Вайн Шайх а, Имам а волу Iабдул-Iази́з ибн IабдуллахI ибн Ба́за (АллахӀа къинхетам бойла цунах) олуш хезира суна: «АллахIан шарIаца доцуш, кхечуьнца хьукма динарг хIокху деаннах цхьана декъана юкъавахана:

1- «Ас хьукма кхуьнца до, хIунда аьлча бусалба динан шарIал а хIара гIоли долун дела», - цо бахахь, динчуьра аравоккхуш долу доккха керстаналла ду цо динарг.
2- «Ас хьукма кхуьнца до, хӀунда аьлча бусалба динан шарI санна ду хIара а, кхуьнца а мегаш ду хьукма дан, шарIаца а мегаш ду», - цо бахахь, цо динарг динчуьра аравоккхуш долу доккха керстаналла ду.
3- «Ас хьукма кхуьнца до, амма бусалба динан шарIаца дар гIоли-м ду, делахь а, АллахIа доссийна доцчуьнца а мегаш ду хьукма дан», - цо бахахь, цо динарг динчуьра аравоккхуш долу доккха керстаналла ду.
4- «Ас хьукма кхуьнца до, АллахIа доссийначуьнца бен хьукма дан мегаш доций сайна хуушехь». «Бусалба динан шарIаца хьукма дар гIоли ду, и доцчуьнца хьукма дан мегаш а дац», - ша боххушехь могуьйту цо я шен лакхарачеран омра кхочушдархьама леладо цо иза, ткъа ишттачо динарг динчуьра ара ца воккхуш долу жима керстаналла ду, уггар даккхийчу къиношха лоруш а ду».
[Бара́хӀи́нул-жалиййахӀ, агӀо: 49-50]
✈️ https://t.me/adlan_haracho

Комментарии

Комментариев нет.