Ассаламу lалайкум. Йоккха маж лелош хилча, дас-нанас, де вежарш дlа яккха бохуш хилча, балх тlехь дlа яккха бохуш хилча хlун дан деза? ерриге дlа яккха а ца боху цара, жим е боху?Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!-Маж лела яр важиб ду, маж дlа яшар, я маж ларгар хьарам ду, цунна далилаш шортта ду, церахь цхьаъ хьахор ду вай.lумар кlант (Аллахl реза хуьлда цушинна) дийцана Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) элира аьлла: ”Мушрик нахах къаьсташ хила, мекхаш дlадаха, мажош ях ялит”. [Бухари: 5892]Берриг lелам неха барт хилла ду маж дlаяшар хьарам хилар тlехь, Имам Ибн Хьазмо (Аллахl къинхетам бойла цунах) аьлла: (lелам неха) барт хилла ерриг маж дlаяшар мегар ца хилар тlехь. [Маратиб ал-Ижмаl, агlо: 252]Иштта диэ мазхlабехь барт хилла ду маж лела яр важиб хилар тlехь, маж дlаяшар хьарам хилар тlехь, Шайх lали Ибн Хьасан ар-Разихьис далина Имам Махьмуд ас-Субкийчунна дешнаш (Аллахl къинхетам бойла цунах) цо аьлла: Маж дlаяшар хьарам ду имамаш болу, мужтахlидаш болу Абу Хьанифатна, Маликна, Шафиlина, Ахьмадна гергахь. [Ал-Жамиl фи Ахькамил-лихьяхl]-Ткъа дена-нанна чlогlа муьтlахь хила везаш ву доьзалхо, цу шимма бохург деш хила везаш ву, цу шимма бохург деш цу шинна муьтlахь хилар важиб ду хlора лайна, Аллахl боху Къуръан чохь: "Хьан Дала кхел йина хьуна и воцчунна цхьанне а lибадат ма де аьлла, хьай дец-ненац дика а хила аьлла". [Сурат: ал-Исраъ, аят: 23]Аллахlа цу аятехь дец-нена дика хилар хоьттина ша воцчунна lибадат ма де бохучунца, цунах схьа эцна lелам наха боху: Аллахlац ширк дар, Аллахlац накъост лацар къа дlа даьлча уггар доккха къа дец-ненац во хилар ду!Тlаккха хета тарлокх цхьа волчунна и дец-ненац во хилар бохуш дерг и цу шиннах летар, я и шиъ ара даккхар, я и шиъ чеха дар, я цу шинна дуьхьал лер, я цу шимма бохург ца дар, я иштта и санна дерг бен цу юккъе ца доьда аьлла хета тарло, делахь а Къуръано вайна билгал дина цу шинца муха хила веза а, ахь хlун дича лоруш ву хьо цу шинча во волчерах а, Аллахlа боху Къуръан чохь: "Нагахь цу шиннах цхьаъ, я и шиэ доккха хиллехь (далаз хьоьца диснехь) ахь цу шинга ма олийла оффай, я и шиъ чеха ма дойла ахь, мелхо ахь цу шинга олийла лераме (къеда) дош". [Сурат: ал-Исраъ, аят: 23]Оцу аято гойту вайна дас-нанас цхьаъ аьлча, я цхьаъ дан тlе диллича, я хьайна томехь доцарг цу шингар нис делча ахь деккъа "оффай" эликх, бусалб дино хьо хьай дец-ненац во верг лоруш ву, даккхичу къинох, мелхо а ширк дlа даьлча уггар доккха къа латийна лоруш а ву, Аллахlна а, цунан Элчанна а саллаллахlу lалайхlи ва саллам lеса хилларг лоруш ву, цу шинна хьокъехь хьоьгар оццул къеззиг долу хlума далахь а, оццула доккха ду де-нена долу хьакъ, цунах дерг дийца вола велча дийцина ца валлал.Делахь а юха Аллахlа а, цунан Элчано а саллаллахlу lалайхlи ва саллам вайна кху дуьнен чохь дlа муха лела деза дуьцуш массо агlор бакъонаш вахь ехкан вайна, дерриг билгал дина вайна, вай бала кхочуш, хьовса хьовсуш, схьа оьцуш лелош хилч хьана, оццула Дала тlе дилна вайна дени-нанни муьтlахь хилар, делахь цу юккъе бакъонш (правилш) ехкан вайна, цу шинна оццал муьтlахь хила дезча, шортта хlума тlе lотта лур ма ду дахарехь, да-нана керист долуш меттик нис лур ма ю, тlаккха цу шимма ше доьзалхочунга дин lад дит олуш меттиг нис лур ма ю, иштта да нана бусалб долуш делахь динца гергарло генар долуш нис лур ма ду, тlаккха цу шимма и доьзалхо шена ма хетта ше дин лело ца вуьтуш меттиг нис лур ма ю, оцу дерригена а цхьа бакъонаш (правилш) ца хилчам кегарш ма хуьлу цунах, цун дела и дерриг хила хилле хир дуй хууш волчу Аллахlа иштта долчунна ше бакъонаш ехкан Цо аьлла Къуръан чох: "Нагахь санна цу шиммо къахьегахь‚ ахьа Соьца накъост лацарна тlехь хьуна шеца lилма доцучуьнца, тlаккха ахьа цу шингге ла ма догlалахь. Накъосталла де царна шиннена дуьненахь дикачу хlуманна тlехь". [Сурат: Лукъман, аят: 15]Оцу аятехь вайна билгал даьккхи Аллахlа нагахь дас-нанас Аллахlац ширк де бахахь, Аллахlац накъост лаца бахахь, я бусалб дин дита бахахь цу хlуман тlехь цу шинна муьтlахь хила везаш ца хилар а, тlаккха а цу шинца дика хила везаш хилар а. И дин дит, я ширк де бохуш долчу хlумангахь муьтlахь ца хуьлу хьо цу шинна, амма кхи долчу дуьнен хlуман тlехь юха цу шинга хьажар, цу шинца дик хилар, цу шинна муьтlахь хилар тlаьхь ду хьуна.Юха а кхи цхьа бакъо билгал йина вайн Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам цо аьлла: "Хьой кхоьллинчунна (Аллахlан) lеса хилар дац, Цо (Аллахlа) кхоьллинчунна муьтlахь хиларц". [Сахьихь ал-Жамиl: 7520]Цу хьадисах а билгал дели вайна Аллахlа кхоьллин долчу цхьана хlумна муьтlахь хир вац, нагахь хьо цунна муьтlахь хуьлуш Аллахlан lеса хила дезар делахь, ткъа да-нана а цу Аллахlа кхоьллинчу хlумнах ма дай, цун дела оцу дас-нанас бохург муьлхха хlума до ахь, амма цара Дали Пайхамари саллаллахlу lалайхlи ва саллам де аьлларг ма де бахахь, я ма де аьлларг де бахахь оцу меттехь цу шинна муьтlахь ца хуьлу хьо, кхи дерг дерриге до ахь цу шиммо бохург, мелхо а и Дали Пайхамари саллаллахlу lалайхlи ва саллам де аьлларг цу шимма ма де бохуш делахь тlаккха а цу шинга во виста ца хуьлу хьо, я чеха ца до ахь и шиъ, мелхо и шиъ кхето хьожу хьо, хаз дуьцуш, мух дуьцуш, и шиъ кхетита бохуш Аллахlе деха доьху ахь, амма Далли Пайхамарни саллаллахlу lалайхlи ва саллам lеса ца хуьлу хьо дас-нанас бахар аьлла, я цу шимма сагат дор аьлла, я шиъ даьлхар аьлла, я шиъ холча хlиттар аьлла.Маж дlаяккха бахи дас-нанас, цу шинца собре хуьлуш, и шиъ хаз дуьцуш кхето хьожуш, хьай маж лела йо ахь, кхетахь дик ду, ца кхетахь Дала зуьш вукх хьо, и шиъ ду зуьш, собре хила веза, амма цхьана кепар бакъо яц дас-нанас бахар аьлла маж тlера цхьа чо хадо а, хьарам ду иза, иштта хьуна а хьарам ду и дlаяккха бохуш цу шиммо схьа лаьцна ятташ хьо вуьш велахь а цу шинна дуьхьал во дош аьлла а цу шинна цатам бар! мел хала делахь а собре хила веза, хало-м хир ю дер-кх, Аллахlан динах хьой таслуш велахь хьуна хаьа ма деза хьо кху динах таса валле хьайна массо кепар халонаш гур юй, уггар хьалха хьай чуьр дlа юла елла, вай Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам Дала хlаллак войла хьо аьлла уггар хьалха дуьхьал ваьлларг цунна чуьр де ваш ма ву, оцу цхьана масалха кхачам хила безаш ма бар вайна, цхьа а хало ца хуьлуш, ма хетта бусалб дин лелош мац хир ду те бохуш ойланаш яш верг, я иштта йолчу хене хьоьжуш верг иза ша шах lеха луш, ша ша lеха веш lаш ву, я иштта зама тlе еъча лелор ю ша маж, хечи ког бохург иза ша ша lеха веш lаш ву, иштта зама хир йолуш яц бусалб стаган дуьнен чохь, дуьне халони меттиг ю, Дала иштта кхоьллин ду хlара дуьне, ткъа Дала кхоьллинчун тlера иза вайга хийца лур дац, зерш даиман хила дезаш ду, дlа девр долуш дац уьш ялсаманичу ког баккхалц гур долуш ду, цун дела оцу ерриг халонна юккъе хула ялсамане кхача хьажа везаш ву, амма хало дlа яллалц бохуш дин ца лелош lан дагахь верг, тlаккха дин доцуш вуьсар ву, я хало хил хилларг lад дуьтуш дlа водахь а вуьсайр ву дин доцуш, цун дела хlоранна хаьа деза шена маж вахь хеца даг деъча, я хьижаб тlе йоха даг деъча шена халонаш хира юй уггар хьалха ше чуьра, суна хир яц, я суна ма хил хьара бохуш долчунна ойла ян а ца оьшу, ца хила йиш йоцу хума ду иза, делахь хlоранна ше шен кепар хуьлу и халонаш, хlоранни иманш бес-бесар долан дера.-Тlаккха иштта кху дуьнен чохь дехачу адманна болх бан меттиг еза, адам lа даха деза, дуьнен ризкъ лаха деза, и лаха Дала а вайна магина, делахь вай лакхахь ма аллара массо хlуман ше бакъонаш ехкан Аллахlа, уггар хьалха вайна хаьа деза ризкъа луш верг Аллахl вуй, и хиъна ца lаш цунах теша а деза вай, хlунда аьлча дуккха нахан моьтту шена ризкъа луш берг шен болх бу, хlинца иштта аьлчам цхьаммо бакъ дийр дац иза, массара эра ду ша теша, шена хаьа ризкъа луш верг Аллахl вуй аьлла, амма вай лелош долчуьнга хьежча вай харцлуьш дуй билгал долу вайна, нагахь вай тешаш делахь вайна ризкъа луш верг Аллахl хиларх вай тешаш делахь, Аллахlан lеса хуьлуш, хьарамчу новкъа ризкъа даккха хlунда гlерта вай!? Аллахl дlаяша хьарам йин йолу маж дlайошуш ризкъ лаха хlунда гlерта вай!? дер гlерта вай багахь хlу-у дийцахь а, вай дегнаш чохь сецнарг вайна ризкъ луш берг вайн болх бу бохуш дерг ду вай дегнаш чохь сецна, иза иштта схьа алар нийса даци хууш багахь схьам ца олу цхьаммо, амма хьоло гойтуш ду иза!Вайн хаьа деза, вайн довза деза, вай теша деза "ар-Раззакъ" цlе ерг Аллахl вуй, ризкъ луш верг ву иза, тlаккха ризкъ луш верг Аллахl хилча, болх ца беш веш чохь lийча кхачам бац вайна ала тарло цхьа волчо, бац дер, Аллахlа бахьнаш лела дар тlе дилна вайна, Аллахlа вайна дlа яз дина ду хlара дуьне стигал кхолли 50 эзар шо хьалха вай мел дуар долу ризкъ кху дуьнен чохь, ахь мел ризкъ дуар ду, ас мел дуар ду, вукхо мел дуар ду дерриг дlа яз дин вахь диллин ду, оцу яз динчулла сов ахьа, я аса цхьа буьртиг кхоллар бац, иза дlаяз дин вахь диллан ду, делахь а Аллахlа ша хlара дуьне кхуллуш кху дуьненна цхьа законаш хиттина, и законаш Аллахl хуьцуш дац, хино тlадош, цlаро вагош иштта кхи дlа законаш дехкан цо кху дуьнен чохь, цкъа а уьш хийца делла гур дац хьуна, иштта оцу законех ду адман ризкъа стиглар чу дужуш ца хилар, хьуна яз дина ду ахь дуар долу ризкъ, амма и ризкъа хьоьга дlа кхачийта ахь цхьа бахьан дан дезаш ду, ахь и бахьан дич хьана и хьуна яз дина ризкъа хьоьга дlа кхочаш ду цу тlехь шеко яц.Хьуна цкъа а ма мотлахь хьайна цхьа лахар болх нис белла хьайна къезга ризкъ кхочуш хилча, давис цхьа дик болх белар жим алсам кхочар даркх суна ризкъ али цкъа ма мотлахь, Дала яз дина хьуна баттахь цхьа 1000 сом делахь, хьо тахан паччахь хоьтчи а цулла сов хьуна валлахlи цхьа сом а кхочар ма дац хьоьга! Дала хьо оцу лахар балха кхачитар бахьна а ма ду ша хьуна яздин долу ризкъа схьа эццал бармехь болчу балха хьо кхачитин, цун кхачитин ма ву цо хьо оцу лахар балха а, нагахь тахан Дала хьо зуьш велахь, и ризкъа хьуна кхочуш болу болх хьоьгар дlа болуш бу ахь Дала хьарам дин йолу маж дlа ца якхча, я яц ца йича, я кхи хьарам дерг ца дича, я хьуна хьарам берг бен болх ца нис балитин, зуьш ма ву хьо Дала, ахь хlун до хьожуш! ахь ше дин хьалха докх, я болх хьалха боккху хьожуш ву Дела, экзамен ю хьуна хьалха йиллин! вай ахь ца бахар хиц хьайна ризкъ луш берг болх боци хаьа хьайна, хьайна ризкъ луш верг Аллахl ву, цунах тешаш ву ца бохар ахь!? нагахь хьой цунах тешаш велахь, хьайна ризкъ луш верг Аллахl ву ахь бахахь хьо хьанах кхоьруш ву!? цо хьайна яздина ризкъ схьа ца кхачаран кхоьруш ву хьо хьой цунна lеса хуьлуш айхьа болх ца бича!? Аллахlан lеса хуьлуш айхьа болх ца бича цо хьайна яздина ризкъа схьа кхочур дац бах ахь!? я хьайна ризкъ луш берг хьай болх бу бох ахь!? нагахь иза важа айхьа ца бахахь ахь ойла хlунда йо иштта меттиг хьайна хьалха нис елча болх lад бит без-те, я Далла lеса хила веза-те бохучунна!? хьуна ризкъ луш верг Аллахl велахь, хьо шена lеса ца хилар хьам ша хьарам динарг ца дар хьам ахь болх lад буьтуш шена гича цо хьайна кхиъ дикнаг болх нийс бийр буй ца хаьа хьуна!? Аллахl "ал-Карийм" вуй ца хаьа хьуна!? коьмарш верг вуй ца хаьа хьуна Аллахl!? ахь комаьрша хилла стаган цхьа дик де чохь миллион дик дийр долуш комаьрш вуй ца хаьа хьуна Аллахl!? хlар ма ю хlар lакъидат! вай цхьа болу вежаршан моьтту, массо меттехь lакъидат бохуш мохь беттеш, массо адман lакъидат нийса яц бохуш такфираш деш, тlаккха иштта меттиг тlе ма нис еллехь дукх сиха буху! хlар санна йолчу меттехь гуча йолуш ма ю и lакъидат! бакъ йолу lакъидат хlар ю! кхузахь оьшуш ю иза! бакъ йолу lакъидат йолуш, и евзуш волуш, цу тlехь волуш стаг цкъа а гур дац хьуна болх бахьнехь ше маж дlа йоккхуш, я кхерам аьлла маж дlа йоккхуш, я дерриг дуьне херцар долуш хилча а ше маж дlа йоккхуш гур вац хьуна бакъ йолу lакъидат тlехь верг цкъа а! и мажам декъ юхь тlе девла чоьш даци, и мажам бусалб стега байракх яй Шайх Абу Исхьакъа ма диццара! тlаккха ше байракх бусалб стага мух кхуссар ю оццула сих вахьа, нагахь цунна мах ша хууш хилча, шегахь lакъидат хилча!? кхосса йиш ма яц! тахан вайн гурам бу шортта оцу маж мах ца хууш, lакъидат евзин, цунах чам кхетна боцу нах цунна мах лахар хадош, и дlайошуш, я яц яш, лар луш ду шеш олуш, кхи дерг ца дало шега и хилча олуш иштта масне бахьнаш кар до, амма и лелош верг доьшуш стаг велахь, я дешна ву бохуш велахь вай бакъо яц цунна тlаьхь даза иштта долчунна тlехь, цо шена цхьана агlор лоьхуш бахьнаш уьш хиларха бусалб дино бакъо елла бахьнаш дац уьш дерриге! иштта атта вахь кхуссуш яц маж! мажи мах оццула лахар хилчам бусалб дино цунна шариlатехь и дlа якхча цунна дуьхьал стаг вийча санна мах бала безаш хоттор ма дацар! масала ахь цхьанна маж нуьцкъала дlа яккхахь, цунна кхи маж хьала ца ялахь, стаг вийча луш болу мах бала безаш ву хьо айхьа маж дlа яккханчунна! хlар ю хlар lакъидат! Шайх lусаймин (Аллахl къинхетам бойла цунах) рак кхетна цонгуш волуш Германе больнице виганчу хена, лазер ягор бен кхи дахума дац аьлча лоьраш, Шайхо хаьттан и ягича маж а вахь южар юй шен аьлла? лоьраш ю аьлла жоп делла, тlаккха Шайхо ца яг йойт ша, цlа вига ша, маж йоцуш Аллахlан дуьхьал кхета ца леъ шена аьлла ша цlа вала вайтин ше меттахь веллакх иза! хlар ю хlар lакъидат, багахь мохь беттар яц lакъидат!Амма вай цхьа болу вежарш лелош дерг, лаг къелар, бесниш тlера нис яш, цунах цхьа сиз дина лела яр, иза бидlат ду, иза маж сийсаз яр ду элир Шайх Хьусайн Яlкъуба, иштта лелочулла а дlаяшар воле ду элир.Амма кхи болу вежарш лелош дерг, шай дагахь суннат кхочуш деш ду шеш бохуш, маж дlа ца йошу шеш, жимма лоргуш лела йо шеш бохуш дерг, иштта и ларгар а, дlаяшар а цхьа терра ду боху Шайх Абу Ишьакъ Хьувайнис, ахь дlаяшча а, лергича а башхалла яц, суннат кхочуш дан гlерташ велахь цхьа а чо хада ца беш ша ма ярра вахь хеца езаш ю мел еха елахь а, барам мел бу аьлча, маж яхлуш вахь йоьдуш сецна чохь бу цунна барам, кхи маж хадош барам хуьлуш бан бац! буйнахь маж схьа лецча, оцу буйналла ара йолуш йоцу маж хадор хьарам хилар тlехь цхьана lелам стега, я цхьана мазхlабехь къовсам хилла бац иза хьарам хилар тlехь, иза мегаш ца хилар тlехь барт хилла лаьттан ду.https://vk.com/yalsaman ?w=wall-237763…
Посёлок Черноречье
:Мусаб ибн Умайр
#Хаттар: Фатва: 17
Ассаламу lалайкум. Йоккха маж лелош хилча, дас-нанас, де вежарш дlа яккха бохуш хилча, балх тlехь дlа яккха бохуш хилча хlун дан деза? ерриге дlа яккха а ца боху цара, жим е боху?
Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
-Маж лела яр важиб ду, маж дlа яшар, я маж ларгар хьарам ду, цунна далилаш шортта ду, церахь цхьаъ хьахор ду вай.
lумар кlант (Аллахl реза хуьлда цушинна) дийцана Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) элира аьлла: ”Мушрик нахах къаьсташ хила, мекхаш дlадаха, мажош ях ялит”. [Бухари: 5892]
Берриг lелам неха барт хилла ду маж дlаяшар хьарам хилар тlехь, Имам Ибн Хьазмо (Аллахl къинхетам бойла цунах) аьлла: (lелам неха) барт хилла ерриг маж дlаяшар мегар ца хилар тlехь. [Маратиб ал-Ижмаl, агlо: 252]
Иштта диэ мазхlабехь барт хилла ду маж лела яр важиб хилар тlехь, маж дlаяшар хьарам хилар тlехь, Шайх lали Ибн Хьасан ар-Разихьис далина Имам Махьмуд ас-Субкийчунна дешнаш (Аллахl къинхетам бойла цунах) цо аьлла: Маж дlаяшар хьарам ду имамаш болу, мужтахlидаш болу Абу Хьанифатна, Маликна, Шафиlина, Ахьмадна гергахь. [Ал-Жамиl фи Ахькамил-лихьяхl]
-Ткъа дена-нанна чlогlа муьтlахь хила везаш ву доьзалхо, цу шимма бохург деш хила везаш ву, цу шимма бохург деш цу шинна муьтlахь хилар важиб ду хlора лайна, Аллахl боху Къуръан чохь: "Хьан Дала кхел йина хьуна и воцчунна цхьанне а lибадат ма де аьлла, хьай дец-ненац дика а хила аьлла". [Сурат: ал-Исраъ, аят: 23]
Аллахlа цу аятехь дец-нена дика хилар хоьттина ша воцчунна lибадат ма де бохучунца, цунах схьа эцна lелам наха боху: Аллахlац ширк дар, Аллахlац накъост лацар къа дlа даьлча уггар доккха къа дец-ненац во хилар ду!
Тlаккха хета тарлокх цхьа волчунна и дец-ненац во хилар бохуш дерг и цу шиннах летар, я и шиъ ара даккхар, я и шиъ чеха дар, я цу шинна дуьхьал лер, я цу шимма бохург ца дар, я иштта и санна дерг бен цу юккъе ца доьда аьлла хета тарло, делахь а Къуръано вайна билгал дина цу шинца муха хила веза а, ахь хlун дича лоруш ву хьо цу шинча во волчерах а, Аллахlа боху Къуръан чохь: "Нагахь цу шиннах цхьаъ, я и шиэ доккха хиллехь (далаз хьоьца диснехь) ахь цу шинга ма олийла оффай, я и шиъ чеха ма дойла ахь, мелхо ахь цу шинга олийла лераме (къеда) дош". [Сурат: ал-Исраъ, аят: 23]
Оцу аято гойту вайна дас-нанас цхьаъ аьлча, я цхьаъ дан тlе диллича, я хьайна томехь доцарг цу шингар нис делча ахь деккъа "оффай" эликх, бусалб дино хьо хьай дец-ненац во верг лоруш ву, даккхичу къинох, мелхо а ширк дlа даьлча уггар доккха къа латийна лоруш а ву, Аллахlна а, цунан Элчанна а саллаллахlу lалайхlи ва саллам lеса хилларг лоруш ву, цу шинна хьокъехь хьоьгар оццул къеззиг долу хlума далахь а, оццула доккха ду де-нена долу хьакъ, цунах дерг дийца вола велча дийцина ца валлал.
Делахь а юха Аллахlа а, цунан Элчано а саллаллахlу lалайхlи ва саллам вайна кху дуьнен чохь дlа муха лела деза дуьцуш массо агlор бакъонаш вахь ехкан вайна, дерриг билгал дина вайна, вай бала кхочуш, хьовса хьовсуш, схьа оьцуш лелош хилч хьана, оццула Дала тlе дилна вайна дени-нанни муьтlахь хилар, делахь цу юккъе бакъонш (правилш) ехкан вайна, цу шинна оццал муьтlахь хила дезча, шортта хlума тlе lотта лур ма ду дахарехь, да-нана керист долуш меттик нис лур ма ю, тlаккха цу шимма ше доьзалхочунга дин lад дит олуш меттиг нис лур ма ю, иштта да нана бусалб долуш делахь динца гергарло генар долуш нис лур ма ду, тlаккха цу шимма и доьзалхо шена ма хетта ше дин лело ца вуьтуш меттиг нис лур ма ю, оцу дерригена а цхьа бакъонаш (правилш) ца хилчам кегарш ма хуьлу цунах, цун дела и дерриг хила хилле хир дуй хууш волчу Аллахlа иштта долчунна ше бакъонаш ехкан Цо аьлла Къуръан чох: "Нагахь санна цу шиммо къахьегахь‚ ахьа Соьца накъост лацарна тlехь хьуна шеца lилма доцучуьнца, тlаккха ахьа цу шингге ла ма догlалахь. Накъосталла де царна шиннена дуьненахь дикачу хlуманна тlехь". [Сурат: Лукъман, аят: 15]
Оцу аятехь вайна билгал даьккхи Аллахlа нагахь дас-нанас Аллахlац ширк де бахахь, Аллахlац накъост лаца бахахь, я бусалб дин дита бахахь цу хlуман тlехь цу шинна муьтlахь хила везаш ца хилар а, тlаккха а цу шинца дика хила везаш хилар а. И дин дит, я ширк де бохуш долчу хlумангахь муьтlахь ца хуьлу хьо цу шинна, амма кхи долчу дуьнен хlуман тlехь юха цу шинга хьажар, цу шинца дик хилар, цу шинна муьтlахь хилар тlаьхь ду хьуна.
Юха а кхи цхьа бакъо билгал йина вайн Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам цо аьлла: "Хьой кхоьллинчунна (Аллахlан) lеса хилар дац, Цо (Аллахlа) кхоьллинчунна муьтlахь хиларц". [Сахьихь ал-Жамиl: 7520]
Цу хьадисах а билгал дели вайна Аллахlа кхоьллин долчу цхьана хlумна муьтlахь хир вац, нагахь хьо цунна муьтlахь хуьлуш Аллахlан lеса хила дезар делахь, ткъа да-нана а цу Аллахlа кхоьллинчу хlумнах ма дай, цун дела оцу дас-нанас бохург муьлхха хlума до ахь, амма цара Дали Пайхамари саллаллахlу lалайхlи ва саллам де аьлларг ма де бахахь, я ма де аьлларг де бахахь оцу меттехь цу шинна муьтlахь ца хуьлу хьо, кхи дерг дерриге до ахь цу шиммо бохург, мелхо а и Дали Пайхамари саллаллахlу lалайхlи ва саллам де аьлларг цу шимма ма де бохуш делахь тlаккха а цу шинга во виста ца хуьлу хьо, я чеха ца до ахь и шиъ, мелхо и шиъ кхето хьожу хьо, хаз дуьцуш, мух дуьцуш, и шиъ кхетита бохуш Аллахlе деха доьху ахь, амма Далли Пайхамарни саллаллахlу lалайхlи ва саллам lеса ца хуьлу хьо дас-нанас бахар аьлла, я цу шимма сагат дор аьлла, я шиъ даьлхар аьлла, я шиъ холча хlиттар аьлла.
Маж дlаяккха бахи дас-нанас, цу шинца собре хуьлуш, и шиъ хаз дуьцуш кхето хьожуш, хьай маж лела йо ахь, кхетахь дик ду, ца кхетахь Дала зуьш вукх хьо, и шиъ ду зуьш, собре хила веза, амма цхьана кепар бакъо яц дас-нанас бахар аьлла маж тlера цхьа чо хадо а, хьарам ду иза, иштта хьуна а хьарам ду и дlаяккха бохуш цу шиммо схьа лаьцна ятташ хьо вуьш велахь а цу шинна дуьхьал во дош аьлла а цу шинна цатам бар! мел хала делахь а собре хила веза, хало-м хир ю дер-кх, Аллахlан динах хьой таслуш велахь хьуна хаьа ма деза хьо кху динах таса валле хьайна массо кепар халонаш гур юй, уггар хьалха хьай чуьр дlа юла елла, вай Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам Дала хlаллак войла хьо аьлла уггар хьалха дуьхьал ваьлларг цунна чуьр де ваш ма ву, оцу цхьана масалха кхачам хила безаш ма бар вайна, цхьа а хало ца хуьлуш, ма хетта бусалб дин лелош мац хир ду те бохуш ойланаш яш верг, я иштта йолчу хене хьоьжуш верг иза ша шах lеха луш, ша ша lеха веш lаш ву, я иштта зама тlе еъча лелор ю ша маж, хечи ког бохург иза ша ша lеха веш lаш ву, иштта зама хир йолуш яц бусалб стаган дуьнен чохь, дуьне халони меттиг ю, Дала иштта кхоьллин ду хlара дуьне, ткъа Дала кхоьллинчун тlера иза вайга хийца лур дац, зерш даиман хила дезаш ду, дlа девр долуш дац уьш ялсаманичу ког баккхалц гур долуш ду, цун дела оцу ерриг халонна юккъе хула ялсамане кхача хьажа везаш ву, амма хало дlа яллалц бохуш дин ца лелош lан дагахь верг, тlаккха дин доцуш вуьсар ву, я хало хил хилларг lад дуьтуш дlа водахь а вуьсайр ву дин доцуш, цун дела хlоранна хаьа деза шена маж вахь хеца даг деъча, я хьижаб тlе йоха даг деъча шена халонаш хира юй уггар хьалха ше чуьра, суна хир яц, я суна ма хил хьара бохуш долчунна ойла ян а ца оьшу, ца хила йиш йоцу хума ду иза, делахь хlоранна ше шен кепар хуьлу и халонаш, хlоранни иманш бес-бесар долан дера.
-Тlаккха иштта кху дуьнен чохь дехачу адманна болх бан меттиг еза, адам lа даха деза, дуьнен ризкъ лаха деза, и лаха Дала а вайна магина, делахь вай лакхахь ма аллара массо хlуман ше бакъонаш ехкан Аллахlа, уггар хьалха вайна хаьа деза ризкъа луш верг Аллахl вуй, и хиъна ца lаш цунах теша а деза вай, хlунда аьлча дуккха нахан моьтту шена ризкъа луш берг шен болх бу, хlинца иштта аьлчам цхьаммо бакъ дийр дац иза, массара эра ду ша теша, шена хаьа ризкъа луш верг Аллахl вуй аьлла, амма вай лелош долчуьнга хьежча вай харцлуьш дуй билгал долу вайна, нагахь вай тешаш делахь вайна ризкъа луш верг Аллахl хиларх вай тешаш делахь, Аллахlан lеса хуьлуш, хьарамчу новкъа ризкъа даккха хlунда гlерта вай!? Аллахl дlаяша хьарам йин йолу маж дlайошуш ризкъ лаха хlунда гlерта вай!? дер гlерта вай багахь хlу-у дийцахь а, вай дегнаш чохь сецнарг вайна ризкъ луш берг вайн болх бу бохуш дерг ду вай дегнаш чохь сецна, иза иштта схьа алар нийса даци хууш багахь схьам ца олу цхьаммо, амма хьоло гойтуш ду иза!
Вайн хаьа деза, вайн довза деза, вай теша деза "ар-Раззакъ" цlе ерг Аллахl вуй, ризкъ луш верг ву иза, тlаккха ризкъ луш верг Аллахl хилча, болх ца беш веш чохь lийча кхачам бац вайна ала тарло цхьа волчо, бац дер, Аллахlа бахьнаш лела дар тlе дилна вайна, Аллахlа вайна дlа яз дина ду хlара дуьне стигал кхолли 50 эзар шо хьалха вай мел дуар долу ризкъ кху дуьнен чохь, ахь мел ризкъ дуар ду, ас мел дуар ду, вукхо мел дуар ду дерриг дlа яз дин вахь диллин ду, оцу яз динчулла сов ахьа, я аса цхьа буьртиг кхоллар бац, иза дlаяз дин вахь диллан ду, делахь а Аллахlа ша хlара дуьне кхуллуш кху дуьненна цхьа законаш хиттина, и законаш Аллахl хуьцуш дац, хино тlадош, цlаро вагош иштта кхи дlа законаш дехкан цо кху дуьнен чохь, цкъа а уьш хийца делла гур дац хьуна, иштта оцу законех ду адман ризкъа стиглар чу дужуш ца хилар, хьуна яз дина ду ахь дуар долу ризкъ, амма и ризкъа хьоьга дlа кхачийта ахь цхьа бахьан дан дезаш ду, ахь и бахьан дич хьана и хьуна яз дина ризкъа хьоьга дlа кхочаш ду цу тlехь шеко яц.
Хьуна цкъа а ма мотлахь хьайна цхьа лахар болх нис белла хьайна къезга ризкъ кхочуш хилча, давис цхьа дик болх белар жим алсам кхочар даркх суна ризкъ али цкъа ма мотлахь, Дала яз дина хьуна баттахь цхьа 1000 сом делахь, хьо тахан паччахь хоьтчи а цулла сов хьуна валлахlи цхьа сом а кхочар ма дац хьоьга! Дала хьо оцу лахар балха кхачитар бахьна а ма ду ша хьуна яздин долу ризкъа схьа эццал бармехь болчу балха хьо кхачитин, цун кхачитин ма ву цо хьо оцу лахар балха а, нагахь тахан Дала хьо зуьш велахь, и ризкъа хьуна кхочуш болу болх хьоьгар дlа болуш бу ахь Дала хьарам дин йолу маж дlа ца якхча, я яц ца йича, я кхи хьарам дерг ца дича, я хьуна хьарам берг бен болх ца нис балитин, зуьш ма ву хьо Дала, ахь хlун до хьожуш! ахь ше дин хьалха докх, я болх хьалха боккху хьожуш ву Дела, экзамен ю хьуна хьалха йиллин! вай ахь ца бахар хиц хьайна ризкъ луш берг болх боци хаьа хьайна, хьайна ризкъ луш верг Аллахl ву, цунах тешаш ву ца бохар ахь!? нагахь хьой цунах тешаш велахь, хьайна ризкъ луш верг Аллахl ву ахь бахахь хьо хьанах кхоьруш ву!? цо хьайна яздина ризкъ схьа ца кхачаран кхоьруш ву хьо хьой цунна lеса хуьлуш айхьа болх ца бича!? Аллахlан lеса хуьлуш айхьа болх ца бича цо хьайна яздина ризкъа схьа кхочур дац бах ахь!? я хьайна ризкъ луш берг хьай болх бу бох ахь!? нагахь иза важа айхьа ца бахахь ахь ойла хlунда йо иштта меттиг хьайна хьалха нис елча болх lад бит без-те, я Далла lеса хила веза-те бохучунна!? хьуна ризкъ луш верг Аллахl велахь, хьо шена lеса ца хилар хьам ша хьарам динарг ца дар хьам ахь болх lад буьтуш шена гича цо хьайна кхиъ дикнаг болх нийс бийр буй ца хаьа хьуна!? Аллахl "ал-Карийм" вуй ца хаьа хьуна!? коьмарш верг вуй ца хаьа хьуна Аллахl!? ахь комаьрша хилла стаган цхьа дик де чохь миллион дик дийр долуш комаьрш вуй ца хаьа хьуна Аллахl!? хlар ма ю хlар lакъидат! вай цхьа болу вежаршан моьтту, массо меттехь lакъидат бохуш мохь беттеш, массо адман lакъидат нийса яц бохуш такфираш деш, тlаккха иштта меттиг тlе ма нис еллехь дукх сиха буху! хlар санна йолчу меттехь гуча йолуш ма ю и lакъидат! бакъ йолу lакъидат хlар ю! кхузахь оьшуш ю иза! бакъ йолу lакъидат йолуш, и евзуш волуш, цу тlехь волуш стаг цкъа а гур дац хьуна болх бахьнехь ше маж дlа йоккхуш, я кхерам аьлла маж дlа йоккхуш, я дерриг дуьне херцар долуш хилча а ше маж дlа йоккхуш гур вац хьуна бакъ йолу lакъидат тlехь верг цкъа а! и мажам декъ юхь тlе девла чоьш даци, и мажам бусалб стега байракх яй Шайх Абу Исхьакъа ма диццара! тlаккха ше байракх бусалб стага мух кхуссар ю оццула сих вахьа, нагахь цунна мах ша хууш хилча, шегахь lакъидат хилча!? кхосса йиш ма яц! тахан вайн гурам бу шортта оцу маж мах ца хууш, lакъидат евзин, цунах чам кхетна боцу нах цунна мах лахар хадош, и дlайошуш, я яц яш, лар луш ду шеш олуш, кхи дерг ца дало шега и хилча олуш иштта масне бахьнаш кар до, амма и лелош верг доьшуш стаг велахь, я дешна ву бохуш велахь вай бакъо яц цунна тlаьхь даза иштта долчунна тlехь, цо шена цхьана агlор лоьхуш бахьнаш уьш хиларха бусалб дино бакъо елла бахьнаш дац уьш дерриге! иштта атта вахь кхуссуш яц маж! мажи мах оццула лахар хилчам бусалб дино цунна шариlатехь и дlа якхча цунна дуьхьал стаг вийча санна мах бала безаш хоттор ма дацар! масала ахь цхьанна маж нуьцкъала дlа яккхахь, цунна кхи маж хьала ца ялахь, стаг вийча луш болу мах бала безаш ву хьо айхьа маж дlа яккханчунна! хlар ю хlар lакъидат! Шайх lусаймин (Аллахl къинхетам бойла цунах) рак кхетна цонгуш волуш Германе больнице виганчу хена, лазер ягор бен кхи дахума дац аьлча лоьраш, Шайхо хаьттан и ягича маж а вахь южар юй шен аьлла? лоьраш ю аьлла жоп делла, тlаккха Шайхо ца яг йойт ша, цlа вига ша, маж йоцуш Аллахlан дуьхьал кхета ца леъ шена аьлла ша цlа вала вайтин ше меттахь веллакх иза! хlар ю хlар lакъидат, багахь мохь беттар яц lакъидат!
Амма вай цхьа болу вежарш лелош дерг, лаг къелар, бесниш тlера нис яш, цунах цхьа сиз дина лела яр, иза бидlат ду, иза маж сийсаз яр ду элир Шайх Хьусайн Яlкъуба, иштта лелочулла а дlаяшар воле ду элир.
Амма кхи болу вежарш лелош дерг, шай дагахь суннат кхочуш деш ду шеш бохуш, маж дlа ца йошу шеш, жимма лоргуш лела йо шеш бохуш дерг, иштта и ларгар а, дlаяшар а цхьа терра ду боху Шайх Абу Ишьакъ Хьувайнис, ахь дlаяшча а, лергича а башхалла яц, суннат кхочуш дан гlерташ велахь цхьа а чо хада ца беш ша ма ярра вахь хеца езаш ю мел еха елахь а, барам мел бу аьлча, маж яхлуш вахь йоьдуш сецна чохь бу цунна барам, кхи маж хадош барам хуьлуш бан бац! буйнахь маж схьа лецча, оцу буйналла ара йолуш йоцу маж хадор хьарам хилар тlехь цхьана lелам стега, я цхьана мазхlабехь къовсам хилла бац иза хьарам хилар тlехь, иза мегаш ца хилар тlехь барт хилла лаьттан ду.
https://vk.com/yalsaman ?w=wall-237763…