Шайх Сулайма́н ал-Iулва́на (АллахI Iалашвойла иза) боху:

Амма бозбуунчарла лелош болчарна а, хин дерг хаьа шена бохучарна а, седа жайне хьовсуш болчарна а, пал тосуш болчарна а тIе вахан церга хIума хаттара-м доккха къа а, доккха гIалат а ду, шовзткъа (40) дийнахь цо дина ламаз къобал а дийра доцуш…Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: “Пал тосуш волчунна тIе вахана, цунга цхьа хIума хаьттинчунна шовзткъа (40) дийнахь ламаз къобал дийра дац”. [Муслим: 2230]
Амма церга хаттар дина, цара дуьйцучух тешна волчо-м вайн Пайхамар волчу Мухьаммадан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) тIе доссинчунца керстаналла дина…АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: “Пал тосуш волчунна, я шена хин дерг хаьа бохуш волчунна тIе вахна, цо дуьйцучух тешначо керстаналла дина Мухьаммадан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) тIе доссиначунца”. [Хьа́ким, агIо:1/8]
…(Кхин аьлла Пайхамар) “Шена хин дерг хаьа бохуш волчунна, я бозбуунчарла лелош волчунна тIе вахна, цо дуьйцучух тешначо керстаналла дина Мухьаммадан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) тIе доссиначунца”. [Базза́р, агIо: 2/443]
[Ат-Тибян шархь Нава́къидил-Исла́м, агIо: 48] https://vk.com/yalsaman

Комментарии

Комментариев нет.