Забаре дийцарш.

Яхиханова Дагмара
Цхьана юьртахь ч1ог1а дуьненах самукъа долуш цхьа стаг хилла.
Ша г1еметта х1оьттича а, синкъерам бу аьлла меттиг хааелча, говрахь цига воьдуш хилла иза.
Мацца а цамгар кхетта меттахь висина хьара. Шен виъ к1ант схьа а кхайкхина, цаьрга вист хилла да: «Велларг ден лур ву бохург бакъ делахь со ц1а вог1ур ву шуна, со ц1а ца ваг1ахь, хаалаш, и бакъ доцийла».
* * *
Вай ц1ера дахале хилла х1ара. Цхьана ло диллинчу 1уьйрана, Сиржа-Эвлара цхьа жима стаг вахана дечиг даккха Ц1е-Ведана хьала, салаз а йоьжна. Ша кечдина дечиг т1едотта салаз юххе ялаян х1ара кийча волчу минотехь, ц1аьххьана цхьа цхьогал гучдаьлла-кх. Шад тухуш говр човха а еш, цунна т1аьхьа хаьхкина кхо. Мичара, цхьогал-м дукха хан ялале къайладаьлла, ткъа х1ара ша а тилвелла. Х1инца кху хьунхахь висахь ду-кх доьхнарг бохуш, х1ара д1асахьийзаш буьйса а йоьллла.
Эххара хьуьнхара ара а валавелла, цхьана корехь богуш къуьда а гина х1ара цига керта хьаьвза. Дика хьошалла до кхунна. Йовха чохь парг1ат ваьлла, товхара хьожа етталу сискал схьаяларе сатуьйсуш х1ара 1ачу хенахь, кхин цхьа хьаша а вуссу кхаьрга. Иза Шелара хилла. Дукха хан ялале сискаллий муьста берамий хьалха диллира хьусамнанас. Сиржаэвлахочо ца 1ебаш ч1огг1а, юх-юха сискал муьста берам чу 1уьттуш. Таккха вист хилла шелахо: «Жима къонах, айхьа цкъа чу 1оьттина сискал, кхьин шолг1а кеда чу ма 1отта», – аьлла. Шега аьлларг ч1ог1а ца тайна сиржаэвлахо, кхин рицкъах ца кхетта. 1уьйрана, цхьа боккха кад буьззина кхоьашший, сийсара йисина сискалан ах хьалха йиллина х1усамнанас. Сиржаэвлахо вист хилира:
– Маса 1айг кхоьаш хир ю кедахь?
– Дера хаац, цхьа б1е 1айг хила там бу-кх, – аьлла х1усамнанас.
– Т1аккха 1айг а цхьа б1е безар бу.
– Ой, х1унда? – цецъяьлла х1усамнана.
– Цкъа чу 1оьттина 1айг, юха чу 1отта йиш йолуш вац х1ара шелахо, – элира сиржаэвлахочо. Сийсара шена йина 1оттар д1айоькхуш.
Мотт бастар
Шина вешин урдо хилла юкъах лелош, т1ехь йийна хьаьжк1а а йолуш. Воккхах волчу вешин ц1е Мука хилла. Жимах волчо зуда ялина шо долушехь, Мука мотт бастийтаза хилла несе.
«Ялол, хьаьжк1ана асар дина дог1ур вай», – аьлла цкъа Мукас несе. Йист ца хуьлуш, шен метиг а белш т1е а тесна, т1аьхьа х1оьттина нус. Урдо доккха хилла. «Х1ара асар тахана чекхдаккха г1ерта хир ма вац х1ара», – ойла йора несо.
Д1а ма кхеччи, ка-тоьххана асар долийна Мукас. Делкъана мукъне садо1ур ду бохуш 1ийна нус. Мичара, Мука-м дагахь а ца хилла асар дечуьра саца.
Марвашас садо1уш ца хилча, нус а д1аг1иртина кхунна т1аьха къар ца луш.
Суьйре т1е еъна, х1ара шиъ асар дина а даьлла.
Т1аккха шен метиг белш т1е а тесна мотт баьстина несо: «Боккхачу дехка ц1е йолу к1ант, вайшиммо асар ца дина бохучунна къематдийнахь ялсмане хьарам йойла-кх», – аьлла.
Х1усамнана д1аяьлча
Цхьана стеган х1усамнана кхелхана хилла. Ша х1ун дийр ду ца хууш синтем байна, холчахь хилла и стаг. Лулахочо моллига жайна даккхийта аьлла кхуьнга. Иштта, вахана моллас жайна даьккхича а г1оле ца еъна.
Юха т1е ваха ца х1уттуш хьара лелачу юкъана молли а зуда елла. Т1аккха вахана моллига кадам а беш кхо аьлла: «Хьуна-м х1ун дара, хьаьйна жайнеш дохуш 1ийр вара хьо-м», – аьлла.
Х1усамнана д1аяьллачуьна молха – хье ца луш зуда ялор ду. Берашна и хаа деза. Велларг юха ца вог1у, виснарг ца ваьхча ца волу. Вайн дахар иштта а ду доца. Доьзало г1айг1а бан беза шайн дена...
Дагин безам
Тхан лулахь цхьа воккха стаг вара. Оха цунах Дага олура, ц1е ца йоккхуш.
Цхьана к1иран дийнахь, Шела етт бохка вахнера х1ара, х1усамнана къар а ца елла. Вон амал йолуш бара и етт. Шела кхаччалц хала сецош д1абигира Дагас и. Етт ийзош базара юкъа воьдуш кхуьнан ц1аьххьана цхьана йоккхачу стагах б1аьрг кхета Даги. Цхьа ша тайпа хаза т1е дуьйхина барзакъ долуш, к1айн корталий т1ам т1ехьа тесна, ч1ог1а товш хилла и зуда.
«Ой, хьара мила яра-а, суна цхьанхьа гам-гина х1ара», – ойла хьаьвза Дагин коьрте.
Эцца кхунна дага еара Х1ийжан: кхуьнан дуьхьарлера безам. Дагина Х1ийжанас йиллина хан а йолуш, вай ц1ера а даьхна диснера и захало. Цул т1аьхьа мел лехарх Дагина Х1ийжан ца карийнера. Х1инца 2010-г1а шо дара. Етт бицбеллера Дагина.
Иза-м кхуьна карара а баьлла Сиржа-Эвла ц1а баханера. Ц1а кхаьчна етт гича х1усамнанна моттаделла Дагига саца а ца белла беъна. Дагина ма1а 1оьттина хила тарлуш а дара. Ткъа Дагина-м, Х1ийжан гинчул т1аьхьа, етт хьовх, дуьне а дицделла хилла.
Ша ца гойтуш, Х1ийжан яьл-яьллачу волуш лийлира Дага, Ведана йоьдучу автобус т1е а хиъна и д1аяххалц. Коьртехь ойланаш сов евлла, къона хан дагаеъна, муха кхочу ца хууш г1аш Шелара Сиржа-Эвла кхечира Дага. Х1усамнана кхуьнга етт хьахо ца х1оьттира.
Суьйрана, маьрк1ажа ламаз эца ара ваьллачу Дагина дохна кертахь тесна лаьтташ шайн етт гира. Дагий, еттий цецдаьлла вовше хьаьжира. «Вай дела де хьох Дала хайра», – аьлла велавелира Дага.
ДИЙЦАРШ, ХИЛЛАРШ, ЛЕЛЛАРШ...
АСТАЛОВ 1AДИЗ
Кху тІехь ас яздина долу цхьадолу хІуманаш хилла дикка хан-зама яьлла, суна цхьадерг дицделла хила а мега, я ма-дарра нийса дІа ца делладелла хила а тарло, цундела цу тІехь сайна бехк ца биллар доьху аса. Нагахь ас билггал нийса доцург аьллехь, я ас хьакъ доцуш цхьанна халахетар динехь, со, цуьнга ла а доьгІна, эшахь, иза сайна къинтІера ваккха кийча а ву.
* * *
Нажин-Юьртан районерачу Гилнара вара цхьа хаза дош олуш волу ши стаг – Хасов а, ГІези а.
Хасов хиллера Киргизехь долуш базарахь ахьар оьцуш, духкуш ерг а хиллера нохчийн зуда. Зудчо терза шегахьа дайдина узуш хилла. Оцу гІуллакхах шекваьллачу Хасовс зудчуьнга аьлла:
– Зуда, и терза нийса озахьара ахьа, – аьлла.
ТІаккха зудчо элира бохура:
– Стаг, оьшуш дерг аса къемата дийнахь дІатокхур ду-кх хьуна.
– ХІан-хІа, сан чохь мацделла дукха бераш ду, сан къемат дийне хьоьжуш Іан йиш яц, суна хІокху сан ахчанах доггІург тахана схьалахьара ахь, – элира бохура Хасовс.
* * *
ГІези хилла цкъа доккха хабар дуьйцуш:
– Со жима стаг волчу хенахь, сан дас суна дика дин эцнера, кхузткъа етт а белла.
ТІаккха Г1оьрдлара Завламака аьллера боху:
– Сан цхьа дехар дара хьоьга, ГIези, цу кхузткъаннах цхьа ткъе итт етт дІабаккхахьара ахь, хьайн таро елахь.
* * *
Молотовбадехь чайханахь чай молуш Іаш шен гергара стаг ВисІела хестош воллуш хилла ГІоьрдалара ГІудин Іела.
– Дера ву ВисІела дика стаг. Казахстанехь волчу шен ненавешина бІе туьма ахча дахьийтина цо.
Шен таро юйла нахана хаийта ца лууш волу ВисІела оьгІазвахана Іелина:
– Іели, дитахьа сан ахча ша долччохь, кхайкхош гучудаккха а ца гІерташ.
Іелас элира боху:
– ВисІела, и ас ду аларх, хьоьгара хІокху сохьта юхалург даккха веана стаг а вац, амма ас дехча ахь со доцуш дІа а вогІуьтур вац.
* * *
Сесанахь вехаш вара Арсанукъа цIе йолу цхьа стаг. Цуьнан, мухха хиллехь а, цхьана хIуманна тIехь энгиночун карах пхьарс хадийна хилла. Цул тІаьхьа, шен ка яьллачохь, Арснукъас, лаьцначу пхьаьрса тІе шаьлта а йиллина, хьийзош хилла энгино:
– Пхьарс дІаса ма ийзабе, сайн хаддийначул бен хьан пхьарс хадо бакъо яц сан. ТІех хадабахь и дIадекха гІертар ву хьо, – бохуш.
* * *
Сесанахь вара Дорцу цIе йолуш, гІаьххьа хьекъална аьрта ву а олуш, цхьа миска стаг. Цо хьехамаш беш хилла нахана:
– Екъачу керта тІе а ма довлалаш, я бертал кхетар шу, я аркъал кхетар шу; догІа догІуш ара ма довлалаш, дашор шу, – олий.
* * *
1935-36-чу шерашкахь Сесанахь халкъан суьдхо вара Эскиев Халад. Цуьнга хатта делла хилла цхьа дов. Иза Коьран-Бенарчу стага дина къола бахьанехь хилла.
Бехкевеш верг веана Эскиевна тІе ахча а дахьаш, ша оцу девнах кIелхьара ваккха аьлла. ТІаккха суьдхочо цунна хьехам бина:
– ДІа а гІой, тховса и лачкъийна етт бен а бей, оцу аьттан корта а, когаш а и етт болчу стеган керта кхийсса. Ас кхана милицин белхало воуьйтур ву хьуна цига, уьш эццахь караяйта, тІаккха аса дов кхечу агІор дерзор ду хьуна. Етт болчу дас ша шен етт бен а бийна, ахь лачкъийна аьлла, хьуна тІе бехк бахийтина, харц тоьшалла дина а эр ду. Эскиевс дов ша ма-бохху чекхдаьккхина, етт бийначунна кхо шо хан а тухуш. Шена хан тоьхначу Коьран-Беночо элира боху:
– АшхІадубиллахІ, суна-м ца хиъна, лачкъийначу дохнан дена хан тухуш, тахана бен.
* * *
Мухьмад района РТС-н урхаллин коьрта хьаькам вара. Шен шофер рулехь а волуш, хIара воьдуш, кхунна гина шайна хьалха керчаш йоьдуш машенан цхьа хІума. Махьмуда шофере элира боху:
– И дІогахь вайна хьалха керчаш йоьдуш ерг вайшин машена хІума-м яц те? – аьлла.
– Яц дера! Вайшин машена хІунда ю и? – аьлла шоферо.
Гена валале шоферна хиъна машенан цхьа чкъуьрг йоцуш диск тІехь йоьдуш юйла. ТІаккха, машен саца а йина:
– Х1а-а! Хила а дера хилла иза вайшин машена х1ума, – аьлла шоферо.
* * *
Сесанахь вехаш вара Сапи бохуш цхьа забаре стаг. Иза юьртахь хьехархо хилла, 1илмана дІогара генаваьлла вацахь а. Цуьнан цхьана дешархочуьнга хаьттина юьрта веанчу хьаькамо:
– Хьуна дика хаьа, я Сапина хаьа?
– Тхойшинна цхьатерра хаьа, – аьлла дешархочо.
* * *
Сесанахь столовехь шеф-повар вара Дуда цIе йолу цхьа шелахо. Цкъа столове хІума яа веана хилла Совнаркомехь болх беш волу цхьа оьрси. Цунна йоьттинчу чорпи чохь цхьа кІадин цуьрг нисделла. ТІаккха, хьала а гІаьттина, шен бошхап а эцна, кухнин коре а вахана, цо аьлла:
– Схьакхайкхал шеф-поваре.
Схьавеана Дуда. ТІаккха, оцу оьрсичо, веза а веш, бошхап дІа а кховдийна, шен маттахь аьлла:
– Вы что, людей тряпками кормите?
Дудас, хІумма а воха а ца вухуш, ша букъ а берзийна дIавахале аьлла:
– А что, вам за 50 копеек коверкот подавать, что ли?
* * *
Кхечу цхьана сесанхочун цхьа мело дов а хилла Зауровгахь хатта дезаш. Оцу девнан да веана Зауров волчу, итт туьма ахча а дахьаш, Гужулов Нур-Мохьмада ваийтина ша, ахь гІуллакх дийр ду аьлла. Зауров ирхъиккхина:
– И бохург хІун ду? Итт туьма кховдадо суьдхочуьнга! – аьлла.
– Кхин сан дан-м дац, хІара а Нур-Мохьмада шегара делла ду-кх соьга, хьоьга ло аьлла. Делахь со-м дІавоьду, – аьлла, неІарехьа дІаволавелла девнан да.
ТІаккха, мохь а тоьхна, Зауровс аьлла:
– Вухаверзал, кхин эхь а ца хеташ, и итт туьма а эцна, дІаваха воллар-кх хьо!
* * *
Жданов цІарах йолчу колхозехь парторг вара Падаев Вадуд. Цу хенахь оцу колхозан куьйгаллехь вара Самханов Вахахьаьжа, ша Ялхой-махкара а волуш. Вадуда аьлла:
– Вахахьаьжа, суна вайн колхозан доход хьалаер йолу цхьа хІума дагадеана. Вайн колхозехь шортта хьаннаш ю, цу хьаннашкахь дуккха а акха хьакхарчий а ю. Оцу хьаннашна гобаьккхина керташ йича, и хьакхарчий ара йовла меттиг йоцуш, цу чохь юьсур ю. ТІаккха, уьш схьа а лоьцуш, пачхьалкхана жижигана дІайоьхкича, вайн колхозана, цхьа харж а йоцуш, пайда хир бу.
* * *
Цкъа цхьана дийнахь райкоман партин бюрохь, вала а, вола а ца вуьтуш, райкоман хьалхарчу секретара Межидов ГІаиба хьийзош хилла Даттахера колхозан председатель Анасов ЧІаІа. Шуьрин план кхочуш хІунда ца йо колхозо, бохуш хилла райкоман куьйгалхочо. ХІуъа бахьана хІоттийча а, ГІаиба волуьйтуш ца хилла ЧІаІа. ТІаккха ЧІаІас аьлла:
– Деллахь ца хаьа суна-м, ГІаиб, кхин хІуъа дича оцу хьелаша и шура тІе а ца тоьхна, и алсамйоккха кхин дан хІума а ца хилла, аса-м жайна доккхучу стаге жайна ма даккхийтира оцу хьелашна, ца туьхи-кх цара и шура тІе.
* * *
Ведантахь Іаш вара Галпат бохуш цхьа стаг.
Цуьнан вара Арсамик бохуш кІант, дикка хьекъална аьрта а волуш. Арсамика, шайн хьаьжкІаш юккъе бахана болчу тхан аьттана, ластийна, диг тІаьхьакхоьссина хилла. Иза, аьттан коган кІожам а хадош, кхетта хилла.
Тхан дас, оцу аттана урс а хаькхна, цуьнан жижиг ГалпатгІарна дІаделла хилла, шен етт токхур аша, аьлла. ТІаккха дас-нанас, кІа диъча санна, хьийзош хилла Арсамик:
– ХІунда бийна ахьа нехан етт, и такха таро ю вай? – бохуш.
Арсамика аьлла:
– Хьажахьа, цара дуьйцург! Шу, аса и етт а бийна, жижиг ца даьккхинехьара, макх а делла, якхалла леш ма дохкура.
* * *
ЦІоьнтара базарахь цхьаммо кхайкхош хилла:
– Цхьана стеган шаьлта йоьжна. И карийначунна хІума а лур яра, и схьалахьара, – бохуш.
Юххехь лаьтташ хиллачо, т1 а таь1на элира боху:
– Юкъах йихкина шаьлта шен йоьжча-м хаа а мегар ма дара.
– Хаа а хиъна кхайкхош яц иза, – аьлла вукхо.
* * *
Бас-ГІоьрдалахь хилла цхьа харцахьара стаг, шена луъург бен ца деш. Цхьана ловзаргахь иза, зудаберийн могІаре охьа хиъна, наха дІавала эццара аьлча дІа а ца волуш. Цигахь тIенисвеллачу Г1оьрдалойн Эсаловс, ка тоьхна схьа а лаьцна, дІаластийна хьаьжкІийн дайх тоьхна и.
ТІаккха цу стага элира боху:
– ГІоьрдалойн Эсаловна мегар алий сох куьг ма тохалаш, ас могуьйтур дац шуна.
* * *
ГIоьрдалахь пхьоьг1ане гулбеллачарех цхьаммо элира боху:
– Тахана 1илман наха Куьрчал-Эвла туьхана тІехь лаьтташ ю аьлла саций боху.
ТІаккха Баса-ГІоьрдалара Даьддас аьлла:
– Ма чІогІа тІаьхьабисина хилла-кх и 1илман нах, суна и туьхана тІехь юйла хуу-м дуккха а хан яра…
* * *
I930-чу шерашкахь ГІоьрдалара БІатІин кІанта буса корехула чу а ваьлла, пачхьалкхан туька ехьна хилла.
И гІуллакх Іедале даьлча, к1ант волу нах шайн юьртара хьехархо волчу дехаре баьхкина.
– Хьо йоза-дешар хууш, хьаькамашца гІуллакх догІуш стаг ву. Ахь, ваха а гІой, Веданахь хьаькамашца и гІуллакх дІадерзадахьара. Оха цу кІанта дина зие метта а х1оттор дара. И кІант ша Іовдал ву, цундела дина цо и къола, – аьлла.
Хьехархочо элира бохура:
– Вац дера и-м Іовдал. Іовдал велхьара-м корехула чу ма ваьлли долу туьха а диъна, цу тІе цхьа ведар хи а мелла, веста а вистина 1уьллуш карор вара. Цо ехьнарш-м, вахана туьхана тІехула а ваьлла, баьрччехь 1охку кампеташ яй.
* * *
Соьлжа-гІалара Хьалха-Мартан тІе цхьана бехке бечу нехан дов хатта вахана говра ворданахь суьдхо, шеца суьдан секретарь а, къаной а, защитник а волуш. Уьш берриш а цхьацца заьІапалла долуш хилла шайн догІмашца: цхьаъ бІаьрг боцуш, важа куьг доцуш, кхозлагІниг ког боцуш, воьалгІаниг цхьа лерг доцуш, ур-атталла кхеран говр а хилла цхьа бІаьрг боцуш. Уьш, юьртарчу дукха нахана хенаш а тоьхна, дІабоьлхуш, царна тІаьхьа а хьаьжна, цхьана мартанхочо элира боху:
– ОстовпируллахI, и заьІапхойх йолу суд хІокху эха юьртана хан а тоьхна дІа яха-кх! Уьш заьІапа а боцуш хиллехьара, цара хІокху ерриг а юьртана хан тухург хиллера-кх.
* * *
Дов хоттучу хенахь, цхьаъ виц а велла, хан ца кхайкхош висина хилла. ТІаккха цо элира боху:
– Суна хІун ду?.
– Хьуна вукхарначул а вон ду-кх, вист а ца хуьлуш Іад ца Іарна, – аьлла суьдхочо.
* * *
ДIадаханчу б1е шеран 30-чу шерашкахь Веданара милицин хьаькаме цхьаммо хаьттина:
– Хьо йоза-дешар хууш вуй?
– Вац дера, йоза-дешар хаъхьара суна 1937-чу шарахь лерга тапча тоьхна хир яра, – аьлла вукхо.
* * *
Сесанахь цхьана суьдхочуьна машенахь авари а хилла, лерган тІоьхале яьккхина хиллера.
– Вон болх хили-кх хьуна, - шега цхьаммо аьлча, вукхо аьллера боху:
– Иза-м хІумма а дацара, Сесанахь цхьа лерг ца хилча а мегар ву суьдхо.
* * *
Цхьана дийнахь Хошкалде боьдучу новкъа вогІуш хилла цхьа хошкалдахо, хелха а вуьйлуш. Цунна дуьхьал вогІучу юьртхочо хаьттина:
– Хьо хелха вуьйлуш ма вогІу, хьан стенах самукъа даьлла?
– Дера хезна суна Мескер-Эвлара юьртда балхара вохина бохуш.
– Ткъа хьуна вевзаш вара и? – хаьттира боху юьртхочо.
– Дера вацара. Делахь а, милла цхьа хьаькам балхара вохинаа аьлла хезча, ч1ог1а хаза хета суна, – аьлла вукхо.
* * *
Учкорганерчу районохь бухгалтер болх беш вара Іисин-юьртара Вашаев Узумхьаьжа.
Цуьнан да хилла меттахь чІогІа цомгуш. Иза иштта цомгуш воллушехь, Узумхьаьжа, ваханза а ца ваьлла, Оше облонон совещане вахана хилла.
ХІара цигахь кхаа дийне а ваьлла, хьевелла. ТІаккха, цІавеача, шен да дІаваьллачу кхаьчна. Узумхьаьжас хаьттина шен гергарчу стаге, Джамуев Дауде:
– Сан дас ша дІакхалхале хІун элира? – аьлла.
Дауда аьлла:
– Кхин башха хІумма а ца элира цо-м. Оцу кошачуьра машин1 пезаг тІехь долуш болу ког хьала а бахийтина, ша иштта дІа ваханийла хаийталахь сан кІанте, – элира цо.

Комментарии