​​Мархийн бетта тIаьххьарчу дийнахь, малх чу а буьзна, маьркIажа хан хиларца чекх болу мархийн бутт.

И чекх баларца суннат хуьлу, Ӏийд ламаз даллалца Дела воккхавар. Ткъа Дела воккха, муьлххачу хенахь а, муьлххачу хьолехь а вийр ву. Фарз ламазна тIаьхьара, стегарша а, зударша а, жамаIатца ламаз дича а, ша хIоьттина дича а кхочуш дийр ду хIара суннат, ша фарз ламаз дина мосазза волу Дела воккхаварца, салам ма-делла, - «астагIфируллахI, астагIфируллахI, астагIфируллахI, алла‌хIумма антас-сала‌м, ва минкас-сала‌м, таба‌ракта йа‌ залжала‌ли вал икра‌м», - аьллачул тIаьхьа, цкъа Дела воккха а вина, тIаккха шен кхидIа тасбихь дийр ду. ХIоккхул аьлла хIоттийна барам боцуш, мелла а воккхавийр ву цу деношкахь Дела.
Ткъа Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) кху кепара вора Дела воккха аьлла деъна цхьа а куц дац, амма цуьнан асхьабашкара деъна ду, царах муьлхха а лело мегар ду, уьш:
-Салма‌н Фа‌рисис (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:
«АллахIу акбар, АллахIу акбар, АллахIу акбару каби‌ран».
[БайхIакъий, агIо: 3/316]
-Ибн МасIу‌да (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:
«АллахIу акбар, АллахIу акбар, ла илахIа иллаллахIу валлахIу акбар, АллахIу акбар, ва лилла‌хIил-хьамд».
[Ибн Аби ШайбахI: 5633]
-Ибн Iабба‌са (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:
«АллахIу акбару каби‌ран, АллахIу акбару каби‌ран, АллахIу акбару ва ажаллу, АллахIу акбар, ва лилла‌хIил-хьамд».
[Ибн Аби ШайбахI: 5646] https://t.me/Pamadan_Butt

Комментарии

Комментариев нет.