Хьекъале сацам.

Цхьана дийнахь МахIдийнатIи (Iаббасийн халиф) цхьа къонах веъна мача йохьаш,хIара АллахIан Элчанан(صلى الله عليه وسلم) мача ю,хьуна совгIатанна еъна аса хIара-аьлла цо.
Ткъа МахIдийс иза мача схьаэцна,цу мачанна барт баьккхана,цу къонахчунна 10 эзар дирхIам делла.
ТIаккха иза ара ваьлча аьлла МахIдийс:ВаллахIи хаа ма хаьа суна Элчанна хIара мача гина йоций,Цо хIара тIийоьхна хилар-м хьехор а дац вай,амма,вай цуьнгара мача схьа ца эцнехьара нахе дуьцаш лелар вара иза:Аса Элчанан мача яхьнера МахIдийна,иза къобал ца йира цо-бохаш.
Ткъа наха иза бакъвер вара,нах иза санна болучаьрга тоьвжаш бу,гIийлачуьнан агIо лоцаш а бу чIогIачунна доьхьала,гIийланаг зуламхо валахь а,цундела вай цуьнан мотт бу эцнарг 10 эзар дирхIамах(мача яц),иза эцар гIолехь а,нийса а хийтара вайна. ■■■"Тарийху БагIдад"

Комментарии

Комментариев нет.