Шен и кхайкхар Telegram чуьрчу каналехь зорбатоьхна Нохчийн Республикин Мехк-Дас.Цо билгал ма-даккхара, дуьне ма-дду болчу бусалбанашка беш кхайкхамаш бу тахана - боьхалла, цӀарматалла, эвхьазалла йу Европин а, Малхбузенан а мехкашкахь Сийлахь Къуръанаш дагош.И белхаш лелочу нахана цхьа а таӀзар деш цахиларо гойту бусалбанийн бакъонаш муха ларйо демократин йу бохучу пачхьалкхашкахь.Ткъа бусалбанаш, шаьш лоруш цахилар а, охьатаӀийна хилар а гушшехь, оцу мехкашкахь бехаш бу, цаьргара соьмаш а гулдеш."Амма бусалбанийн мехкийн дай мичахь бу?", - хаттар кхуллу Кадыров Рамзана.Иза кхеташ вац, бусалбанаш а, Ислам-дин а лардаран декъехь цара хӀумма а деш цахиларх."Ӏамарк а, Европа а резацахилар, цара санкцеш кхайкхор Веза-Воккхачу АллахӀан оьгӀазлонал а кхераме хета царна?!", - рогӀера хаттар а ло Нохчийн Республикин Мехк-Дас.Кадыров Рамзана тӀе тидам ма-бахийттара, Малхбузенан а, Европин а атеизман политикица тахана къийсам латтош цхьа Росси бен йац.Иштта, Иблисан хьадалчийн боьхалла тахана сацорехь къа ца хьегахь, кхана и болх дӀабахьаран хан чекхйала кхерам хилар а хьахийна нохчийн Мехк-Дас.
"ДАЙМОХК" ГАЗЕТ
⚡️⚡️⚡️ИСЛАМ-ДИН МУЬЛХХАЧУ А ӀАТКЪАМЕХ ЛАРДЕ АЬЛЛА, БУСАЛБАНИЙН МЕХКИЙН ДАЙШКА КХАЙКХАМ БИНА КАДЫРОВ РАМЗАНА
Шен и кхайкхар Telegram чуьрчу каналехь зорбатоьхна Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Цо билгал ма-даккхара, дуьне ма-дду болчу бусалбанашка беш кхайкхамаш бу тахана - боьхалла, цӀарматалла, эвхьазалла йу Европин а, Малхбузенан а мехкашкахь Сийлахь Къуръанаш дагош.
И белхаш лелочу нахана цхьа а таӀзар деш цахиларо гойту бусалбанийн бакъонаш муха ларйо демократин йу бохучу пачхьалкхашкахь.
Ткъа бусалбанаш, шаьш лоруш цахилар а, охьатаӀийна хилар а гушшехь, оцу мехкашкахь бехаш бу, цаьргара соьмаш а гулдеш.
"Амма бусалбанийн мехкийн дай мичахь бу?", - хаттар кхуллу Кадыров Рамзана.
Иза кхеташ вац, бусалбанаш а, Ислам-дин а лардаран декъехь цара хӀумма а деш цахиларх.
"Ӏамарк а, Европа а резацахилар, цара санкцеш кхайкхор Веза-Воккхачу АллахӀан оьгӀазлонал а кхераме хета царна?!", - рогӀера хаттар а ло Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Кадыров Рамзана тӀе тидам ма-бахийттара, Малхбузенан а, Европин а атеизман политикица тахана къийсам латтош цхьа Росси бен йац.
Иштта, Иблисан хьадалчийн боьхалла тахана сацорехь къа ца хьегахь, кхана и болх дӀабахьаран хан чекхйала кхерам хилар а хьахийна нохчийн Мехк-Дас.