22 дек 2021

"Иноагенташ" леринчу зорбан гIирсашкахьа пикет дIаяьхьна Махачкалахь

Оьрсийчоьнан Iедалхоша "арахьара агенташ" леринчу зорбан гIирсашкахьа а, бух боцуш лецначу журналисташкахьа а цхьааллин пикет дIаяьхьна Махачкалахь. "Маршо ло журналистикана" аьлла, карахь плакат а долуш лаьттара пикетан декъашхо волу дагестанхойн журналист Мурадов Мурад.
"ГIуран-беттан 23-чохь кхайкхийна Путин Владимиран пресс-конференци хилале хьалха пикете ваьллера со, йозуш йоцчу журналистикана тIаьхьабовларна а, цхьаболу хаамийн гIирсаш "арахьара агенташ" ларарна а цуьнан терго тIеозорхьама", - дийцина журналисто.
Мурадовс бахарехь, полисхо тIевеанера цунна, цуьнан цIе а, фамили а дIаязйина, "хIун ю оцу журналистан цIе?" хаьттинера.
"Ас боху цуьнга, йоллу журналистикехьа лаьтташ ву со. Телефонехула цхьаьнга дIадийцира цо, юьйцург йоллу журналистика ю аьлла", - бохура Мурадовс.
Кхечу акцин декъашхоша кхайкхамбира, дагестанхойн "Черновик" газетан лаьцна журналист Гаджиев Iабдулмумин маьршаваккха аьлла.
Оьрсийчуьрчу бозуш боцчу 20 зорбан гIирсо а, коьрта редакторша а тIедожийра, зорбан гIирсийн "иноагенташ" тептар дIадаккха аьлла а, иштта, "арахьарчу агентех" лаьттачу низамехь 12 хийцам бар а.
Дечкен-беттан 21-чохь дуьйна хатта долийна Гаджиев Iабдулмуминан дов Ростов гIаларчу тIеман кхелехь. Цуьнца цхьана луьстуш ду, терроризмна ахчанаш латтийна аьлла, бехкевинчу Тамбиев Кемалан а, Ризванов Абубакаран а дов. Бакъоларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакх лору Гаджиев. 2019-чу шеран аьхка лецира Гаджиев цо терроризманна ахча латтийна аьлла.
▪️ https://www.radiomarsho.com/a/inoagentash-lerinchu-zorban-giirsashkahja-piket-diayajhjna-mahachkalahj/31617631.html #иноагент #журналисты #дагестан #свобода #махачкала #гаджиев #тамбиевкемал #ризвановабубакар #терроризм https://www.radiomarsho.com/a/inoagentash-lerinchu-zorban-giirsashkahja-piket-diayajhjna-mahachkalahj/31617631.html

Комментарии

Комментариев нет.