​Зераташкахь доIа дар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Кешнашкахь (зераташкахь) доIа дар, цигахь динчу доIанна жоп даларе сатийсар а, кхечанхьа динчу доIанал чIогIа жоп даларе сатийсар цигахь динчу доIанна, (и берриге) АллахIа а, Цуьнан Элчано а магийна болх бац, я цхьана асхьабо а, табиIино а лелийна болх а бац, я бусалба нехан имамаша лелийна болх а бац, я хьалха дIабаханчу Iеламнахах, я дикачу нахах цхьаммо хьахийна болх а бац иза, мелхо, (хIижри рузманца) ши бIе шо даьллачул тIаьхьа тIебаьхкинчаьргара бен хезна болх бац иза... АллахIан Элчанан асхьабашна дукхазза йокъо хlоьттина-кх, и доцург дукхазза халонаш тIеяьхкина царна, ткъа Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) коша тIе баьхкина догlа доьхуш я орца доьхуш цкъа а доIа диний цара?! Мелхо, Iумара, Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) коша тIе вахана доIа ца деш, Iабба́сца араваьлла (шайна йокъо хlоьттинчу хенахь), цуьнга доIа дайтира цо!».
[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 449-450] https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat

Комментарии

Комментариев нет.