беза мохь гехь токхуш санна,со лела, со текха денна,йист йоцчу геналле генна…Сан хьал-де ахь хоттуш суна,гехь текхо мохь байло хьуна,хих ваьлла хlаваэхь санна,садеlар сан толо хьуна.Ган лиъча къовла сан безабlаьргаш сайн, хьан суьрте хьежа,дуьненан серло ца оьшусуна, цу, хьан суьрте хьоьжуш.Баккъал а хьо ца го денош,бlаьргаш а къевлина дахалаара, дилха дог делошсайн дахар хаздина ваха.
DOVH DEGNASH
Хи бухахь хан йоккхуш санна,
беза мохь гехь токхуш санна,
со лела, со текха денна,
йист йоцчу геналле генна…
Сан хьал-де ахь хоттуш суна,
гехь текхо мохь байло хьуна,
хих ваьлла хlаваэхь санна,
садеlар сан толо хьуна.
Ган лиъча къовла сан беза
бlаьргаш сайн, хьан суьрте хьежа,
дуьненан серло ца оьшу
суна, цу, хьан суьрте хьоьжуш.
Баккъал а хьо ца го денош,
бlаьргаш а къевлина даха
лаара, дилха дог делош
сайн дахар хаздина ваха.