Вайна вешан къомах, цуьнан Динах, ГIиллакх-Оьздангаллех, маттаха, Нохчийн Синамехаллех дог даккха, мостагIаша детташ дIовш ду церан, вайна юккъе харц хабарш даржош, эладиттанаш, харц кицанаш кхуллуш, шайна оьшшу истореш язъеш вай емалдарца, царнатIехь кинош йохуш, спектакалаш хIиттош, де а, буьйса а ца дойъуш жигара болх беш бу, Делан а вайн къоман а мостагIий...(и ЦIуцIа-МуцIа ву шуна кху суьртатIехь верг, шайн устаз ленининна доIа деш)Цкъа а Нохчашлахь хилла а, лелла а доцурш даржош, эвхьазалла вайна юккъехь яржош. Яхь-Эхь доцу осала хIуьмуьлгаш гойтуш, Iаламате боккха ницкъ бу вайна цу Iаткъамехула тIетаIийнарг!Цаьргахула вай баххаш шеконе а дохуш, дог а диллийтина, вайн Кхетаман Iуй бохо гIерташ лерина, цхьадолу цареха дерш, цу гайтаман баххаш билгала дохура вай кхузахь.Цкъа а Нохчашна хезна а доцу хIуманаш вайха ду бохуш, цаьрца тило гIерта уьш, шайн харцонна Нах буха балоран Iалашонца.И ЦIуцIи-муцIийгахула Нохчийн Сийлаллаш беламе дохуш, коьртана дика воцчу Асхьабехула, цу жухургашкахула маьттаза хIуманаш Iамош Кегийрхошна. Эхьаза муьжгийн кхетамехь йолу эшарш яржийна вайн маттехула, ладогIа а Эхь долуш йолу. Царна дика хаьа, хьекъална буьйда болчу Кегийрхоша, шайна гойттург схьалоцуш дуйла, тIаккха цара уьш леладойла а. Цареха болу ирча стом вайна тахана гуш бу, вайна цкъа а гина а доцурш, цхьаболчу Кегийрхошкара оьгучу эрчаллашкахула.«Йайначу тIаьхьено -Дай хестор бу», аьлла йоккха Iалашо ю цунна бухахь.ХIара баккъалла а вайн Дайша аьлла моьтташ бу вайна юкъахь шортта.ХIара вайн Дайшкахь даьхначу, Доьналлех, Маршонах церан болчу кхетамах, церан хьуьнарех, ГIиллакх-Оьздангаллех, цу Сийлахьчу зIенех дIахедон лаамца юкъа даьккхина ду цара. Церан дикаллаш вайга тIекхуьучу чкъурашна ца хьехийта. Уьш хьехош, дуьцуш доьвзаш хилча, цареха Нах хир болун дера, цу шайн Дайн хазчу масаллашца дахарехь нисбала а гIерташ. ТIаккха цареха империна кхоьбанаш ца йало вукхаьрга. Уьш шайн баххаштIехь мел бу, царна шаьш муьлш ду мел хаьа. Доцца аьлча-иза вайн эзар шерашкахь кхетош-кхиорехь лаьттинчу Iамратанна, доккхачу хIилланца зIе хадош долу дIовш ду, вайна лардала хаа дезаш долу!«Да ца вилхинчу докъах-Нах ца билхина!»ДIо жуькташна цхьана хенахь аьлларг, Нохчашна тIекхуллуш бу уьш, кху кицанца. Вайн болат санна яьхна Марзонаш а, Барт а бохо лерина.«Цхьаьна кхаа йайнашчохь Адам тIаIъзарца кхехкош хилла боху дийцарца, уьш Нохчий хилла ала гIертарца...»Вай маца хилла цу кепара къиза, вовшашца мостагIалла долуш? Цкъа а ца хилла. Мелхано а Вошаллийн марзонашца, цхьа доьзал санна даьхна хиларо чекхдаьккхина вайн къам Делан пурбанца, эзарнаш шерашкахула корта айъина, харцонашна доьхьала латта цу марзонаша, цу Барто ницкъ латтош, АлхьамдулиЛлахI...«Диканиг тIевоккхуш барз а бац-вониг чувуллуш ор а дац, бахарца!»Иза вай дика а вуо къастон ца хууш, акха нах ду ала гIертачунна бух бу цара ботта леринарг.Муха бац вайн и Сийлаллийн барз? Мел дукха Къонахий, Дешна Нах, Авлияаш, бIешерийн Баьччанаш бу вай Сийлахьа лоруш, царна ДоIанаш деш...Иштта шайна хIуй кхайкхийна боьха хIуманаш а ю...Мацах цкъа ширчу заманахьлера, кхечу къаьмнашна юккъахь эгна беламе хIуманаш, вайн цхьацца тайпанашна тIекхуллуш дийцарехула, юха уьш Нохчийн фольклорехь а яздарца тIечIагIдеш бохку уьш. Желтоша (грекаша) боца хадийна хен а, шайтIа а къардеш харц тайпанаш ду боху дийцарш а вайна тIекхухкуш, дуккха а болх бу цу шайтIанан бIоно вайна коча боьллина, уьш литта вайн хьекъал а ца кхочуьйтушДешначу Наханна Молланашна луьйш, цареха дог даккха ирча хабарш даржорца...ХIунда?И Дешна Нах ма бу, вайн Корта Нах лаьттина даиманна а Адам тиларах лардинарг, Делаца зIе латтийнарш, Цуьнан Динехула.«Нохчий цхьа къам дац, йа церан пачхьалкх хIотто хьекъал а, Барт а бац, бахарца!»Нохчийн санна чIогIа пачхьалкх мичахь ю, шен Иманах долчу Доьналлийн а, Эхь-Бехках долчу Вошаллийн а кхетамца, вайн дегнийн бIоьвнашчохь лаьтташ йолу, эзар шерийн бухтIехь маззакъ йоьлла, таханлерачу дийне яьлла, хIу хадаза Делан къинхетамца...КхутIехь хIара кIеззиг дерш билгалдахарца сацор вай, иштта долчу кхечарна а ойла самса йаккха.Нохчийн шира дош ду: «Дика дийца ахьа дика дахьар ду хьуна-вуо дийца ахьа вуо дахьар ду хьуна».Аьрсбин Абу-Бакр 18.01.17 ш***Хьо бецара сан Даймохк?Хьо ецара ДегIаста, Исламах дог долуш?Хьо ецара Нохчийчоь, ГIиллакхийн бохь болуш?Хьо ецара Нохчийчоь, Доьналлуо кхиийнарг?Дуьненчохь яьлла гоь, ПаргIато ларйинарг!Хьо бецара сан Дайн-Мохк, лаьттатIехь къаьсттина?ГIийланиг мисканиг, дог оьцуш хьистина?Хьо яцара Нохчийчоь, Къонахий кхиийнарг?Лардинарг церан доь, Маршонехь яхчийнарг!Хьо бецара Нохчийн-Мохк, дицдан хьайн йиш йоцург?Турпалан Нохчочун, тIаьхьенех кхерч болуш?Хьо бецара сан Дайн-Мохк, цу стигла кхоьвдинчу?Хьуьнарца кхочу бехк, Доьналлех лам болуш!Хьо ецара Нохчийчоь, Маршонах кхача берг?Маршонан къийсамехь, Маршонна кхоьллинарг?Хьо яцара Нохчийчоь, Паччахьий Къаной берг?Массуо а бераш хьайн, Маликаш лоруш ерг!Хьо ецара Нохчийчоь, Зударшкахь Сий кхаьбнарг?Эхь-бехках дуьззина, Iадаташ доттинарг?Хьо яцара Нохчийчоь, бакъонаш ларйинарг?Нийсонца дуьстина, Ламасташ нисдинарг!Хьо ецара Нохчийчоь, хьайн Эхарт лардинарг?Хьо децара Нохчийн къам, Уммат дог гIаттийнарг?Хи санна цхьаъ долуш, даьхна хьо Нохчийн къам!Малх санна ша сирла, Яхь йолу Нохчийн къам!Хьо бецара сан Дайн-Мохк, мостагIий кхийринарг?Уьш къежбеш цистина, шайн цIийла керчийнарг?Хьо бу И сан Дайн-Мохк, денбала безаш берг?Эккхабеш бода дохк, самабала декхар берг!Нохчийчоь хьан КIентий, гулбеш де догIур ду!ДегIаста хьан баала, дIаэккхо Де лоьхуш!Нохчийчоь хьан КIентий, гIоттун Де догIуш ду!Маршонан вайн гIала, Сийлаллехь йуттуш!Да виса хьан Дайн-Мохк, Iунал дан суй болуш!Хьан Нанойн ДоIанашна, Делера жоп долуш!Сий долу Нохчийчоь, дуьссийла хьуна тIе!АллахIан Беркаташ, ерзош хьо Шена тIе!!!Аьрсбин Абу-Бакр 27.09.15 ш https://vk.com/yalsaman
◄Истоþนน Ңохчน Рฉʒныﻉ►
:Мусаб ибн Умайр
ОЙЛА ЕЛАШ КХУ БЕЛХАН ВЕЖАРИЙ, ДIАТАТТА СИХ ЦА ЛУШ!
Вайна вешан къомах, цуьнан Динах, ГIиллакх-Оьздангаллех, маттаха, Нохчийн Синамехаллех дог даккха, мостагIаша детташ дIовш ду церан, вайна юккъе харц хабарш даржош, эладиттанаш, харц кицанаш кхуллуш, шайна оьшшу истореш язъеш вай емалдарца, царнатIехь кинош йохуш, спектакалаш хIиттош, де а, буьйса а ца дойъуш жигара болх беш бу, Делан а вайн къоман а мостагIий...
(и ЦIуцIа-МуцIа ву шуна кху суьртатIехь верг, шайн устаз ленининна доIа деш)
Цкъа а Нохчашлахь хилла а, лелла а доцурш даржош, эвхьазалла вайна юккъехь яржош. Яхь-Эхь доцу осала хIуьмуьлгаш гойтуш, Iаламате боккха ницкъ бу вайна цу Iаткъамехула тIетаIийнарг!
Цаьргахула вай баххаш шеконе а дохуш, дог а диллийтина, вайн Кхетаман Iуй бохо гIерташ лерина, цхьадолу цареха дерш, цу гайтаман баххаш билгала дохура вай кхузахь.
Цкъа а Нохчашна хезна а доцу хIуманаш вайха ду бохуш, цаьрца тило гIерта уьш, шайн харцонна Нах буха балоран Iалашонца.
И ЦIуцIи-муцIийгахула Нохчийн Сийлаллаш беламе дохуш, коьртана дика воцчу Асхьабехула, цу жухургашкахула маьттаза хIуманаш Iамош Кегийрхошна. Эхьаза муьжгийн кхетамехь йолу эшарш яржийна вайн маттехула, ладогIа а Эхь долуш йолу. Царна дика хаьа, хьекъална буьйда болчу Кегийрхоша, шайна гойттург схьалоцуш дуйла, тIаккха цара уьш леладойла а. Цареха болу ирча стом вайна тахана гуш бу, вайна цкъа а гина а доцурш, цхьаболчу Кегийрхошкара оьгучу эрчаллашкахула.
«Йайначу тIаьхьено -Дай хестор бу», аьлла йоккха Iалашо ю цунна бухахь.
ХIара баккъалла а вайн Дайша аьлла моьтташ бу вайна юкъахь шортта.
ХIара вайн Дайшкахь даьхначу, Доьналлех, Маршонах церан болчу кхетамах, церан хьуьнарех, ГIиллакх-Оьздангаллех, цу Сийлахьчу зIенех дIахедон лаамца юкъа даьккхина ду цара. Церан дикаллаш вайга тIекхуьучу чкъурашна ца хьехийта. Уьш хьехош, дуьцуш доьвзаш хилча, цареха Нах хир болун дера, цу шайн Дайн хазчу масаллашца дахарехь нисбала а гIерташ. ТIаккха цареха империна кхоьбанаш ца йало вукхаьрга. Уьш шайн баххаштIехь мел бу, царна шаьш муьлш ду мел хаьа. Доцца аьлча-иза вайн эзар шерашкахь кхетош-кхиорехь лаьттинчу Iамратанна, доккхачу хIилланца зIе хадош долу дIовш ду, вайна лардала хаа дезаш долу!
«Да ца вилхинчу докъах-Нах ца билхина!»
ДIо жуькташна цхьана хенахь аьлларг, Нохчашна тIекхуллуш бу уьш, кху кицанца. Вайн болат санна яьхна Марзонаш а, Барт а бохо лерина.
«Цхьаьна кхаа йайнашчохь Адам тIаIъзарца кхехкош хилла боху дийцарца, уьш Нохчий хилла ала гIертарца...»
Вай маца хилла цу кепара къиза, вовшашца мостагIалла долуш? Цкъа а ца хилла. Мелхано а Вошаллийн марзонашца, цхьа доьзал санна даьхна хиларо чекхдаьккхина вайн къам Делан пурбанца, эзарнаш шерашкахула корта айъина, харцонашна доьхьала латта цу марзонаша, цу Барто ницкъ латтош, АлхьамдулиЛлахI...
«Диканиг тIевоккхуш барз а бац-вониг чувуллуш ор а дац, бахарца!»
Иза вай дика а вуо къастон ца хууш, акха нах ду ала гIертачунна бух бу цара ботта леринарг.
Муха бац вайн и Сийлаллийн барз? Мел дукха Къонахий, Дешна Нах, Авлияаш, бIешерийн Баьччанаш бу вай Сийлахьа лоруш, царна ДоIанаш деш...
Иштта шайна хIуй кхайкхийна боьха хIуманаш а ю...
Мацах цкъа ширчу заманахьлера, кхечу къаьмнашна юккъахь эгна беламе хIуманаш, вайн цхьацца тайпанашна тIекхуллуш дийцарехула, юха уьш Нохчийн фольклорехь а яздарца тIечIагIдеш бохку уьш. Желтоша (грекаша) боца хадийна хен а, шайтIа а къардеш харц тайпанаш ду боху дийцарш а вайна тIекхухкуш, дуккха а болх бу цу шайтIанан бIоно вайна коча боьллина, уьш литта вайн хьекъал а ца кхочуьйтуш
Дешначу Наханна Молланашна луьйш, цареха дог даккха ирча хабарш даржорца...
ХIунда?
И Дешна Нах ма бу, вайн Корта Нах лаьттина даиманна а Адам тиларах лардинарг, Делаца зIе латтийнарш, Цуьнан Динехула.
«Нохчий цхьа къам дац, йа церан пачхьалкх хIотто хьекъал а, Барт а бац, бахарца!»
Нохчийн санна чIогIа пачхьалкх мичахь ю, шен Иманах долчу Доьналлийн а, Эхь-Бехках долчу Вошаллийн а кхетамца, вайн дегнийн бIоьвнашчохь лаьтташ йолу, эзар шерийн бухтIехь маззакъ йоьлла, таханлерачу дийне яьлла, хIу хадаза Делан къинхетамца...
КхутIехь хIара кIеззиг дерш билгалдахарца сацор вай, иштта долчу кхечарна а ойла самса йаккха.
Нохчийн шира дош ду: «Дика дийца ахьа дика дахьар ду хьуна-вуо дийца ахьа вуо дахьар ду хьуна».
Аьрсбин Абу-Бакр 18.01.17 ш
***
Хьо бецара сан Даймохк?
Хьо ецара ДегIаста, Исламах дог долуш?
Хьо ецара Нохчийчоь, ГIиллакхийн бохь болуш?
Хьо ецара Нохчийчоь, Доьналлуо кхиийнарг?
Дуьненчохь яьлла гоь, ПаргIато ларйинарг!
Хьо бецара сан Дайн-Мохк, лаьттатIехь къаьсттина?
ГIийланиг мисканиг, дог оьцуш хьистина?
Хьо яцара Нохчийчоь, Къонахий кхиийнарг?
Лардинарг церан доь, Маршонехь яхчийнарг!
Хьо бецара Нохчийн-Мохк, дицдан хьайн йиш йоцург?
Турпалан Нохчочун, тIаьхьенех кхерч болуш?
Хьо бецара сан Дайн-Мохк, цу стигла кхоьвдинчу?
Хьуьнарца кхочу бехк, Доьналлех лам болуш!
Хьо ецара Нохчийчоь, Маршонах кхача берг?
Маршонан къийсамехь, Маршонна кхоьллинарг?
Хьо яцара Нохчийчоь, Паччахьий Къаной берг?
Массуо а бераш хьайн, Маликаш лоруш ерг!
Хьо ецара Нохчийчоь, Зударшкахь Сий кхаьбнарг?
Эхь-бехках дуьззина, Iадаташ доттинарг?
Хьо яцара Нохчийчоь, бакъонаш ларйинарг?
Нийсонца дуьстина, Ламасташ нисдинарг!
Хьо ецара Нохчийчоь, хьайн Эхарт лардинарг?
Хьо децара Нохчийн къам, Уммат дог гIаттийнарг?
Хи санна цхьаъ долуш, даьхна хьо Нохчийн къам!
Малх санна ша сирла, Яхь йолу Нохчийн къам!
Хьо бецара сан Дайн-Мохк, мостагIий кхийринарг?
Уьш къежбеш цистина, шайн цIийла керчийнарг?
Хьо бу И сан Дайн-Мохк, денбала безаш берг?
Эккхабеш бода дохк, самабала декхар берг!
Нохчийчоь хьан КIентий, гулбеш де догIур ду!
ДегIаста хьан баала, дIаэккхо Де лоьхуш!
Нохчийчоь хьан КIентий, гIоттун Де догIуш ду!
Маршонан вайн гIала, Сийлаллехь йуттуш!
Да виса хьан Дайн-Мохк, Iунал дан суй болуш!
Хьан Нанойн ДоIанашна, Делера жоп долуш!
Сий долу Нохчийчоь, дуьссийла хьуна тIе!
АллахIан Беркаташ, ерзош хьо Шена тIе!!!
Аьрсбин Абу-Бакр 27.09.15 ш https://vk.com/yalsaman