59-гIа хаттар: Шай цIерш вайна йицин долчу 8 Малайкан АллахIа тIе бехкина болу белхаш хIун белхаш бу?

Жоп:
1- Жабра́и́л Малайк - АллахIа ше Элчанаш тIе хаам эцна дохуьтуш дерг ду.
2- Ми́ка́и́л Малайк - АллахIа стиглар мархашни, догI даитарни тIе хIоттина ду.
3- Исра́фи́л Малайк - АллахIа маI чу хIуп алит тIе хIоттина ду.
4-5- ХIа́ру́т - Ма́ру́т ши Малайк - АллахIа нах зуьш латта тIе доссина хилла ду.
6- Ма́лик Малайк - АллахIа жоьжахатина тIе хIоттина ду.
7-8- Мункар - Наки́р ши Малайк - АллахIа кашчохь велчуьнга барт хатта тIе хIоттина ду.
60-гIа хаттар: И Малайкаш доцурш кхи дуй АллахIа цхьани белхашна тIе хIиттина Малайкаш?
Жоп: Ду.
61-гIа хаттар: Кхи хIун белхаш ду Малайкаш тIе хIиттина?
Жоп: Дукхха ду Малайкаш тIе хIиттина белхаш, царех ду:
- Рузбан динахь, рузбан бохуш болу нах дIаязош тIе хIиттина Малайкаш ду, Имам хьехам бан дIа вола валлалц маьждиг чу мел вохуш верг дIаязош Iа уьш маьждиг наьIаршкахь, кху дуьнен тIера моссо маьждиг наьIарн хьалха лаьтташ хуьлу, амма Имам хьехам бан дIа вола велча шай тептарш дIа къовлий маьждиг чу доьлху хьехаме ладогIа, цуьл тIаьхь веънарг дIа ца ваз во.
- Кху дуьнен тIехь муьлхха меттехь вай Пайхамарна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) бусалб стаг салават дилча, и салават вай Пайхамаре (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) дIа кхачош тIе хIиттина Малайкаш ду.
- Бусалб нах тIом бечу хена царна гIо деш, церца керист нахан дуьхьал тIом беш тIе хIиттина Малайкаш ду.
- Дажжалах Макка а Мадинат а ларош тIе хIиттина Малайкаш ду.
- Iи́са́ Пайхамар вуссачу хена, цуьнца хир долуш ши Малайк ду, иза стиглар чу вуссуш.
- Мехашна тIе хIиттина Малайкаш ду.
- Бер шен нена кирахь долчу хена, и ларош тIе хIиттина Малайкаш ду.
- Лемнашна тIе хIиттина Малайкаш ду.
- Синош оьцуш тIе хIиттина Малайкш ду, иштта кхин а дукхха а белхашна тIе хIиттина ду, церан дагар далар АллахIан бен хуур доцуш.
62-гIа хаттар: Жабра́и́л Малайк доцург дохуьтуш хилли АллахIа шен Элчанаш тIе хаам эцна?
Жоп: Хилла, далахь а чIогIа къеззиг хилла Жабра́и́л Малайк доцург хаам эцна дахар. https://vk.com/yalsaman

Комментарии