Коронавирусах шахӀидийн дарже кхача

Ӏа́ишата (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцина: «Ас хаьттира АллахӀан Элчане (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) уьнах лаьцна, АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) суна дийцира иза АллахӀан Ӏазап хилар, Цо шена луучунна тӀетосуш, ткъа муъмин нахана къинхетам бина Цо иза, цхьа а ма вац и ун даьржича собаре а, АллахӀера йоле сатуьйсуш а волуш шен чохь сецна, АллахӀа шена яздинарг бен хир доций а хууш, шахӀидийн дарже иза кхаьчний бен». [Сахьихь: Муснад Ахьмад: 26139]
Ибн Хьажар Ӏаскъала́нис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«ХӀокху хьадисан дешнаш а, цунах болчу кхетамо а гойту - шахӀидна йоллу ял язйо хьуна:
-И ун даьржинчу махкара дӀа ца ваханчунна, АллахӀера йоле сатуьйсуш и Ӏийна а велахь, Цуьнан чӀагӀо кхочушхиларе хьоьжуш а волуш.
-Хууш а волуш, шена ун кхетахь - иза АллахӀан кхелаца дуй а, шена иза ца кхеташ тӀехдалахь - иза а АллахӀан кхелаца дуй.
-Иза шена кхетарна кхоьруш воьхна хьийзаш а воцуш, ткъа иза шена кхетахь хӀетте а вухур воцуш.
-Ша могуш волуш а, маьрша волуш а шен Далла тӀе тевжина хилар.
Ткъа хӀара хӀуманаш ларош а волуш, ун доцуш, цхьана кхечу бахьаница цуьнан валар нисделлехь а, хьадисо гойтург-м цунна шахӀидна йоллу ял хилар ду...
ТӀаккха цу тӀера кхин хаттар кхоллало, и лакхахь вай хьахийна хӀуманаш ларош чекхваьлла, ун а дӀадаьлла, цуьнан валар а ца нисделла уьнах а я и ун даьржина долуш а, иза лорур вуй шахӀид я вац?
Хьадисах схьагуш дерг-м иза а цу юкъагӀур хилар ду, АллахӀан комаьршалла йоккха ю, муъмин стеган ният кхочу цуьнан Ӏамал ца кхочуче...
Ткъа царех шахӀидийн дарж уггар лакхара дерг - и вай дийцинарг ларош волуш, ун кхетта велларг ву.
Цул лахара дерг - и вай дийцинарг ларош волуш, ун кхетта, амма цунах валар ца нисделларг ву.
Цунна улле дерг - и вай дийцинарг ларош волуш, амма ун доцуш, цхьана кхечу хӀуманах велларг ву.
Царех массарел лахара дерг - и вай дийцинарг ларош волуш чекхваьлла, амма цунна ун ца кхетта я и ун даьржинчу хенахь валар а ца нисделла.
Иштта схьакхета Ӏаишата (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцинчу хьадисах, и лакхахь вай дийцинарг ларош ца хилларг шахӀид хир вац хьуна, ун кхетта велча а, кхечу кепара валар-м дуьйцур а дац!
Иштта схьакхета Ӏаишата (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцинчу хьадисах, ун даьржича собаре волуш, и лакхахь вай дийцинарг ларош а волуш чекхваьллачуьнга кошахь барт хоттур бац, хӀунда аьлча иза АллахӀан новкъахь гӀазотехь волчух терра волун дела. Ткъа АллахӀан новкъахь гӀазотехь кхелхинчуьнга кошахь барт хоттур цахилар долуш ду, Салманера Муслима дийцинчу хьадисехь ма-хиллара, цо аьлла: «АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) олуш хезира суна: «ГӀазотехь даьккхина цхьа де-буьйса дезох ма ду, буьйсанаш денъеш баттахь кхаьбначу марханел а, нагахь цигахь цуьнан кхалхар нислахь, къемат-де кхаччалц гӀазотехь волуш санна ял язъеш а лаьттар ю цунна, цуьнан рицкъ а сацор дац, кошахь барт хаттар а хир дац»». [Сахьихь: Муслим: 1913]
[Базлул-ма́Ӏу́н фи́ фадлид-тӀа́Ӏу́н, агӀо: 200-203] https://tlgg.ru/adlan_haracho

Комментарии

Комментариев нет.