✔Жоп: Мархийн баттахь лайлатул-къадр буьйса ларъе Iибадат дарца, цу буса Iибадат дар нислахь, 83 шарахь 4 баттахь Iибадат динчул сов ял хир ю хьуна, цуьнан тоьшалла:АллахIа боху Шен сийлахьчу Къуръанчохь: «Баккъал а, Оха Къуръан доссийна лайлатул-къадр буса. Ткъа «лайлатул-къадр буьйса» бохург хIун ду хаьий хьуна? Лайлатул-къадр буьйса гIоли ма ю эзар баттал а. Оцу буса, шайн Делан пурбанца, охьадуьссу маликаш а, Жабра́и́ л а, Цуьнан омранаш а дохьуш. Маршо ю-кх иза сатассалц».(11)-Эзар баттал гIоли ю цхьа лайлатул-къадр буьйса боху АллахIа, ткъа эзар бутт шерашца лаьрча 83 шо 4 бутт нисло, Шайх Абу-Бакр Жаза́ирис а (АллахIа къинхетам бойла цунах) цунах дерг иштта билгал ма-дарра.(12) Оццул еза буьйса шена чохь ярца АллахIа базбина и мархийн бутт.-Лайлатул-къадр буьйсанна ахь дина ламаз 83 шарахь 4 баттахь динчу ламазел деза лоруш ду!Лайлатул-къадр буьйсанна ахь дешна Къуръан 83 шарахь 4 баттахь ахь Къуръан дешарал деза лоруш ду!Лайлатул-къадр буьйсанна ахь муьлхха кепара Дела хьехор 83 шарахь 4 баттахь ахь Дела хьехорал деза лоруш ду!Лайлатул-къадр буьйсанна ахь сагIина елла хIума 83 шарахь 4 баттахь ахь сагIанаш дахарал деза лоруш ду!Лайлатул-къадр буьйсанна ахь хьайн дений-нанний дина хазахетар 83 шарахь 4 баттахь цушинна ахь динчу хазахетарел деза лоруш ду!Лайлатул-къадр буьйсанна хьайн дений-нанний хьо муьтIахь хилар 83 шарахь 4 баттахь хьо цушинна муьтIахь хиларал деза лоруш ду!Цундела жим-жимма бен ца дахь а, шен ницкъ мел кхочу массо кепара Iибадат дан хьажа веза мархийн баттахь хIора буьйсанна, Имам Абу Хьани́ фата (АллахIа къинхетам бойла цунах),(13) иштта кхиболчу Iеламнаха а(14) дийцина хиларна лайлатул-къадр буьйса мархийн баттахь муьлхха буьйса хила тарлуш ю аьлла.Лайлатул-къадр буьйса мархийн баттахь муьлхха буьйса хила йиш хилар, цахилар, я цу хьокъехь нийсох дерг муьлхург ду билгалдар яц вайн кхузахь йолу Iалашо, делахь а, вайна коьрта дерг цу буьйсанан дозалле хьаьжча, цу буса дина Iибадат 83 шарахь 4 баттахь динчу Iибадатал деза хиларе хьаьжча, шарчохь цкъа бен богIуш а боцу мархийн беттан буьйсанаш денъян, ерриге буьйса ца денъяхь а, буьйсанан цхьа дакъа мукъна Iибадатна дIалуш мархийн бутт баккха хIун хала ду бохучу хаттарна жоп ду-кх вайна коьрта дерг. Даггара цу лайлатул-къадр буьйсане кхача лууш волчунна цхьа а хала хIума дац-кх иза, цхьа чIогIа хьайна дезаш, чIогIа оьшуш долу дуьненан хIума дукха лерина лар ма дой ахь, цунах хьуо валарна кхоьруш, хьалххе дуьйна цунна кечам а беш, цунах хьуо валарна сагатдеш, иштта доггаха лелаш волчунна цхьа а хала хIума дац шарчохь богIуш болу цхьа мархийн бутт буьйсанаш денъеш баккха! КIезиг хIума ма дац, цхьана буьйсанна дина Iибадат 83 шарахь 4 баттахь динчу Iибадатал деза лору бохург. 83 шарахь кху дуьненчохь вехаш верг цхьа кIеззиг бен ма ца хуьлу кху заманахь, оццул ваьхча а хьайн дахарехь мел дина долу Iибадат вовшахтоьхча мел хан нислур ю хьан Iибадатехь яхнарг?! 80 шарахь хьо ваьхча, дийнахь 6 сахьтехь бен ахь наб ца йича а, нийсса 20 шо наб еш дIадаьлла-кх хьан, ткъа вайх дукхахберш дийнахь 10-15 сахьтехь наб еш хир бу аьлча харц ца хила мега! Доцца аьлча, хIоранна ша дика вевзу, чIогIа кIезиг Iибадат шен вовшахкхетар дарий хаьа хIоранна оццул ханчохь ша ваьхча а, ткъа оцу лайлатул-къадр буьйсанна Iибадат деш хьо нисвелча 83 шо 4 бутт сов хан оцу Iибадатехь яьккхича санна нислуш ду хьан. Масала, оцу буса ахь ламазаш бен ца динехь, 83 шарахь 4 баттахь сов юкъара ца волуш буьйсанна ламазаш дича санна ял ю хьуна АллахIна гергахь, иштта Къуръан дешча, иштта Дела хьехийча, иштта доIа дича, иштта кхин муьлхха Iибадат дича а. ТIаккха ойла ехьа, мархийн баттахь хIора буса, 11 ракаIат бен ца дахь а, тахIажжуд деш, цхьа жуз бен ца дешахь а, Къуръан доьшуш, сом бен ца лахь а, сагIина хIума луш, цхьа дош аьлла бен ца дахь а, дений-нанний хазахетар деш, шина минотехь бен ца дахь а, доIа деш, цхьа бIе бен ца диллахь а, Пайхамарна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) салават дуьллуш, цхьа бIе бен ца алахь а, «ла́ илахIа иллаллахI» олуш, цхьа бIе бен ца алахь а, «субхьа́наллахIи вабихьамдихIи» олуш, цхьа бIе бен ца алахь а, «астагIфируллахIа ва ату́бу илайхIи» олуш, цхьа бIе бен ца алахь а, «ла́ хьавла ва ла́ къуввата илла биллахI» олуш, иштта кхидIа а муьлхха кепара Дела хьехаварца, я кхин муьлхха кепара АллахIна Iибадат дарца, ерриге буьйса сема ца яккхахь а, вай хьаха ма-дарра, жим-жимма дина а бес-бесара Iибадат дарца мархийн баттахь хIора буьйсанна цхьа дакъа АллахIна ахь дIаделча, цул тIаьхьа мархийн бутт дIабаьлча цхьа а шеко йоцуш билггал хаьа-кх хьуна цу лайлатул-къадр буьйсанна Iибадат динчарна юккъахь хьуо нисвеллий, мархийн баттахь ерриге буьйсанаш ахь иштта дIаяьхьнехь ца нисвала йиш ма яций, царах цхьаъ хила езаш ма яй иза, ойла ехьа тIаккха, АллахIна гергахь мел Iибадат вовшахкхета хьан?! 83 шарахь 4 баттахь сов юкъара ца волуш хIора буса 11 ракаIат тахIажжудаш дича санна, 83 шарахь 4 баттахь сов юкъара ца волуш хIора буса цхьа жуз Къуръан дешча санна, 83 шарахь 4 баттахь сов юкъара ца волуш хIора буса сагIина сом делча санна, иштта кхидIа а, оццул долчу дозалле кхачархьама мархийн баттахь хIора буьйса, ерриге ца денъяхь а, вай ма-дийццара, жим-жимма дина а бес-бесара Iибадаташ деш хIора буьйсанах цхьа дакъа дIадала дуй тIаккха хала?! Хила йиш-м яц, даггара шен эхартана сагатдеш волчунна!Мархийн баттахь билггал муьлхург ю лайлатул-къадр буьйса вайна ца довзийтаран хьикмат ду цу баттахь Iибадат дарехь алсам вайга къахьегийтархьама, иза муьлхург ю хууш хилча нийсса оцу цхьана буса Iибадат дарехь алсам къа а хьегна, кхидIа мало йийр яра Iибадатна. Ткъа билггал муьлхург ю хууш цахиларна дийна баттахь къахьоьгу Iибадатехь, царах муьлхха а хила тарлуш долун дела, амма тIаьххьара итт дийнахь кхин алсам къахьоьгу, цу итт дийнахь хилар кхин а герга долун дела, ибн Каси́ра а,(15) ибн Хьажар Iаскъала́нис а (16) (АллахIа къинхетам бойла цушиннах) цунах дерг иштта билгал ма- дарра.-Ткъа лайлатул-къадр буьйсанна дитташ охьадуьйшу, хиш дукъло, сема волчунна наб кхета бохуш, цу тайпа долу къамелаш дерриг шайн цхьа а бух боцуш къамелаш ду.-Лайлатул-къадр буьйса маьркIаж-хенахь дIайолалой, Iуьйра ламазан хан хиллалц лаьтташ ю, вайна юкъахь дуьйцуш даьржина ма-хиллара сихха дIайолуш яц.(11) Сурат: Къадр, аят: 1-5(12) Айсарут-тафа́си́р, агIо: 3/722(13) Тафси́р ибн Каси́р, агIо: 14/410(14) Фатхьул-ба́рий, агIо: 5/464(15) Тафси́р ибн Каси́р, агIо: 14/415(16) Фатхьул-ба́рий, агIо: 5/463📙«Марха кхабаран дозалла», Нурдин lадлан
ЧЕЧЕНЦЫ в МОСКВЕ 95
:Hamzat Lamroev
◾3-гIа хаттар: 83 шарахь 4 баттахь сов Iибадат дича санна ял езий хьуна?
✔Жоп: Мархийн баттахь лайлатул-къадр буьйса ларъе Iибадат дарца, цу буса Iибадат дар нислахь, 83 шарахь 4 баттахь Iибадат динчул сов ял хир ю хьуна, цуьнан тоьшалла:
АллахIа боху Шен сийлахьчу Къуръанчохь: «Баккъал а, Оха Къуръан доссийна лайлатул-къадр буса. Ткъа «лайлатул-къадр буьйса» бохург хIун ду хаьий хьуна? Лайлатул-къадр буьйса гIоли ма ю эзар баттал а. Оцу буса, шайн Делан пурбанца, охьадуьссу маликаш а, Жабра́и́ л а, Цуьнан омранаш а дохьуш. Маршо ю-кх иза сатассалц».(11)
-Эзар баттал гIоли ю цхьа лайлатул-къадр буьйса боху АллахIа, ткъа эзар бутт шерашца лаьрча 83 шо 4 бутт нисло, Шайх Абу-Бакр Жаза́ирис а (АллахIа къинхетам бойла цунах) цунах дерг иштта билгал ма-дарра.(12) Оццул еза буьйса шена чохь ярца АллахIа базбина и мархийн бутт.
-Лайлатул-къадр буьйсанна ахь дина ламаз 83 шарахь 4 баттахь динчу ламазел деза лоруш ду!
Лайлатул-къадр буьйсанна ахь дешна Къуръан 83 шарахь 4 баттахь ахь Къуръан дешарал деза лоруш ду!
Лайлатул-къадр буьйсанна ахь муьлхха кепара Дела хьехор 83 шарахь 4 баттахь ахь Дела хьехорал деза лоруш ду!
Лайлатул-къадр буьйсанна ахь сагIина елла хIума 83 шарахь 4 баттахь ахь сагIанаш дахарал деза лоруш ду!
Лайлатул-къадр буьйсанна ахь хьайн дений-нанний дина хазахетар 83 шарахь 4 баттахь цушинна ахь динчу хазахетарел деза лоруш ду!
Лайлатул-къадр буьйсанна хьайн дений-нанний хьо муьтIахь хилар 83 шарахь 4 баттахь хьо цушинна муьтIахь хиларал деза лоруш ду!
Цундела жим-жимма бен ца дахь а, шен ницкъ мел кхочу массо кепара Iибадат дан хьажа веза мархийн баттахь хIора буьйсанна, Имам Абу Хьани́ фата (АллахIа къинхетам бойла цунах),(13) иштта кхиболчу Iеламнаха а(14) дийцина хиларна лайлатул-къадр буьйса мархийн баттахь муьлхха буьйса хила тарлуш ю аьлла.
Лайлатул-къадр буьйса мархийн баттахь муьлхха буьйса хила йиш хилар, цахилар, я цу хьокъехь нийсох дерг муьлхург ду билгалдар яц вайн кхузахь йолу Iалашо, делахь а, вайна коьрта дерг цу буьйсанан дозалле хьаьжча, цу буса дина Iибадат 83 шарахь 4 баттахь динчу Iибадатал деза хиларе хьаьжча, шарчохь цкъа бен богIуш а боцу мархийн беттан буьйсанаш денъян, ерриге буьйса ца денъяхь а, буьйсанан цхьа дакъа мукъна Iибадатна дIалуш мархийн бутт баккха хIун хала ду бохучу хаттарна жоп ду-кх вайна коьрта дерг. Даггара цу лайлатул-къадр буьйсане кхача лууш волчунна цхьа а хала хIума дац-кх иза, цхьа чIогIа хьайна дезаш, чIогIа оьшуш долу дуьненан хIума дукха лерина лар ма дой ахь, цунах хьуо валарна кхоьруш, хьалххе дуьйна цунна кечам а беш, цунах хьуо валарна сагатдеш, иштта доггаха лелаш волчунна цхьа а хала хIума дац шарчохь богIуш болу цхьа мархийн бутт буьйсанаш денъеш баккха! КIезиг хIума ма дац, цхьана буьйсанна дина Iибадат 83 шарахь 4 баттахь динчу Iибадатал деза лору бохург. 83 шарахь кху дуьненчохь вехаш верг цхьа кIеззиг бен ма ца хуьлу кху заманахь, оццул ваьхча а хьайн дахарехь мел дина долу Iибадат вовшахтоьхча мел хан нислур ю хьан Iибадатехь яхнарг?! 80 шарахь хьо ваьхча, дийнахь 6 сахьтехь бен ахь наб ца йича а, нийсса 20 шо наб еш дIадаьлла-кх хьан, ткъа вайх дукхахберш дийнахь 10-15 сахьтехь наб еш хир бу аьлча харц ца хила мега! Доцца аьлча, хIоранна ша дика вевзу, чIогIа кIезиг Iибадат шен вовшахкхетар дарий хаьа хIоранна оццул ханчохь ша ваьхча а, ткъа оцу лайлатул-къадр буьйсанна Iибадат деш хьо нисвелча 83 шо 4 бутт сов хан оцу Iибадатехь яьккхича санна нислуш ду хьан. Масала, оцу буса ахь ламазаш бен ца динехь, 83 шарахь 4 баттахь сов юкъара ца волуш буьйсанна ламазаш дича санна ял ю хьуна АллахIна гергахь, иштта Къуръан дешча, иштта Дела хьехийча, иштта доIа дича, иштта кхин муьлхха Iибадат дича а. ТIаккха ойла ехьа, мархийн баттахь хIора буса, 11 ракаIат бен ца дахь а, тахIажжуд деш, цхьа жуз бен ца дешахь а, Къуръан доьшуш, сом бен ца лахь а, сагIина хIума луш, цхьа дош аьлла бен ца дахь а, дений-нанний хазахетар деш, шина минотехь бен ца дахь а, доIа деш, цхьа бIе бен ца диллахь а, Пайхамарна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) салават дуьллуш, цхьа бIе бен ца алахь а, «ла́ илахIа иллаллахI» олуш, цхьа бIе бен ца алахь а, «субхьа́наллахIи вабихьамдихIи» олуш, цхьа бIе бен ца алахь а, «астагIфируллахIа ва ату́бу илайхIи» олуш, цхьа бIе бен ца алахь а, «ла́ хьавла ва ла́ къуввата илла биллахI» олуш, иштта кхидIа а муьлхха кепара Дела хьехаварца, я кхин муьлхха кепара АллахIна Iибадат дарца, ерриге буьйса сема ца яккхахь а, вай хьаха ма-дарра, жим-жимма дина а бес-бесара Iибадат дарца мархийн баттахь хIора буьйсанна цхьа дакъа АллахIна ахь дIаделча, цул тIаьхьа мархийн бутт дIабаьлча цхьа а шеко йоцуш билггал хаьа-кх хьуна цу лайлатул-къадр буьйсанна Iибадат динчарна юккъахь хьуо нисвеллий, мархийн баттахь ерриге буьйсанаш ахь иштта дIаяьхьнехь ца нисвала йиш ма яций, царах цхьаъ хила езаш ма яй иза, ойла ехьа тIаккха, АллахIна гергахь мел Iибадат вовшахкхета хьан?! 83 шарахь 4 баттахь сов юкъара ца волуш хIора буса 11 ракаIат тахIажжудаш дича санна, 83 шарахь 4 баттахь сов юкъара ца волуш хIора буса цхьа жуз Къуръан дешча санна, 83 шарахь 4 баттахь сов юкъара ца волуш хIора буса сагIина сом делча санна, иштта кхидIа а, оццул долчу дозалле кхачархьама мархийн баттахь хIора буьйса, ерриге ца денъяхь а, вай ма-дийццара, жим-жимма дина а бес-бесара Iибадаташ деш хIора буьйсанах цхьа дакъа дIадала дуй тIаккха хала?! Хила йиш-м яц, даггара шен эхартана сагатдеш волчунна!
Мархийн баттахь билггал муьлхург ю лайлатул-къадр буьйса вайна ца довзийтаран хьикмат ду цу баттахь Iибадат дарехь алсам вайга къахьегийтархьама, иза муьлхург ю хууш хилча нийсса оцу цхьана буса Iибадат дарехь алсам къа а хьегна, кхидIа мало йийр яра Iибадатна. Ткъа билггал муьлхург ю хууш цахиларна дийна баттахь къахьоьгу Iибадатехь, царах муьлхха а хила тарлуш долун дела, амма тIаьххьара итт дийнахь кхин алсам къахьоьгу, цу итт дийнахь хилар кхин а герга долун дела, ибн Каси́ра а,(15) ибн Хьажар Iаскъала́нис а (16) (АллахIа къинхетам бойла цушиннах) цунах дерг иштта билгал ма- дарра.
-Ткъа лайлатул-къадр буьйсанна дитташ охьадуьйшу, хиш дукъло, сема волчунна наб кхета бохуш, цу тайпа долу къамелаш дерриг шайн цхьа а бух боцуш къамелаш ду.
-Лайлатул-къадр буьйса маьркIаж-хенахь дIайолалой, Iуьйра ламазан хан хиллалц лаьтташ ю, вайна юкъахь дуьйцуш даьржина ма-хиллара сихха дIайолуш яц.
(11) Сурат: Къадр, аят: 1-5
(12) Айсарут-тафа́си́р, агIо: 3/722
(13) Тафси́р ибн Каси́р, агIо: 14/410
(14) Фатхьул-ба́рий, агIо: 5/464
(15) Тафси́р ибн Каси́р, агIо: 14/415
(16) Фатхьул-ба́рий, агIо: 5/463
📙«Марха кхабаран дозалла», Нурдин lадлан