26 мая 2013
Танги-Чу безамца!
Лаьмнашна юккъехь ехаш
Цхьа хаза жима юрт ю.
Бертахь деха кхузахь адамаш,
Вовшешца ларам лерам цера бу!
Цара кхузахь иманяхь къа хьоьгу!
Дика г1о а даьрза до цхьаьна
Маьрша хьаналла къа хьоьгу,
Гуш дай-мехка маьрза аьхналла.,
Башха 1алам,х1аваъ ц1ена!
Йийцина вер вац лаьмнийн хозалла!
Танги-Чу сом хьан безаман йийсар еца!
Йоккха ерца деш хьоьх дозалла!
Ирсе-маьрша даим г1оза яха,
Баьртахь марзо оьцуш яьхна юрт!
Хьан кхуьийла ирсе оьзда т1аьхье!
Хьайн оьздангаллийн цкъа-а ца духуш сурт!
( АМС. Нохчи йо1.)
Баркалла!! Даггара!!!
Баркалла!!! Ц1енчу даггара!!


