаьцна.
Бакъонца веа хьо, сийдолу ва Элча,
Марша ва, марша ва, ва сийлахь Элча!

Дуьнено цхьана дийнахь ни1матца велаво, - 873590261656

Комментарии