Тасбихь

1. АстагIфируллахI, астагIфируллахI, астагIфируллахI, алла́хIумма антас-сала́м, ва минкас-сала́м, таба́ракта йа́ залжала́ли вал икра́м.
2. АIу́зу биллахIи минаш шайтIа́нир ражи́йм: АллахIу ла́ ила́хIа илла́ хIувал хьаййул къаййу́м, ла́ таъхузухIу́ синатув-вала́ навм, лахIу ма́ фиссама́ва́ти ва ма́ фил ард, манзаллази́й йашфаIу IиндахIу илла́ биизнихI, йаIламу ма́ байна айди́хIим ва ма́ халфахIум, ва ла́ йухьи́тIуна бишай-им мин IилмихIи́ илла бима́ ша́ъ, васиIа курсиййухIуссама́ва́ти вал ард, ва ла́ йаудухIу́ хьифзухIума́, ва хIувал Iалиййул Iази́йм.
3. Субхьа́наллахI – 33 зза эр ду.
АлхьамдулиллахI – 33 зза эр ду.
АллахIу акбар – 33 зза эр ду.
4. Ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду, ва хIува Iала́ кулли шай-ин къади́йр.
5. Алла́хIумма ла́ ма́ниIа лима́ аIтайта, вала́ муIтIийа лима́ манаIта, вала́ йанфаIу залжадди минкалжадду.
Парз ламаз дина ваьлча докххуш долу тасбихь ду хIара. Ламазам, салам делча, дерзийна лоруш ду, кхин тIетоха дезаш хIумма а доцуш. Делахь а салам ма делла, тасбихь даккхар суннат ду, вайн Пайхамара доккхуш лелийна а ду и. Кхуз вай яздиначу пхеанах хIора а бух болуш ду хьадисашкахь. Масала, цуьнан дозалла дуьйцуш цхьана хьадисехь вайн Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: "ХIора парз ламазал тIаьхьа «33 - Субхьа́наллахI», «33 - АлхьамдулиллахI», «33 - АллахIу акбар" аьлла, бIе дузийтуш царна тIе (хIара дешнаш) аьллачунна: «Ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду, ва хIува Iала́ кулли шай-ин къади́йр" къиношна гечдийр ду, хIордан чопа санна дукха далахь а».
Ткъа тасбихь, кхузахь вай яздиначулла а деха ду. Делахь а, вай кхузахь доцца яздина дитина. Кхин а деха тасбихь даккха хуучо, кхин а деха даккха а мегар ду. Мегар ду, нагахь и тIедеша дагахь верг, вайн Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) дешна хилар, билгалдалахь.
Тасбихь дакххаран некъ, кху тIехь вай ма яздарра, рагI ларъян езаш а дац, я кху тIехь вай яздинарг дерраг дяшчи бем тасбихь ца хуьла бохург а дац, шена хуучо кху тIехь дерг доьшу, кхин а сов хуучо кхи сов доьшу, кху тIехь дерг а ца хуучо: (Субхьа́наллахI - 33. АлхьамдулиллахI - 33. АллахIу акбар - 33.) аьлла, тIаккха: (Ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахIу, лахIулмулку ва лахIулхьамду, ва хIува Iала́ кулли шай-ин къади́йр). олу, иштта иза а ду кхачам боллуш тасбихь ларош, цуьн дела цхьаммо а шен тасбихь дакхха ца хаъ аларе хьашто яц.
Кху тIехь долучу пхеаннах муьлхха а, иштта кху пхеаннал сов деша дагахь валахь а, царех муьлхха а хьалха-тIаьхьа даьккхина деша мегар ду. Церан рагI ларъян езаш а дац уьш. Церан рагI ларъяр я важиб лоруш дац, я суннат лоруш а дац. Бакъ ду цхьа хIума, кху тIехь вай яздиначух хьалхарниг, салам ма делла доьшуш хилла вайн Пайхмара аьлла, билгалдина ду хьадисехь, цундела ламазна салам ма делла кху тIехь вай яздиначух духхьара дерг хьалха дешар суннат хуьлу.
Суннатехь дерг тасбихь хIорамма а шен-шена даккхар ду. Пайхамара а, цуьнан асхьабаша а доккхуш ма хиллар. Амма, имама хьалхара а олуш, тIаьхьа хIиттиначара тIаьхьара а олуш тасбихь даккхаре хьашт дац, хIунда аьлча имамо даьккхинарг - цуна шена ду, ткъа ахь даьккхинарг - хьуна ду.
Ламаз дина ваьлча, тIедеш долу шен суннат ламаз дина даккха а мегар ду тасбихь. Нагахь шен гIулкхе ваха а везна, салам ма делла хьала а гIаьтина, дIавоьдаш валахь, воьддушехьа даккха а мегар ду. Амма дезах дерг а, суннат лоруш дерг а, вайн Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) лелийнарг а, ламаз дерзош салам ма делла, хиъна Iаччохь, хьала а ца гIаттуш, тасбихь дакхар ду.
Шена тасбихь дагахь ца хуучо кху кехат тIера деша а мегар ду. https://vk.com/yalsaman

Комментарии

Комментариев нет.