Джафаров Iаьрбин дахаран истори: зерашкахула, кхиамашкахула серлоне бина некъ бу. Цуьнан дахарехь хала киртигаш нисйелла Iаьрбин кхолламна дикка Iаткъам беш. Иза дуккха а зерех чекхвийлина, оцу зераша чIагIйина цуьнан амал, Iамийна доьналлица халонашна дуьхьал латта. Iаьрбин дахар бIаьрла масал ду къар ца валаран, Веза а, Сийлахь а волчу АллахIах тешаран, халонаш эшош, хьалха хIиттийначу Iалашонашка кхачаран. Цо гайтина дахаран мел чолхечу хьелашкахь а хьалхахьа некъ бан, кхиа стагана шегахь хьуьнар карош хилар.Джафаров Iаьрби нохчи ву, Iаьрбийн орамаш долуш. И орамаш Турпал-Iелиний, ПетIаматаний (Дела реза хуьлда царна) тIера схьадогIуш ду. Церан кIентан Хьусайнан шовзткъалгIачу чкъурах – тIаьхьенах ву Iаьрби. Цуьнан дайн тептарша, дайша шайн тIаьхьенашка схьалуш схьадеанчу, дуккха а хаамаш Iалашбина церан дахаран а, гIуллакхаллин а хьокъехь. Оцу тептарша гIо до цара исторехь лелийначу маьIнех а, бусалба дин даржорна йукъайиллинчу хазнех а дика кхета.Джафаров Iаьрби вина 1975-чу шарахь Веданахь, хьанал бехачу, къинхьегаман мах хуучу доьзалехь. Жималлехь дуьйна цуьнан ойла тIейахана йара бусалба дин, Iилма Iаморна. Цо воккха а веш Iамадора Сийлахь Къуръан, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш, бусалба динан арканаш. Делахь а, шен сатийсаме кхачаран некъ атта бацара, цуьнан банне а. Веданахь а, Нохчийчоьнан кхечу кIошташкахь а санна, хьал карзахе дара. Цуьнга хьаьжна ца Iаш иза тешаш вара Везачу АллахIа шена гIо дийриг хиларх а, нийсачу некъа тIе воккхург хиларх а, оцу некъа тIехь чIагIвала шена хьекъал, кхетам, ийман лург хиларх а.2006-чу шарахь Iаьрбис кхиамца чекхйаьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Курчалой-Эвлара Исламан институт. Цигахь шена Iеминчух тоам ца беш, иза 2015-чу шарахь деша вахара Москварчу Кхузаманан гуманитарни академи. Иштта, 2022-чу шарахь I.Джафаровс «Теологин» говзаллехула Пятигорскера пачхьалкхан университет чекхйаьккхира, бакалавран диплом схьа а оьцуш.Iилма карадерзош оцу лакхенашка кхачаре болчу очакхечу новкъахь дуккха а халонех чекхвийла дийзира цуьнан. 1993-чу шарахь, хIетта берхIитта шо кхаьчна волу Iаьрби Веданан маьждиган имам хIоттийра. Баккхийчарна дика дагадогIур ду иза. Луьра а, кхераме а зама йара иза. Ша къона хиллехь а, шегара Iилма, кхетам гайта, шен сий-ларам байта ницкъ кхечира цуьнан. Цуьнан корматалла а, гIуллакхна муьтIахь хилар а Нохчийн Республикин муфти хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин тидамза ца дисира. Муфтис иза шен сацамца 1995-чу шарахь Веданан маьждиган имаман даржехь чIагIвира. Къоначу Iаьрбин дахарехь мехала мур хилла дIахIоьттира иза. Нохчийчоь къийсамийн цIергахь йогучу оцу буьрсачу хенахь цунна тIехь дерг доккха жоьпалла а, хала декхар а дара, кхерамал сов. ХIетахь кхераме дара адамаш собаре, кхетаме хиларе, бусалба цIена дин лелоре кхайкхар. Ткъа цу тайпа кхайкхамаш Iаьрби хIора дийнахь беш вара маьждиган мимара тIера а, дика-вонехь а, йукъараллин меттигашкахь а. Вуно чIогIа кхераме дара иза. ХIора дош тIаьххьара хила а тарлуш. Ша имам хиларе терра цо луьра къийсам латтабора ваххабиташца. Цара хIокхунна а, кхуьнан доьзалшна а, гергарчарна а кхерамаш туьйсура.Iаьрби кхеташ вара бакъонан некъа тIехIоьттина Нохчийчоьнан Муфти Кадыров Ахьмад-Хьаьжа йухавер цахиларх а, оцу новкъахь ваххабитийн боламна дуьхьал толаме кхаччалц цо къийсам дIахьуриг хиларх а. Цо лардеш дерг бусалба цIена дин дара. Шен майраллица, доьналлица адамаш цецдохуш вара иза. Цуьнан хIора дош къобалдеш вара Iаьрби иза Муфти волуш а, цул тIаьхьа Нохчийчоьнан Президент волуш а. Иза тосалора машаран мостагIашна.2007-чу шарахь, кхерамаш тийсинчул тIаьхьа, IаьрбигIеран керта граната кхоьссира зуламхоша. Цхьадика, цхьанна а зен-зулам ца хилира, цIенна геригаш йеттайеллехь а. Оцо дагадаийтира Iаьрбина ларлуш хила везар. Амма иза дагахь вацара Кадыров Ахьмад-Хьаьжас йуьхьарлаьцна хиллачу некъа тIера дIахьовза а, ша беш болу болх сацо а.Оцу чолхечу хенахь ваххабитийн шарIан кхиэло Iаьрбина вен кхиэл кхайкхира. Делахь а и вен аьтто ца белира церан. Ницкъ ца кхечира Iаьрби шен некъах вохо. Цуьнан майралло, доьналло, стогалло дукха нах ир-карахIиттабора оцу халчу, кхерамечу хьелашкахь, дукха нехан ийман чIагIдора. Шегарчу масалца цо гойтура уггаре а халчу хенахь а стаг ша верг хилла виса йиш хилар.2003-чу шарахь Джафаров Iаьрби Веданан кIоштан къанойн Кхеташонан председатель хIоьттира. Цо куьйгалла дечу хенахь и кхеташо кIоштан йукъараллин дахаран мехала дакъа хилла дIахIоьттира. Цо лардора бахархойн хьашташ, тайп-тайпанчу гIуллакхашкахь церан гIолоцура. Дуккха а шерашкахь маьждиган имам лаьттинчу хенахь гулдинчо зеделлачо, хьикмато гIо дора Iаьрбина адамийн дахарехь нислучу галморзахаллашкахь а, къийсамашкахь а нийсо йан, бакъ-харц къасто, нийса сацам тIеэца, шен кIорггерчу Iилманех пайдаэца, и Iилма адамашна пайдехьа дерзо.Iаьрбин дика амалш йагарйечу хенахь цуьнан собаре, кIеда-мерза, аьхна хилар ца хьахош Iойла дац. Цуьнгахь долчу собаро аьтто бо цуьнан геннарчу Iалашонашка кхача, халонех чекхвийла. Мел чолхе хьал тIехIоьттича а собарх волуш вац иза. Ткъа цуьнан дахарехь дукха нис а йелла, нис а ло чIогIа собаре, кIеда-мерза хила везаш меттигаш. Дукха адам лаьтта и волчохь, шайна йукъахь, гIуллакх суьде далале нийсо йар, шайн гIуллакхан йист йаккхар доьхуш. Цуьнга боккха лерам хиларан, цуьнга тешам хиларан билгало йу иза. Къовсаме йаьлла ший а агIо реза йеш, маслаIате сацам бан цунна хууш хиларна къеггина тоьшалла а ду.Iаьрбина нийсо бохург деккъа дош хилла Iаш дац, иза цуьнан дахаран некъ бу, кеп йу. Нийсонна тIера вер воцуш стаг ву иза. Иза цо дукхазза а гайтина шен дахарехь нисделлачу тайп-тайпанчу хьелашкахь. Гайтина собарх. гIиллакхах, эхь-бехках ца вухуш, шега халкъан болу сий-ларам ларбеш. Къаьсттана ша 2006–2019-чуй шерашкахь Веданан кIоштан къеда волчу муьрехь Iаьрбийн дукха нисделла нийсонца, шарIо ма-бохху кхиэл йан йезаш меттигаш, Сийлахьчу Къуръанна а, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хьулда цунна) суннаташна тIе а тийжаш.Оццу хенахь цунна хиъна пачхьалкхан суьдан системин балхана йукъа ца гIерташ, оцу декъехь къахьоьгучу бакъонашларйархошца бертахь, царах дагаволуш болх бан. Iаьрбис даима а леррина тидам тIебахийтина бусалбанийн доьзалехь бакъонаш ларйаран гIуллакхашна.КIоштан къеда хиларе терра бусалба дин, шарIан лехамаш, бакъонаш йовзуьйтуш хьехамаш барца цхьаьна Iаьрбис доьзалехь, йукъараллехь адамашна йукъахь нисло къийсамаш дIабохуш, маслаIат до, кхеторан къамелаш до. Мотт говза лебарца цуьнан аьтто болу доьзалехь, адамашна йукъахь нисло галморзахаллаш дIайаха, церан барт бан, вовшашка болу тешам чIагIбан.Джафаров Iаьрбис, шегара масал гойтуш, бусалбанаш ир-карахIиттабо дикачу гIуллакхашна, уьш къинхетаме, собаре хила Iамабо, церан ийман чIагIдо. Цо доккхачу маьIне лору тезетан гIиллакхаш, Iадаташ лардар. Цо чIагIдеш ма-хиллара, тезета веанчо шен леларца гайта деза кхелхинчух шена къахеташ хилар, цуьнан гергарчарах, доьзалх лог лозуш хилар, церан сий-ларам беш хилар. Ишттачохь массо а цуьнан хьехаме, хьикматечу даше леррина ладугIуш хуьлу.Муниципальни урхаллин структурехь администрацин куьйгалхочун йукъараллин а, динан а гIуллакхашна тIехь терго латточу заместителан даржо шатайпа маьIна леладо. Иза йукъараллица а, Iедалан а зIенан маьIна лелош стаг ву, церан йукъаметтигаш аьхна а, кхачаме а хилийтарна жоьпалле волу. Оцу декъехь цо бечу коьртачу балхана йукъадогIура граждански йукъаралла кхиор, тайп-тайпанчу вирдашкахь болчара цхьаьнагIуллакхаш дар алсамдаккхар, церан уьйр-марзонаш чIагIйар, ткъа иштта халкъана йукъара барт, цхьаалла чIагIйар, дуккха а кхидерг. Цуьнца цхьаьна Iаьрбис гIолоцура бахархойн дешаран, культурин, социальни декъерчу дIадолорийн, ткъа цо шен рогIехь бахархойн жигаралла а, жоьпалла а лакхадоккхура. Иштта, цо жигархошна лерина семинараш вовшахтухура, церан хаарш, корматалла лакхайоккхуш, уьш керлачу кхиамашна ир-карахIиттош.Iаьрбин хьуьнар бахьана долуш кIошт масал хилла дIахIоьттира Iедало а, йукъаралло а кхиамца цхьаьна гIуллакхаш дарехь, бахархой йукъараллин гIуллакхашна йукъаозорехь. Цуьнан балхо гIо дора социальни чIагIалла а, бахархойн жигаралла а лакхайаккхарна. Адамийн цхьаалла, барт чIагIбарна тIехьовсийна дукха гIуллакхаш вовшахтоха аьтто болура цуьнан. Шайн проектийн а, социальни программийн а гIолоцуш хилар гуш болчу кIоштан бахархошна хаьара шайна хетарг, луург мехала хилар.Джафаров Iаьрбис кIоштан къедин даржехь бинчу белхан хьакъ боллу мах а хадош, 2020-чу шарахь иза Нохчийн Республикин муфтин наиб (заместитель) хIоттийра. Оцу даржо лоьхура кIорггера бусалба Iилма хилар, бусалбанашна йукъахь сий-ларам болуш хилар, йукъараллица ваза хаар, мехала проблемаш дIайаха хьуьнар хилар. И дерриге а Iаьрбигахь долуш дара. Цо жигара дакъалоцура республикин бусалбанийн динан урхаллин стратеги вовшахтохарехь, муфтиятан векало санна дакъалоцура маьIнечу конференцешкахь, кхечу мероприятешкахь. Иштта, муфтина гIо дора хьалха хIиттош долу декхарш кхочушдеш, динан урхаллин йерриге а подразделенийн белхан эвсаралла лакхайоккхуш. Цуьнца цхьаьна хьехамаш бора бусалба цIена дин довзуьйтуш, бусалбанийн ийман чIагIдеш, кхетам лакхабоккхуш. Уьш Iамабора зуламечу, питанечу боламех – экстремизмах, ваххабизмах, и.д.кх. ларбала. Цо чIагIйора тIарикъатийн цхьаалла.Нохчийн Республикин Парламентан депутат хаьржинчул тIаьхьа а I.Джафаровс, хьалха а санна, йоккхачу жигараллица дIахьо халкъ ийманехь кхетош-кхиоран гIуллакхаш. Депутат хиларе терра, шен харжамхойн векал ву иза пачхьалкхана урхалла даран системехь, законаш дахарехь а, терго латторехь а йаккхий бакъонаш а йолуш. Цуьнга хьаьжжина Iаьрбис доккха дакъалоцу законаш кечдарехь, дийцаре дарехь, тIеэцарехь. Терго латтайо уьш кхочушдарна а, кIоштан бахархойн бакъонаш ларйарна а тIехь.Депутата Джафаров Iаьрбис иштта кечдо керла законадательни дIадолораш йа хийцамаш йукъабалабо хIинца гIуллакхдеш долчу законашна, шен харжамхойн хьашташ а, лазамаш а, лаамаш а хьесапе а оьцуш. Уьш цунна дика а девза. Законаш дахаран болх бина ца Iаш Iаьрбис цхьаьна гIуллакхаш до Iедалан тайп-тайпанчу органашца, кIоштан бахархойн сагатдеш долу гIуллакхаш довзуьйтуш, проблемаш дIайохуш. Цо иштта цхьаьнакхетарш дIахьо Веданан кIоштарчу бахархошца, шен бакъонех пайда а оьцуш ларйо шен харжамхойн бакъонаш, кхочушдо церан хьашт-дезарш, гIо до Iедалан векалшца йа организацешца нисделла гIуллакхаш цхьалхадаха.Кхин масане ду Iаьрбис шен халкъан а, мехкан а зовкхан дуьхьа денна деш долу гIуллакхаш. ХIокху цхьана статьяхь уьш ур-атталла дагардина а вер вац.Нохчийн Республикин дуьхьа Джафаров Iаьрбис шегара гайтина бIаьрла хьуьнарш билгалдохуш Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана цунна совгIат дина Нохчийн Республикин уггаре а лакхарчу совгIатца – Кадыровн орденца. Иштта, цунна совгIат дина «Умматан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» II-чу даржан орденца. Цо тоьшалла до Iаьрбис бусалба уммат кхиорна ладаме хазна йукъайиллина хиларна.Терроризман кхерамна дуьхьал къийсам дIабахьарехь, кхерамзаллица кхачойарехь а жигара дакъалацарна цунна совгIат дина «Терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарехь билгалваларна» некха тIе уллучу билгалонца.I.Джафаров «Единая Россия» партин парламентан фракцин а, промышленностан, энергетикин, транспортан, терахьийн зIенан гIуллакхашкахула йолчу комитетан а декъашхо ву. Цо жигара дакъалоцу инновацийн гIолацарна, инфраструктурана модернизаци йарна, лаккхара технологеш йолу дакъош кхиорна тIехьовсийна долу законодательни дIадолораш кечдарехь, хIора дийнан дахарна кхузаманан технологеш йукъайалоран, цифровизаци йаран гIуллакхашкахь.Iаьрби сий-ларамечу доьзалехь Iаш ву. Цуьнан пхи доьзалхо ву. Царах хIораннан а хьокъехь гIайгIа бо цо, хIоранна тIехь тидам латтабо. Церан хIусамехь даима вовшийн лерам баран, гIиллакх-оьздангалла, эхь-бехк лардаран хьал лаьтта. Шен гергарчеран дахар, нохчийн дерриге а халкъан дахар санна зовкхе а, токхе а хилийтаран дуьхьа къахьоьгуш ву Iаьрби кIадвалар доцуш, шен масалца адамийн дог-ойла ир-карахIиттош.Iаьрби адамашка ладогIа а, адамаша дуьйцург хаза а хууш, маслаIате мотт болуш, хьекъале сацам бан хууш стаг ву. Шен шовзткъе итт шо кхаьчнехь а къоналлин шовкъ хаало цуьнан мехалчу гIуллакхашкахь. И санна волу стаг боккха йуьхькIам бу йуьртана а, кIоштана а хилла ца Iаш берриге а махкана а.Юсупов Гелани(Гочйинарг Дадаев Сайд-Хьасан)
МБУ "Веденская районная газета "Керла дахар"
Джафаров Iаьрби: дахар а, тIаьхьало а
Джафаров Iаьрбин дахаран истори: зерашкахула, кхиамашкахула серлоне бина некъ бу. Цуьнан дахарехь хала киртигаш нисйелла Iаьрбин кхолламна дикка Iаткъам беш. Иза дуккха а зерех чекхвийлина, оцу зераша чIагIйина цуьнан амал, Iамийна доьналлица халонашна дуьхьал латта. Iаьрбин дахар бIаьрла масал ду къар ца валаран, Веза а, Сийлахь а волчу АллахIах тешаран, халонаш эшош, хьалха хIиттийначу Iалашонашка кхачаран. Цо гайтина дахаран мел чолхечу хьелашкахь а хьалхахьа некъ бан, кхиа стагана шегахь хьуьнар карош хилар.
Джафаров Iаьрби нохчи ву, Iаьрбийн орамаш долуш. И орамаш Турпал-Iелиний, ПетIаматаний (Дела реза хуьлда царна) тIера схьадогIуш ду. Церан кIентан Хьусайнан шовзткъалгIачу чкъурах – тIаьхьенах ву Iаьрби. Цуьнан дайн тептарша, дайша шайн тIаьхьенашка схьалуш схьадеанчу, дуккха а хаамаш Iалашбина церан дахаран а, гIуллакхаллин а хьокъехь. Оцу тептарша гIо до цара исторехь лелийначу маьIнех а, бусалба дин даржорна йукъайиллинчу хазнех а дика кхета.
Джафаров Iаьрби вина 1975-чу шарахь Веданахь, хьанал бехачу, къинхьегаман мах хуучу доьзалехь. Жималлехь дуьйна цуьнан ойла тIейахана йара бусалба дин, Iилма Iаморна. Цо воккха а веш Iамадора Сийлахь Къуръан, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш, бусалба динан арканаш. Делахь а, шен сатийсаме кхачаран некъ атта бацара, цуьнан банне а. Веданахь а, Нохчийчоьнан кхечу кIошташкахь а санна, хьал карзахе дара. Цуьнга хьаьжна ца Iаш иза тешаш вара Везачу АллахIа шена гIо дийриг хиларх а, нийсачу некъа тIе воккхург хиларх а, оцу некъа тIехь чIагIвала шена хьекъал, кхетам, ийман лург хиларх а.
2006-чу шарахь Iаьрбис кхиамца чекхйаьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Курчалой-Эвлара Исламан институт. Цигахь шена Iеминчух тоам ца беш, иза 2015-чу шарахь деша вахара Москварчу Кхузаманан гуманитарни академи. Иштта, 2022-чу шарахь I.Джафаровс «Теологин» говзаллехула Пятигорскера пачхьалкхан университет чекхйаьккхира, бакалавран диплом схьа а оьцуш.
Iилма карадерзош оцу лакхенашка кхачаре болчу очакхечу новкъахь дуккха а халонех чекхвийла дийзира цуьнан. 1993-чу шарахь, хIетта берхIитта шо кхаьчна волу Iаьрби Веданан маьждиган имам хIоттийра. Баккхийчарна дика дагадогIур ду иза. Луьра а, кхераме а зама йара иза. Ша къона хиллехь а, шегара Iилма, кхетам гайта, шен сий-ларам байта ницкъ кхечира цуьнан. Цуьнан корматалла а, гIуллакхна муьтIахь хилар а Нохчийн Республикин муфти хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин тидамза ца дисира. Муфтис иза шен сацамца 1995-чу шарахь Веданан маьждиган имаман даржехь чIагIвира. Къоначу Iаьрбин дахарехь мехала мур хилла дIахIоьттира иза. Нохчийчоь къийсамийн цIергахь йогучу оцу буьрсачу хенахь цунна тIехь дерг доккха жоьпалла а, хала декхар а дара, кхерамал сов. ХIетахь кхераме дара адамаш собаре, кхетаме хиларе, бусалба цIена дин лелоре кхайкхар. Ткъа цу тайпа кхайкхамаш Iаьрби хIора дийнахь беш вара маьждиган мимара тIера а, дика-вонехь а, йукъараллин меттигашкахь а. Вуно чIогIа кхераме дара иза. ХIора дош тIаьххьара хила а тарлуш. Ша имам хиларе терра цо луьра къийсам латтабора ваххабиташца. Цара хIокхунна а, кхуьнан доьзалшна а, гергарчарна а кхерамаш туьйсура.
Iаьрби кхеташ вара бакъонан некъа тIехIоьттина Нохчийчоьнан Муфти Кадыров Ахьмад-Хьаьжа йухавер цахиларх а, оцу новкъахь ваххабитийн боламна дуьхьал толаме кхаччалц цо къийсам дIахьуриг хиларх а. Цо лардеш дерг бусалба цIена дин дара. Шен майраллица, доьналлица адамаш цецдохуш вара иза. Цуьнан хIора дош къобалдеш вара Iаьрби иза Муфти волуш а, цул тIаьхьа Нохчийчоьнан Президент волуш а. Иза тосалора машаран мостагIашна.
2007-чу шарахь, кхерамаш тийсинчул тIаьхьа, IаьрбигIеран керта граната кхоьссира зуламхоша. Цхьадика, цхьанна а зен-зулам ца хилира, цIенна геригаш йеттайеллехь а. Оцо дагадаийтира Iаьрбина ларлуш хила везар. Амма иза дагахь вацара Кадыров Ахьмад-Хьаьжас йуьхьарлаьцна хиллачу некъа тIера дIахьовза а, ша беш болу болх сацо а.
Оцу чолхечу хенахь ваххабитийн шарIан кхиэло Iаьрбина вен кхиэл кхайкхира. Делахь а и вен аьтто ца белира церан. Ницкъ ца кхечира Iаьрби шен некъах вохо. Цуьнан майралло, доьналло, стогалло дукха нах ир-карахIиттабора оцу халчу, кхерамечу хьелашкахь, дукха нехан ийман чIагIдора. Шегарчу масалца цо гойтура уггаре а халчу хенахь а стаг ша верг хилла виса йиш хилар.
2003-чу шарахь Джафаров Iаьрби Веданан кIоштан къанойн Кхеташонан председатель хIоьттира. Цо куьйгалла дечу хенахь и кхеташо кIоштан йукъараллин дахаран мехала дакъа хилла дIахIоьттира. Цо лардора бахархойн хьашташ, тайп-тайпанчу гIуллакхашкахь церан гIолоцура. Дуккха а шерашкахь маьждиган имам лаьттинчу хенахь гулдинчо зеделлачо, хьикмато гIо дора Iаьрбина адамийн дахарехь нислучу галморзахаллашкахь а, къийсамашкахь а нийсо йан, бакъ-харц къасто, нийса сацам тIеэца, шен кIорггерчу Iилманех пайдаэца, и Iилма адамашна пайдехьа дерзо.
Iаьрбин дика амалш йагарйечу хенахь цуьнан собаре, кIеда-мерза, аьхна хилар ца хьахош Iойла дац. Цуьнгахь долчу собаро аьтто бо цуьнан геннарчу Iалашонашка кхача, халонех чекхвийла. Мел чолхе хьал тIехIоьттича а собарх волуш вац иза. Ткъа цуьнан дахарехь дукха нис а йелла, нис а ло чIогIа собаре, кIеда-мерза хила везаш меттигаш. Дукха адам лаьтта и волчохь, шайна йукъахь, гIуллакх суьде далале нийсо йар, шайн гIуллакхан йист йаккхар доьхуш. Цуьнга боккха лерам хиларан, цуьнга тешам хиларан билгало йу иза. Къовсаме йаьлла ший а агIо реза йеш, маслаIате сацам бан цунна хууш хиларна къеггина тоьшалла а ду.
Iаьрбина нийсо бохург деккъа дош хилла Iаш дац, иза цуьнан дахаран некъ бу, кеп йу. Нийсонна тIера вер воцуш стаг ву иза. Иза цо дукхазза а гайтина шен дахарехь нисделлачу тайп-тайпанчу хьелашкахь. Гайтина собарх. гIиллакхах, эхь-бехках ца вухуш, шега халкъан болу сий-ларам ларбеш. Къаьсттана ша 2006–2019-чуй шерашкахь Веданан кIоштан къеда волчу муьрехь Iаьрбийн дукха нисделла нийсонца, шарIо ма-бохху кхиэл йан йезаш меттигаш, Сийлахьчу Къуръанна а, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хьулда цунна) суннаташна тIе а тийжаш.
Оццу хенахь цунна хиъна пачхьалкхан суьдан системин балхана йукъа ца гIерташ, оцу декъехь къахьоьгучу бакъонашларйархошца бертахь, царах дагаволуш болх бан. Iаьрбис даима а леррина тидам тIебахийтина бусалбанийн доьзалехь бакъонаш ларйаран гIуллакхашна.
КIоштан къеда хиларе терра бусалба дин, шарIан лехамаш, бакъонаш йовзуьйтуш хьехамаш барца цхьаьна Iаьрбис доьзалехь, йукъараллехь адамашна йукъахь нисло къийсамаш дIабохуш, маслаIат до, кхеторан къамелаш до. Мотт говза лебарца цуьнан аьтто болу доьзалехь, адамашна йукъахь нисло галморзахаллаш дIайаха, церан барт бан, вовшашка болу тешам чIагIбан.
Джафаров Iаьрбис, шегара масал гойтуш, бусалбанаш ир-карахIиттабо дикачу гIуллакхашна, уьш къинхетаме, собаре хила Iамабо, церан ийман чIагIдо. Цо доккхачу маьIне лору тезетан гIиллакхаш, Iадаташ лардар. Цо чIагIдеш ма-хиллара, тезета веанчо шен леларца гайта деза кхелхинчух шена къахеташ хилар, цуьнан гергарчарах, доьзалх лог лозуш хилар, церан сий-ларам беш хилар. Ишттачохь массо а цуьнан хьехаме, хьикматечу даше леррина ладугIуш хуьлу.
Муниципальни урхаллин структурехь администрацин куьйгалхочун йукъараллин а, динан а гIуллакхашна тIехь терго латточу заместителан даржо шатайпа маьIна леладо. Иза йукъараллица а, Iедалан а зIенан маьIна лелош стаг ву, церан йукъаметтигаш аьхна а, кхачаме а хилийтарна жоьпалле волу. Оцу декъехь цо бечу коьртачу балхана йукъадогIура граждански йукъаралла кхиор, тайп-тайпанчу вирдашкахь болчара цхьаьнагIуллакхаш дар алсамдаккхар, церан уьйр-марзонаш чIагIйар, ткъа иштта халкъана йукъара барт, цхьаалла чIагIйар, дуккха а кхидерг. Цуьнца цхьаьна Iаьрбис гIолоцура бахархойн дешаран, культурин, социальни декъерчу дIадолорийн, ткъа цо шен рогIехь бахархойн жигаралла а, жоьпалла а лакхадоккхура. Иштта, цо жигархошна лерина семинараш вовшахтухура, церан хаарш, корматалла лакхайоккхуш, уьш керлачу кхиамашна ир-карахIиттош.
Iаьрбин хьуьнар бахьана долуш кIошт масал хилла дIахIоьттира Iедало а, йукъаралло а кхиамца цхьаьна гIуллакхаш дарехь, бахархой йукъараллин гIуллакхашна йукъаозорехь. Цуьнан балхо гIо дора социальни чIагIалла а, бахархойн жигаралла а лакхайаккхарна. Адамийн цхьаалла, барт чIагIбарна тIехьовсийна дукха гIуллакхаш вовшахтоха аьтто болура цуьнан. Шайн проектийн а, социальни программийн а гIолоцуш хилар гуш болчу кIоштан бахархошна хаьара шайна хетарг, луург мехала хилар.
Джафаров Iаьрбис кIоштан къедин даржехь бинчу белхан хьакъ боллу мах а хадош, 2020-чу шарахь иза Нохчийн Республикин муфтин наиб (заместитель) хIоттийра. Оцу даржо лоьхура кIорггера бусалба Iилма хилар, бусалбанашна йукъахь сий-ларам болуш хилар, йукъараллица ваза хаар, мехала проблемаш дIайаха хьуьнар хилар. И дерриге а Iаьрбигахь долуш дара. Цо жигара дакъалоцура республикин бусалбанийн динан урхаллин стратеги вовшахтохарехь, муфтиятан векало санна дакъалоцура маьIнечу конференцешкахь, кхечу мероприятешкахь. Иштта, муфтина гIо дора хьалха хIиттош долу декхарш кхочушдеш, динан урхаллин йерриге а подразделенийн белхан эвсаралла лакхайоккхуш. Цуьнца цхьаьна хьехамаш бора бусалба цIена дин довзуьйтуш, бусалбанийн ийман чIагIдеш, кхетам лакхабоккхуш. Уьш Iамабора зуламечу, питанечу боламех – экстремизмах, ваххабизмах, и.д.кх. ларбала. Цо чIагIйора тIарикъатийн цхьаалла.
Нохчийн Республикин Парламентан депутат хаьржинчул тIаьхьа а I.Джафаровс, хьалха а санна, йоккхачу жигараллица дIахьо халкъ ийманехь кхетош-кхиоран гIуллакхаш. Депутат хиларе терра, шен харжамхойн векал ву иза пачхьалкхана урхалла даран системехь, законаш дахарехь а, терго латторехь а йаккхий бакъонаш а йолуш. Цуьнга хьаьжжина Iаьрбис доккха дакъалоцу законаш кечдарехь, дийцаре дарехь, тIеэцарехь. Терго латтайо уьш кхочушдарна а, кIоштан бахархойн бакъонаш ларйарна а тIехь.
Депутата Джафаров Iаьрбис иштта кечдо керла законадательни дIадолораш йа хийцамаш йукъабалабо хIинца гIуллакхдеш долчу законашна, шен харжамхойн хьашташ а, лазамаш а, лаамаш а хьесапе а оьцуш. Уьш цунна дика а девза. Законаш дахаран болх бина ца Iаш Iаьрбис цхьаьна гIуллакхаш до Iедалан тайп-тайпанчу органашца, кIоштан бахархойн сагатдеш долу гIуллакхаш довзуьйтуш, проблемаш дIайохуш. Цо иштта цхьаьнакхетарш дIахьо Веданан кIоштарчу бахархошца, шен бакъонех пайда а оьцуш ларйо шен харжамхойн бакъонаш, кхочушдо церан хьашт-дезарш, гIо до Iедалан векалшца йа организацешца нисделла гIуллакхаш цхьалхадаха.
Кхин масане ду Iаьрбис шен халкъан а, мехкан а зовкхан дуьхьа денна деш долу гIуллакхаш. ХIокху цхьана статьяхь уьш ур-атталла дагардина а вер вац.
Нохчийн Республикин дуьхьа Джафаров Iаьрбис шегара гайтина бIаьрла хьуьнарш билгалдохуш Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана цунна совгIат дина Нохчийн Республикин уггаре а лакхарчу совгIатца – Кадыровн орденца. Иштта, цунна совгIат дина «Умматан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» II-чу даржан орденца. Цо тоьшалла до Iаьрбис бусалба уммат кхиорна ладаме хазна йукъайиллина хиларна.
Терроризман кхерамна дуьхьал къийсам дIабахьарехь, кхерамзаллица кхачойарехь а жигара дакъалацарна цунна совгIат дина «Терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарехь билгалваларна» некха тIе уллучу билгалонца.
I.Джафаров «Единая Россия» партин парламентан фракцин а, промышленностан, энергетикин, транспортан, терахьийн зIенан гIуллакхашкахула йолчу комитетан а декъашхо ву. Цо жигара дакъалоцу инновацийн гIолацарна, инфраструктурана модернизаци йарна, лаккхара технологеш йолу дакъош кхиорна тIехьовсийна долу законодательни дIадолораш кечдарехь, хIора дийнан дахарна кхузаманан технологеш йукъайалоран, цифровизаци йаран гIуллакхашкахь.
Iаьрби сий-ларамечу доьзалехь Iаш ву. Цуьнан пхи доьзалхо ву. Царах хIораннан а хьокъехь гIайгIа бо цо, хIоранна тIехь тидам латтабо. Церан хIусамехь даима вовшийн лерам баран, гIиллакх-оьздангалла, эхь-бехк лардаран хьал лаьтта. Шен гергарчеран дахар, нохчийн дерриге а халкъан дахар санна зовкхе а, токхе а хилийтаран дуьхьа къахьоьгуш ву Iаьрби кIадвалар доцуш, шен масалца адамийн дог-ойла ир-карахIиттош.
Iаьрби адамашка ладогIа а, адамаша дуьйцург хаза а хууш, маслаIате мотт болуш, хьекъале сацам бан хууш стаг ву. Шен шовзткъе итт шо кхаьчнехь а къоналлин шовкъ хаало цуьнан мехалчу гIуллакхашкахь. И санна волу стаг боккха йуьхькIам бу йуьртана а, кIоштана а хилла ца Iаш берриге а махкана а.
Юсупов Гелани
(Гочйинарг Дадаев Сайд-Хьасан)