ИСТИХАРАТ ЛАМАЗ

Хаттар: ИСТИХАРАТ ЛАМАЗ ХIУ ЛАМАЗ ДУ?
Жопп: ИЗА СУННАТ ЛАМАЗ ДУ ВАЙ СИЙ ДОЛУ ЭЛЬЧНО ДЯШ ХИЛ ДОЛУ (саллаллахIу IалайхIи ва саллама). МУЬЛХА ХЬАЙНА ЦХЬА ХIУМА ДАН ДАГА ДЕАЧАХЬ И ХIУМА АЙХЬА ДАЛЕ, ИСТИХАРАТ ЛАМАЗ ДОЙ ТIАККХА ХЬОЙ ДАН ГIЕРТАШ ВОЛУ ХIУМА ДО АХЬ, НАГАХЬ И ХIУМА ХЬУНА ДИКА ДАЛАХЬ АЛЛАХIА ХЬА И ЧАКХ ДАЛИЙТА ХЬУН ГIО ДО, НАГАХЬ ИШТА ХЬУНА И ХIУМА ДИКА ДАЦАХЬ ХЬА И ЧАКХ ДАЛИТА АЛЛАХI АЬТТО ЦА БОЛУЬТУ.
Хаттар: Мац дан деза иза?
Жопп: МУЬЛХА ХЬАЙНА ЦХЬА ХIУМА ДАН ДАГА ДЕАЧА ( массалла: зуд йалор, маре йагIар, цхьанахь вагI ара волуш, деша воьдуш, болх хуттуш ишта муьлха хьайна гIоляхь хIу ду ца хуаш хилчахь) иза АЛЛАХIАЦ (лекха сийлахь ву из) ДАГ ВАЛАР ДУ.
Хаттар: Ният мух дан деза дIа доьхкуш?
Жопп : КХИ ДОЛУ МУЬЛХА ЛАМАЗ САННА НИЯТ ДАГ ЧОХЬ ДИЙР ДУ ЦО, АММА ДАГАХЬ ИСТИХАРАТ ДЯШ ВУ АЬЛЛА АЛЛАХIУ АКБАР АЬЛЛА ДОЬХКУР ДУ ЦО.
Хаттар: Мух дан деза иза?
Жопп: ИЗА КХИ ДОЛУ СУННАТ ЛАМАЗ САННА ШИ РАКАIАТ СУННАТ ЛАМАЗ ДУ (ши бисмилла цхьа аьттахь), ЦХЬА ХАН ЙОЦУШ МУЬЛХAЧ ХЕНА ДАН ЙИШ ЙОЛУШ.
Хаттар: Эц ламазан доI дан дези?
Жопп : Деза, доIа коьрт хIума ду цу истихарат ламазан.
Хаттар: Мух дан деза доIа?
Жопп: ДОIА ША ЛАМАЗ ДИН ВЯЛЧАХЬ САЛАМ МА ДЕЛЛА ДАН ДЕЗАШ ДУ.
Хаттар: И хIу доI ду?
Жопп:
"АллóхIумма инни́ астахи́рука биIилмик, ва астакъдирука бикъудратик, ва асъалука мин фадликал-Iази́м, фаиннака такъдиру ва лá акъдир, ва таIламу ва лá аIлам, ва анта Iаллáмул-гIуйýб. АллóхIумма ин кунта таIламу анна хIазал-амра хайрун ли́ фи́ ди́ни́, ва маIáши́ ва Iáкъибати амри́, факъдурхIу ли́, ва йассирхIу ли́, сумма бáрик ли́ фи́хIи. Ва ин кунта таIламу анна хIáзал-амра шаррун ли́ фи́ ди́ни́, ва маIáши́ ва Iáкъибати амри́, фасрифхIу Iанни́, васрифни́ IанхIу, вакъдур лийалхайра хьайсу кáна, сумма ардини́ бихI”.
اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْتَخِيرُكَ بِعِلْمِكَ، وَأَسْتَقْدِرُكَ بِقُدْرَتِكَ،
وَأَسْأَلُكَ مِنْ فَضْلِكَ الْعَظِيمِ، فَإِنَّكَ تَقْدِرُ وَلاَ أَقْدِرُ،
وَتَعْلَمُ وَلاَ أَعْلَمُ، وَأَنْتَ عَلاَّمُ الْغُيُوبِ، اللَّهُمَّ إِنْ كُنْتَ
تَعْلَمُ أَنَّ هَذَا الأَمْرَ (و يسمي حاجته) خَيْرٌ لِي فِي
دِينِي وَمَعَاشِي وَعَاقِبَةِ أَمْرِي فَاقْدُرْهُ لِي وَيَسِّرْهُ لِي
ثُمَّ بَارِكْ لِي فِيهِ، وَإِنْ كُنْتَ تَعْلَمُ أَنَّ هَذَا الأَمْرَ شَرٌّ لِي
فِي دِينِي وَمَعَاشِي وَعَاقِبَةِ أَمْرِي فَاصْرِفْهُ عَنِّي
وَاصْرِفْنِي عَنْهُ وَاقْدُرْ لِيَ الْخَيْرَ حَيْثُ كَانَ ثُمَّ أَرْضِنِيْ بِهِ .
«Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахь Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахь ницкъ балар а. Ас Хьан боккха къинхетам боьху Хьоьга, бакъдолуш Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац; Хьуна хаьа, суна ца хаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг ву. Йа АллахI! Хьан Iилмангахь дерг, хIара сан гIуллакх
( КХУЗАХЬ ХЬАЙ ДОЛЧУ ГIУЛЛАКХАН ЦIЕ ЙОККХ, Масалла::: цхьан хьа вагI ар волуш дяш ву хьо, тIаккха ахь олу - со новкъ валар йа со эц метте вахар дик далахь и.т.д. тIаккха кхи дIа доI дIа доьшу)
Суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а (йа иштта эра ду: герга йолчу хенахь а, йа генарчу хенахь) – дика хирг хилар делахь, суна ницкъ ло Ахь цу гIуллакхана, суна иза атта а де Ахь, юха суна цунах беркат а де Ахь.
Ткъа нагахь санна Хьан Iилмангахь дерг, хIара гIуллакх
( ЮХАА ОЦ ХЬАЙ ГIУЛЛАКХАН ЦIЕ ЙОККХУР Ю ЛАКХАХЬ ВАЙ МА АЛЛАРА САННА, ЮХА КХИ ДIA ДОЬШУР ДУ)
Суна сан диняхь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а вон хирг хилар, суна гена даккха Ахь из, со цунна тIера дIа а верза ве Ахь, цулла диканиг дан ницIкъа а ло Ахь суна, иза миччахь делахь а, юха со цунна реза а ве Ахь.
Хаттар: ХIара доIа Iаьбо маттахь дан дези?
Жопп: ДЕЗА НАГАХЬ ИЗА IАЬРБО МОТТ ХУАШ ВЕЛАХЬ, АММА ХУАШ ВАЦАХЬ ШЕНА ХУАШ МАТТАХЬ ДАН МЕГИР ДУ.
Хаттар: И ша деригге дина вялчахь, суна гIан га деза хIар нийсу ду аьлла, сихонца даг тосур ду суна?
Жопп: ИШТ ХИР ДАЦ! ХЬОЙ И ШАДЕРИГГЕ ДИНА ВЯЛЧАХЬ, ХЬОЙ ДА ГIЕРТАШ ХИЛ ДОЛУ ХIУМА ДАН ВОЬДУ ХЬО, НАГАХЬ ИЗА ХЬУН ДИКА ДАЛАХЬ АЛЛАХIА ХЬАН АЬТТО БИР БУ, АММА ВО ХИР ДАЛАХЬ И ДИЧАХЬ ДАЛА ХЬАН АЬТТО БИР БАЦ! ИШТ АЛЛАХIЕР ХИР ДУ ЦУЬНАН ЖОП .

Комментарии