Ассаламу lалайкум. Тахана бусалб нехан паччахьи чlогlа декъаза бу массо меттехь а, керст нахан бохка белла, бусалб долу шай къемнаш къизаллехь латтош бу, я динехь верг ца вуьту цара, я суннат дlа хотта ца дуьту цара, уьш дlа бехча бен цхьа хlума нис лур доци гуш ду, уьш хийца ху дан деза вай?Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!Муха правительш дlа муха бохур бу!? игишо мас правитель дlа веккхина аьлла ас хаттар дахь дала жоп дуй хьан!? дер дац-кх! амма ас кхи цхьа хаттар лур ду тlаккха, игишо мас бусалб стаг дlа веккхина, бусалбам дуьйцура дацар, мас мужжахlид дlа веккхина, шен мохк а, шен цlерниш а битин, Аллахl дуьхьа шен са гlазотехь дlа дала ара велла волу, бусалб нахан паргlато йоккхуш дакъа лаца вахан волу мас мужжахlид дlа веккхина цара!? цу хаттарна далам хир ду жоп, дуй!? дер ду-кх шеко йоцушам, делахь моццала аьлла хотто терахь ца тоъ там букх!Амма правительш дlа бахар аьлча, уьш дlа бехча нис луш дерг хlун ду!? уьш дlа бехча церан метта хуьттуш берш и саннарш бац!? паччахьех доьзна цхьа а хlума дан дац! вайх доьзна ду дерриге, вай хила ма дезза нис делла дlа ма хиттина паччахьи Дала ша бохур бу дlа! муха бохур бу хаьи хьуна!? хьуна хета тарло цхьа 100 000 мужжахlид кеч вина Дала церга дlа бохуьйтур бу ас эр ду моьттуш хир ду хьуна, я Дала стиглар lазап доссина мохк хlаллак беш дlа бохур бу эр ду моьттуш хир ву хьо! бохур бац, мелхо Дала цхьа чуьрк яитина, оцу чуьрке хlаллак войтур вукх кху дуьнен тlехь ас-со бохуш волу паччахь! нагахь тховса са хилле вай хила ма дезза дlа хиттахь, кхана суьйре яле Дала хуьйцур букх уьш, цу тlехь шеко ян яц, я цу тlехь шеко хила езаш а яц, цу тlехь вай шеко хилар ду вайна тlехь хlара хьал латтар бахьнех цхьа бахьан! делахь Аллахl дин а, Аллахlи суннаташ а ца девзу нах кхето хала ду-кх долчу хьолах, жимма ша ца кхеташ дош ма нис деллехь хьуна тlе мохlар тоха кеч белла lаш букх нах! паччахьехь доьзна а, я цунна керахь а цхьана кепар хlума дан дац! цунна хетам хета шен керахь къехь де, адмо ша дукх тIех ваз вина хьала айбича, цу адманна ше керахь ду дерриг аьлла тар делли хиъча, амма дац цунна керахь цхьа а хIума! нагахь цо ду бахахь, кху дерриг дуьнен урхалла деш паччахь и велахь а, и валал Дала яз динчунна тIера цхьа мискъалазарратал!И паччахьи Дала вайна белла бу, вайна кхечу кепар берш хьакъ боцан дера, цун Дела Пайхамар асхьаб хин волу, халиф хин волу Iелас ма аьлла, шега цхьам тIе веан хаьттича, Абу-бакр а, Iумар а, Iусман а, уьш халифаш болчу хена ма дацар хIара питнаш, хьо ма веан хIунда ду хIара питнаш аьлла шега цхьана боьхачу стага хаттар дича Iелас аьлла-кх, уьш халифаш болчу хена церан куьга къелахь болу нах со санна болу нах бар, ткъа ша халиф волчу хена ше куьга къелахь берш хьо санна нах бу, цун дела ду иштта питнаш! иштта ду хьал, вай хьоле хьежжина Дала вайна тIе хиттина бу уьш, вай миллион паччахь хийцарх, хIора дийнахь 1000 хуьйцуш вай уьш хийцарха, цхьана кепар, я цхьа а хIума хийца лур долуш дац, хийца мац лур ду хаьи шуна!? дер хийца лур ду вай хийца лахь, тахан сатисли вай хийца лой, тIаккха Дала кханалера суьйре тIе яле вай хьал а хуьйцург хилар тIехь шеко ян яц-кх! вай тахан сатасли Пайхамар асхьабаш санна дIа хуьтти, бус сахиллалц, когаш чу цIи доссалца ламазехь лаьтташ, Iусман санна цхьан ламазехь бус сахилле дерриг Къуръан доьши чекх доккхуш, юха Iуьйкъе ян кхуьуш ца кхуьуш марха лоци Iуьйренга довлуш, тIаккха Iуьйра ламазехь маьждиг дуззи ламазе хуьттуш, цу кепар вай тховса цхьан буьйсанна хийца лой, ас чIагIо йокх шуна тIаккха кхана суьйре тIе яле Дала вайна Iумар ХаттIаб санна волу паччахь лур ма ву, хIинца хIара са къамел доьшуш хьо волчулла а чIогIа дог тешна вукх со цу тIехь, хIунд аьлча АллахIи суннаташ ду уьш иштта, и агIо сайна евзан дер ву-кх со оццула чIогIа цу тIехь дог тешна! цун дела ма аьлла Ибн Къаййима Дала муьлхха къоман тIе хоттош волу паччахь цу къомо яш йолу Iамал ю, цу къомо яш йолу Iамал адми суьрте йоккхи, и ю Дала цу къоман тIе хоттош ерг! и ду вай хьал, кхи хIумма дац! тахан паччахьо харцо йицич цец довлу вай!? валлахIи ца довлу цец довла меттиг болушам! иман долуш бу, Iилма долуш бу, суннат, товхьид долуш бу боху нах, машаАллахI, халифат, шариIат аьлла бен биста ца хуьлуш болчу нехан хьоле хьажа, тIаккха Ибн Къаййими дешнишцани хьолан ойла е кхетар ву-кх хьо! паччахьо пуьтш боьттича цец довлу вай!? хIицца ас аьлларг де! паччахьо нахан зулмаш дича цец довлу вай!? хIицца ас аьлларг де! паччахьо доцарг дицич цец довлу вай!? хIицца ас аьлларг де кхетар ву-кх хьо дерриг мичар ду!Амма вай хила ма дезза дIа хуьтти, тIаккха Дала ше чуьрк схьа йоуьтур юкх цу паччахьна, чекх ели хьа хан аьлла, ше лайш шена тIе бирзи, ткъа са бакъ болу лайшна хьакъ вац хьо санна паччахь аьлла, ша ву Дела бехна волчу Намруд паччахьна ма яиттара, иза цхьан махкан паччахь вацар хьуна, дерриг дуьнен паччахь вар хьуна, ойла ехь дерриг дуьнен паччахь Дала хIаллак муха вина! со хIинца цунна дийцар дийца вола велча дерриг дуьнен паччахь вар, иза Дала хIаллак вир бохуш со дийца вола велча, ахь ойла йир юкх ма доккха, ма буьрса эскар хир дукх цунах леттарг бохуш, сихха схьа дийцина валхьар хIара бохуш, мас эзар мужжахIид вар те-хь цунах леттарг, мас миллион долллар ара декхнер те-хь цара цу паччахьца тIом бан, мас ядорный герз хиллер те-хь цергахь бохуш! делахь Дала цунна иштта доккха эскар ца кеч динер, Дала цунна цхьа чуьрк яхитнер, ойла ехь, ахь пIелгац юш йолу, мел чIогIа гIийла чунга а, бере а, зеIпа чунга а елуш йолчу, оццул гIийла хIума йолу цхьан чуьрке хIаллак вайтин-кх Дала дерриг дуьнен урхалла деш волу паччахь! мел къезиг хIума дац иза! чуьрко хIаллак вина шен дийцар чекх деллехьам шен ирс ма дари цунна, кхин сийсаз хилла воцуш, АллахIа мелхо шен мерчу чуьрк яхитина, коьрте хьала яхан и чуьрк, и цу чохь меттах ялча корт хьер боли дан хIума доцуш бIарз лой, тIаккха коьртах хIума тоьхча жимма воле хеташ хилла цунна, ша лай вина лелош волу шен лай дIа хоттина, и шен коьрта чохь меттах масуз йолу шен лайне шена коьртах мийра боьттутуш велла-кх! ойла ехь, дегI тIехь уггар сийлахь меттиг ю корт, оцу коьртах лайно мира бетташ велла-кх ша ву Дела бехна волу, дерриг дуьнен урхалла деш хилла волу Намруд паччахь! Дала и дIа хьенга ваккхитина а ойла е, юха Дала мел сийсаз вина а ойла е!Иштта ша ву Дела бохуш мохь биттин волу, ша бен кхи Дела ван вац бохуш нах хьийзина волу фирIовна хьам вина хIаллак!? адмо молша, ше гIуллакхана лелош долчу хино хIаллак вина-кх! мац вина хаьи хьуна!? цунна къам шай сийсазаллехь Iаш долуш, шай боьхаллехь дIа лелаш долуш ца вина, мелхо фирIовн велахь, я мил велахь шайна нийсо билгал ма еллина цу нийсон тIе дIа хIиттина, цу нийсон тIехь шеш чекх девр дукх аьлла АллахIан тIе болх биллина, шай динехь уьш дIа ма хиттина, АллахI дин тIехь уьш нис ма белла хIаллак вина фирIовн! бозбуунчарла деш болу нах Муса охьа таIо схьа бехкича, фирIовн Дела ву бохуш хилла болу нах, Мусагар шайна нийсо билгала ялча, оха им дуьллу Муса Делац аьлла фирIовнан хьалха Далла сужуде эгча, мел боккха кхерам бу царна, делахь мел чIогIа кхерам белахь тхо дахал кху некъ тIера аьлла АллахI дин тIехь нис белла уьш дIа ма хIиттина Дала хIаллак вина фирIовн! фирIовнах а, цунна эскарах а леташ кхара къа хьега а ца оьшуш, Дала шен хи тIе хецна-кх царна! иштта ду АллахIан суннаташ, тахан вайгар хьал вай эзир паччахь хийцарха хийца лур долуш дац, паччахьи хийцарха нис дала цхьа а хIумма дац, доци хуур ду дуьнен чу жиммал бIергаш схьа диллина дIас хьежначунна, 500 шарахь бен хийцалуш йоцу историй хийца елла дуьнен чохь кху тIаьхьар 7-8 шар юккъехь, паччахьи хийца баларца, амма бусалб нехан хьал хIора дийнахь эшаме бен ца дахна! и ду и вайн Iакъидат ца йовзар, АллахI суннаташ ца довзар! Iакъидат аьлча цхьа болчу нахан моьтту Iакъидат иза АллахI стиглахь ву, АллахIи ши куьг ду, такфир дан деза, валаъ-бараъ...уьш Iакъидатан эзир хаттарех цхьа долу хаттарш бен дац, Iакъидат коьрта стом и бац, Iакъидат юкъар ду паччахь хийца валарха цхьана кепар хийца дала хIума доци хаар, цунна керахь цхьана кепар хIумма доци хаар, хIара дерриг дуьне цхьа кнопка тIе таIина эккхиталур долуш герз вай керахь хиларха хийца дала хIумма доци хаар, ахча деш йолу машинка вай керахь хилча, вай динарг бен кху дуьнен тIехь лелаш ахча ца хилча хийца дала хIумма доци хаар, иштта и ю Iакъидат! тахан шортта нах ма бу хеташ хIоккхула оццула герз далхьара ма къехь де дийр дар бусалб наха, хIоккхула оццула ахча далхьара ас россия йохор яр аьлла хеташ! валлахIи кху дуьнен тIехь массо бусалб стаган, хIоранна луучу кепар, цунг шега мечтать дойтуш, цо бох боху ахчи герзи цунг дIа даларха кху дуьнен тIехь хийца дала хIума ма дац! я цхьан хIуман тIехь бусалб нехан хьал толур ма дац! я керс стаг оьшур ма вац! я бусалб нехан сий айбалур ма дац! я бусалб нах сийсазлонгар хьала бевр ма бац! Делахь и дерриге нис мац лур ду хаьи шуна!? дер лур ду ас лакхахь ма диццара вай хийцалахь, иштта вай динехь нис лохь тIаккха хийца лур ду вай хьал а, вай паччахьи а Дала тIаккха ша хуьйцур бу, цхьа чуьрк схьа яитин! Салахьуд-Дин, Акъса маьждиг схьа деккхина волу къонах, цхьан буьйсина шен эскар юккъехула вола велла-кх церан хьоле хьажа, цхьан четар чу хьежча цу чохь берш ламаз деш карина, цо аьлла тIаккха: ХIоккхера схьа богIур бу шуна толам, юха дIа воьдуш кхечу четар чу хьежча бишин Iаш карина цу чохь берш, тIаккха аьлла цо: ХIоккхера схьа эшам а богIур бу шуна, ойла яйш, кхана Iуьйран хьала гIиттина тIамехь лат безаш болу къонахи буьйсин дIа бишин церга садаIита а реза вац Салахьуд-Дин! хIунда вац хаьи шуна!? дер вац цунна дукх дик хуун дера шегахь мел чIогIа герза хилар, шеца мел анди кIенти хиларха, шегахь мел доккха герз хиларх, шегахь мел дукха ахча хиларха шай Делац йолчу юкъа меттиге хьежни бен Дала шайна толам лур боци шена дукх дик хуун дера! а Iуьйра хьала гIевттина интарнет ловзой, ара девла некъ ларой, я чат ятти, я играх ловзи, я кхи цхьа дуьнен хIума лаха балха дах дезаш долу вай бус сахиллалц дишин Iохку! тIаккха дик правитель веза вайна!?КъустIантIиниййахI схьа муха яккхира ахь аьлла Мухьаммад Фа́тихье хаьттича жоп муха делла хаьи шуна цо!? оццула чIогIа хилла йолу импери муха яккхира ахь схьа аьлла хаттар дича, цунна жоьпе вай хьоьжар дукх цхьа инзаре доккха, анди догIмаш долуш, даккхи герзанш долуш, эзирнишкашь кеч дина эскар дахитина яккхира аьлла! делахь иза нийса жоп дац, Мухьаммад Фа́тихьо шега и хаттар дича жоп делла: И схьа якхле хьалхар буьйса сахиллалц Далла хьалха хоьттина ламазехь яккхир ша, юха Iуьйранна марха лаьцна марха долуш вар ша и схьа йоккхучу дийнахь, тIаккха баккъалла и схьа яккхина ше шин бIерган схьа гича Далла баркалла олуш сужуде вуьжир ша!ТIаман кеч дина ахч дукха хилла, я герз чIогIа дерг хилла, а мужжахIидаш сов хилла бусалб нах тIемехь тоьлла меттиг исторехь ян яц! дуьххьар дуьйна чекх яллалц исторехь лаха иштта меттиг хьайна кар йой хьажа, цхьана меттехь карор яц хьуна цу кепар меттиг! бусалб динехь уггар хьалха бусалбани керстани юккъехь хилла долу Бадр гIазот, хIижри календарьца 2-гIа шарахь хилла долу, 313 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 1000 хилла хьуна, цу замангахь уггар ас-со бохучу кепар кеч дина схьа далина хилла керст нехан эскар, ткъа бусалб нахехь лортIехь тIе хевшина дIабаха хIума а ца хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!-ГIазват муътахI олуш долу гIазот, хIижри календарьца 8-гIа шарахь хилла долу, 3000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 200 000 хилла хьуна, бусалб нахах 14 мужжахIид бен дIа ца кхелхаш толам бусалб нахех хилла хьуна!-Ярму́к олуш долу гIазот, хIижри календарьца 13-гIа шарахь хилла долу, 36 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 240 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!-Къа́дисиййахI олуш долу гIазот, хIижри календарьца 15-гIа шарахь хилла долу, 30 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 200 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!-НахIаванд олуш долу гIазот, хIижри календарьца 21-гIа шарахь хилла долу, 30 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 150 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!-Ва́ди ЛуккахI олуш долу гIазот, хIижри календарьца 92-гIа шарахь хилла долу, 12 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 100 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!-БалатIуш-ШухIада́ъ олуш долу гIазот, хIижри календарьца 114-гIа шарахь хилла долу, 10 000-30 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 200 000-400 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!-Малаз Курд олуш долу гIазот, хIижри календарьца 463-гIа шарахь хилла долу, 40 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 200 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!-ХьиттIын олуш долу гIазот, хIижри календарьца 583-гIа шарахь хилла долу, 25 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 63 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!-ДунуниййахI олуш долу гIазот, 1276-гIа шарахь хилла долу, 10 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 90 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!-Иштта дуьххьар тIамехь россица вай а туьлир, ах дуьне дIа лецна, дерриг дуьйне шех кхоьруш Iаш йолу россица туьлар картан тIе язош доцу къам, цхьан тоьпан тIехь хоттина маситта тIемло волуш, кхи керахь герза доцуш ара девла долшехь, иза а кхин тамаш бан хIума ма дац нагахь вай АллахIах тешаш делахь, Дала ма боху: “Масне жим тоба ю, йоккхачу тобанна дуьхьал (леташ) тоьлла АллахIан пурбанц” [Сурат: ал-Бакъарах1, аят: 249]Ткъа бусалб нах дукха болуш, ницкъ алсам болуш, шортта кечам болуш керст нахах леттачу тIамехь даиман эшна бусалб нах исторехь, масалина кхачаме а хир йолуш цхьа меттиг вай ялийча, Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам тIаьххьар дина долу Хьунайн гIазот, цу гIазотехь 12 000 мужжахIид вар Пайхамарца саллаллахlу lалайхlи ва саллам, оццула дукха мужжахIидаш болуш гIазот дина а дацар Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам цкъа а, ткъа царна дуьхьал волу керст 20 000-30 000 вар, бусалбнаш керстачарелла къезг хиллехь а, оццула дукха бусалбнаш болуш гlазот доьжна а ца хиларна дукх лоруш хилла-кх уьш, тlаккха керла дине бехкина болчу асхьабаш аьлла-кх шай дукхалла гина тамаш беш, тахан къезга хиллам оьшур дац шуна вай, Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам чlогlа ца деза делла цара и дешнаш аьлла, хlунд аьлча Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам хууш ма хилла толам дукхаллах, я герзанах, я ахчанах, я анди кlенти хиларха боьзна боци, толам Делац йолчу юкъа меттигах боьзна буй хууш хилла, дукхалла яци толам луш ерг, толам луш верг Аллахl вуй хууш хилла, и ю и lакъидат, тlаккха хlоккхехь керла дине бехкина асхьабаш аьлла дешнаш толам дукхалло луш санна нис луш ду, цун дела Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам хаьа lакъидат нийса ца хилахь толам хир боцу, цун дела чlогlа ца деза делла Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам цара и дешнаш аьлча, и дешнаш бахьан долуш эшаме а бахна уьш, и хьал дуьйцуш чlогlа хала сурт хоттош Дала дуьйцу цу хьокъехь Къуръан чохь, Цо боху: “Аллахl шуна дуккха меттигашкахь гlо ма дина, Хьунайн (гlазот) дийнахь а, шай дукхаллах аша тамаш бинчу хена, делахь шуна пайда ца белар цунах, ше доккхаллица хlара латта гат ма делир шуна, тlаккха баккъаш тоьхна юха ма девлир шу”. [Сурат ат-Товбахl, аят: 25]Иштта ду АллахIан суннаташ, цун дела дIа баккха беза и харц кхетам коьрта чуьра, керст нахац тола ахча деза, герза деза бохуш болу харц кхетам дIа баккха безаш бу коьрта чуьра, и кхетам болуш вай керст нахах цкъа а тоьлар дац, цун дела Жовхарс шега цхьама хаттар дича ша делла жоп дуьйцуш элир, кеман тоха хIума йоцуш россица вай тIом муха бийр бу аьлла шега хаттар делча цхьана воккха стага, ша элир бахар, АллахI вац вайца, вукхо ву, тIаккха кхи хIун оьшу хьуна элир ша бохуш дуьйцу цхьан видео тIехь, иштта хила езаш ю Iакъидат, и ю и Iакъидат, цун дела Дала вайна толам а белир, ткъа тахан дерриг ахчанци, герзанци дустуш ду, хIоккхула герза деза, хIоккхула ахча деза бохуш, хIуман кечам бан ца беза бохург дац сан, кечам хила беза, амма и толам цунах боьзна бу мотта ца деза, тахан вайна массарна хилларг иза ду, хьо хьенца къамеле валахь, муьлххачо олу хьуна дIавала оццула герз ма дац бусалб нехан, и дан дукха кечам ма беза, я хIоккхула ахча далхьара бусалб наха къехь де дийра ма дар, хIара ю тахан бусалб нехан Iакъидат, цкъа ткъа толам Дала шен бакъ болчу лайшни бен луш бац, хIунд аьлча Дала ма боху: “Тхуна тIехь хьакъ хилла-кх муъмин нахан толам балар” [Сурта: ар-Ру́м, аят: 47] и ца олу цхьаммо, кхунах кхеташ верг къеззиг ву, массарна моьтту шортта ахча хилча хийца лур дар хьал, я шортта герз хилча хийца лур дар хьал, я паччахь хийцича хийца лур дар хьал! ткъа Далам вайн толам лур ма бац вай Iакъидат иштта йолуш, кхунах вай нийса кхетчи бен!Иштта ца хеза хьуна цхьаммо олуш бусалб нах гIелонехь бу, сийсаз хилла бу, вайна тIера хьал хийца лур дац вай веш хийца делча бен, хIунда аьлча Дала ма боху: “АллахI къоман тIера хьал хуьйцуш ма вац, уьш шай догIмашкахь хийца белча бен” [Сурат: ар-РаIд, аят: 11] и ца олу цхьаммо, кхунах кхеташ верг а къеззиг ву! тIаккха муха лур бу Дала вайна толам!? я муха хуьйцур ду Дала вай хьал!? я муха лур ву вайна дик паччахь!? вай Iакъидат хилчахь и дерриг деш дерг, и дерриг керахь дерг ахчи, герзи, паччахь ду аьлла! Делан керахь ду и дерриге аьлла яц! вай багахь алам олу массара Дела керахь ду ша дерг нууу...и “ну” ду цигар дIа даккха дезаш! и совнах ду! оцу Iакъидатцани Дала вайна толам баларе са а муха туьйсур ду вай!? цкъа а лур бац цу Iакъидатца Дала вайна толам, Iакъидат нис елча бен Дала толам лур бац Iелам наха олуш сайна хезча, суна моттар хьалха цара юцу Iакъидат АллахI стиглахь ву, АллахIи юхь ю, ког бу, ност ю, хезаш ву, гуш ву боху хIумнашкахь нис дала деза боху, и дац цунах лууш дерг, цунах лууш дерг хIицца ас юцуш йолу Iакъаидат ю! Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис дуьйцу Палестинехь цхьана жуьгтий чо бусалбачунга аьлларг, жуьгтий чо аьлла шена хаьа аша тхо дойъар долуш дуй, дитт а, тIулг а биста хуьлуш, схьа вола хIай бусалб хIоккхуза дIа лецкъан ву хьуна хIара жуьгтий ве бохуш аша тхо дойъар долуш ду, иза тхуна хууш ду, тхо цунах тешаш ду аьлла цо, иштта цу хьокъехь хьадис ма дай вайна Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам дийцина, тIаккха аьлла цу жуьгтий чо делахь и болх тхуна тIехь бен дерш шу бусалб нах дац, вукхо цец ваьлла аьлла, муха тхо дац, кхи муьлш бу тIаккха аьлла? жуьгтий чо аьлла и болх тхуна тIехь бийр берш Iуьйра ламазехь маьждигаш хьала дузуш хин болу бусалб нах бу, ткъа хIинца бусалб нехан маьждигаш Iуьйра ламазехь хьала дуза гена ду! и ду вай теша дезаш дерг, иштта хила езаш ю вай Iакъидат, иштта вай веша Iакъидат нис яхь, тIаккха АллахI дин тIехь вай нис а лохь, АллахI де бохург дарца, цо ма де бохучунна гена довларца, Iамалехь мелла сов довларца, тIаккха нис лур ду уммати хьал, тIаккха лур ву Дала вайна дик паччахь а, вайх хIоранни хьал ду цу юккъе хьакха луш, цхьа волчунна хета ша цхьаъ нис велча, я хийца велча хIун хир ду оли, делахь цо ойла ца йо и мел олуш верг нис велча дерриг уммат нис делла хир дари, цо ойла ца йо ша цхьам деш долу къа бусалб нахан толам хила безаш йолу хан гена йоккхуш дуй, масала цхьа 1000 сахьт делча бусалб нах тоьлар бу аьлла язина делахь, ахь вахан цхьа къа дича, и хьа къа бахьан долуш 1001 сахьт делча бен хир болуш бац-кх толам масала, нагахь ахьа оцу хьай къанах тоба дина хьо юх ца валахь, тIаккха ойла ехьа вай къома юккъехь яржина боьхалла, держина даккхи къинош!Цун дела герзанах доьзни, я ахчанах доьзни, я паччахьах доьзна цхьа а хIума доци хаьа деза, дерриг вайх доьзна ду, вай нис делч хьана кхи мел дерг ша шах нис лур долуш ду! дийно сарралц тел. игра, вола велла лелар, некъ лар бар, гIийбат, и гIийбат Iелам нахана а цхьана деш, юха мел чIогIа нис велла бохург а кино, эшар бохуш Iаш волуш, тIаккха бус сахиллалца йоIаршца связь, чат, интарнет, юха Iуьйра ламаз делкъа ламазца деш, маьждиг Iуьйра ламазехь муха хуьла ца хууш масех къира а долуш, тIаккха мархи баттахь бе марха ца кхобуш, фарза дерг бен ламаз ца деш, иза а нагахь бен ше хена ца деш, 24 сахьтан юккъехь АллахI динан гIо дан йойъуш цхьа минот ше хена тIеран хан йоцуш, тIаккха цу юккъехула дик паччахь веза вайна!?? вай тIаккха дукх тIех наглы нах ду! вайна Деле доI дан а эхь хета дезаш дар дик паччахь ло аьлла!Дала толам вайна муха лур бу, я вай хьал муха хуьйцур ду, хIара кафир ву, важа муржиит ву, важ кхи ву оли чу воьду дIа вуьжи делкъа хан хуьлучу хена Iуьйра ламаз деш лелаш вай хилча! Дала муха хуьйцур ду вай хьал ша интарнет чохь йоккхуш йолу хан Iилман тIехь а йоккхуш, шай дахарш а, могшаллаш а, дехниш а АллахI динан дIа делла болу Iелам нахан луьш багар уьш охьа ца бохкуш лелаш вай хилча!? Дала ше овлиашца мостагIалла лелинчунца ша тIом кхайкхина ма боху къудси долчу хьадисехь, ткъа Iелам нах овлияаш бацахь Делан кхи овлияаш бан бац, я хилла бац! тIаккха тахан хьал девзуш ма ду вайна Iелам нахан тIехь мел юцу харцо, мел до бухIтанаш, гIийбаташ, жIалеш уьш ду, кхер беллаш уьш бу, боьха нах уьш бу, дин доьхкина нах уьш бу! Имам Абу Хьанифат шена хетарца фатваш луш хилла! Имам Навави а, Имам ГIазали Iелам нах ца хилла, я ахIлус-суннахI ца хилла, гал бевла нах хилла! Ибн Таймиййат чу вуллуш хьийзина ву, цун дела такфир дан мегар дац аьлла цо ше кхера велла! Iабдул-ВаххIабам нийса ца кхетна Ибн Таймиййат Iакъидатах! Фавзан враг АллахIа ву! Макъдиси жIал ду! Албани кафир ву вац билгал ца хаьа, амма муржиит хилла ву, дукх даккхи гIалаташ долуш! Ибн База, Ибн Iусаймин гал велла ву! Мухьаммад Хьассан кафир ву килса ян а магош! Iарийфи Къуръанах кхердаш стаг ву...иштта кхи мел ду и боьха къамелаш, цу боьхалле ладугIуш Iаш дац вай дийнахь буса!? ас дукхаз тидам бина-кх Iелам нахан стаг луьйчу хена тIе хуттуш стаг воле те бохуш, цкъа а хаза ца хеза ала мегар ду-кх хьуна ца кхоьрруш Iелам стаган цхьаъ луьйчу хена хIе боьха стаг дIасаца аьлла Iелам стаган тIе хуттуш стаг! тахан вайх муьлхха цхьаъ ше дена луьш хилча, собарх воьхна, вежраллах воьхна чуьр вер вар, ше дена во дош аьлларг ве гIерташ, амма шена АллахI дин схьа кхачина волу, и Iелам нах ца хиллехь тахан вай бусалб а хир доцуш, уьш бахьан хоьттина вай бусалб дисин, вайна дин девзин, уьш бахьнехь вайна дин схьа а кхечна болу, Делан гергар нах болу, Пайхамарин вераш болу, хи чуьра чIераш а шайна геч дар доьхуш болу, баккъалла а кхера ма безза АллахIах кхоьруш болу, Дала ша цхьаъ хиларна шена теш хиттина болу Iелам нахан луьш цхьаъ ваьлча цхьана адмах и хьакха ца локх, 0% хуьлукх терго! ткъа вай лакхахь ма аллара Дела овлияаш болу царна тIехь оццула боьхалла вайна юккъехь лелош йолуш, важ берш цу боьхалле хьежа хьоьжуш Iаш болуш, реза белахь бацахь башхалла яц, юха Делер дикчунга сатуьйсукх вай туьйси!? Дала дик паччахь валаре а са туьйсу вай!? Делан гергар нахан цхьаъ луьчу хена тIе хотта ца лууш, юха цу Делер дикчунга сатийса эхь муха хетар дац!?Амма толам хирг хилар тIехь шеко яц, толам хир бу, дик паччахь хир ву, маршо хир ю, хIунд аьлча Дала боху: “Чеккхе Делах кхоьруш болчарна ю” [Сурат: ал-Къасас, аят: 83] делахь а АллахIа веш къиношка хьежжина, цхьа берш шай къинош бахьнехь, важ берш даржехь сов бахар хьама зуьш букх, хIора а ше шен кепар зуьш ву-кх, зе вай кхоьллина а долан дера, Дала боху ше къинош бахьнехь зуьш волчунна хьокъехь: “Шуьга цхьа а бохам кхечна ма бац аш дина хIума бахьан долуш бен” [Сурат: аш-Шу́ра́, аят: 30]Ткъа даржехь сов ваккхар хьама зуьш волчунна хьокъехь боху Пайхамар: “Цхьана бусалб стаге кхочур ма яц хало а, цамгар а, сингаттам а, гIайгIа а, зе а, гатто а, Iотталуш долу къохцалг а цунна цхьа долу къиношна геч деш бен” [Буха́рий: 5641]
Официальная группа Хусейна Халиева
:Муъмин-ибн Шариф
#Хаттар: Фатва: 29
Ассаламу lалайкум. Тахана бусалб нехан паччахьи чlогlа декъаза бу массо меттехь а, керст нахан бохка белла, бусалб долу шай къемнаш къизаллехь латтош бу, я динехь верг ца вуьту цара, я суннат дlа хотта ца дуьту цара, уьш дlа бехча бен цхьа хlума нис лур доци гуш ду, уьш хийца ху дан деза вай?
Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Муха правительш дlа муха бохур бу!? игишо мас правитель дlа веккхина аьлла ас хаттар дахь дала жоп дуй хьан!? дер дац-кх! амма ас кхи цхьа хаттар лур ду тlаккха, игишо мас бусалб стаг дlа веккхина, бусалбам дуьйцура дацар, мас мужжахlид дlа веккхина, шен мохк а, шен цlерниш а битин, Аллахl дуьхьа шен са гlазотехь дlа дала ара велла волу, бусалб нахан паргlато йоккхуш дакъа лаца вахан волу мас мужжахlид дlа веккхина цара!? цу хаттарна далам хир ду жоп, дуй!? дер ду-кх шеко йоцушам, делахь моццала аьлла хотто терахь ца тоъ там букх!
Амма правительш дlа бахар аьлча, уьш дlа бехча нис луш дерг хlун ду!? уьш дlа бехча церан метта хуьттуш берш и саннарш бац!? паччахьех доьзна цхьа а хlума дан дац! вайх доьзна ду дерриге, вай хила ма дезза нис делла дlа ма хиттина паччахьи Дала ша бохур бу дlа! муха бохур бу хаьи хьуна!? хьуна хета тарло цхьа 100 000 мужжахlид кеч вина Дала церга дlа бохуьйтур бу ас эр ду моьттуш хир ду хьуна, я Дала стиглар lазап доссина мохк хlаллак беш дlа бохур бу эр ду моьттуш хир ву хьо! бохур бац, мелхо Дала цхьа чуьрк яитина, оцу чуьрке хlаллак войтур вукх кху дуьнен тlехь ас-со бохуш волу паччахь! нагахь тховса са хилле вай хила ма дезза дlа хиттахь, кхана суьйре яле Дала хуьйцур букх уьш, цу тlехь шеко ян яц, я цу тlехь шеко хила езаш а яц, цу тlехь вай шеко хилар ду вайна тlехь хlара хьал латтар бахьнех цхьа бахьан! делахь Аллахl дин а, Аллахlи суннаташ а ца девзу нах кхето хала ду-кх долчу хьолах, жимма ша ца кхеташ дош ма нис деллехь хьуна тlе мохlар тоха кеч белла lаш букх нах! паччахьехь доьзна а, я цунна керахь а цхьана кепар хlума дан дац! цунна хетам хета шен керахь къехь де, адмо ша дукх тIех ваз вина хьала айбича, цу адманна ше керахь ду дерриг аьлла тар делли хиъча, амма дац цунна керахь цхьа а хIума! нагахь цо ду бахахь, кху дерриг дуьнен урхалла деш паччахь и велахь а, и валал Дала яз динчунна тIера цхьа мискъалазарратал!
И паччахьи Дала вайна белла бу, вайна кхечу кепар берш хьакъ боцан дера, цун Дела Пайхамар асхьаб хин волу, халиф хин волу Iелас ма аьлла, шега цхьам тIе веан хаьттича, Абу-бакр а, Iумар а, Iусман а, уьш халифаш болчу хена ма дацар хIара питнаш, хьо ма веан хIунда ду хIара питнаш аьлла шега цхьана боьхачу стага хаттар дича Iелас аьлла-кх, уьш халифаш болчу хена церан куьга къелахь болу нах со санна болу нах бар, ткъа ша халиф волчу хена ше куьга къелахь берш хьо санна нах бу, цун дела ду иштта питнаш! иштта ду хьал, вай хьоле хьежжина Дала вайна тIе хиттина бу уьш, вай миллион паччахь хийцарх, хIора дийнахь 1000 хуьйцуш вай уьш хийцарха, цхьана кепар, я цхьа а хIума хийца лур долуш дац, хийца мац лур ду хаьи шуна!? дер хийца лур ду вай хийца лахь, тахан сатисли вай хийца лой, тIаккха Дала кханалера суьйре тIе яле вай хьал а хуьйцург хилар тIехь шеко ян яц-кх! вай тахан сатасли Пайхамар асхьабаш санна дIа хуьтти, бус сахиллалц, когаш чу цIи доссалца ламазехь лаьтташ, Iусман санна цхьан ламазехь бус сахилле дерриг Къуръан доьши чекх доккхуш, юха Iуьйкъе ян кхуьуш ца кхуьуш марха лоци Iуьйренга довлуш, тIаккха Iуьйра ламазехь маьждиг дуззи ламазе хуьттуш, цу кепар вай тховса цхьан буьйсанна хийца лой, ас чIагIо йокх шуна тIаккха кхана суьйре тIе яле Дала вайна Iумар ХаттIаб санна волу паччахь лур ма ву, хIинца хIара са къамел доьшуш хьо волчулла а чIогIа дог тешна вукх со цу тIехь, хIунд аьлча АллахIи суннаташ ду уьш иштта, и агIо сайна евзан дер ву-кх со оццула чIогIа цу тIехь дог тешна! цун дела ма аьлла Ибн Къаййима Дала муьлхха къоман тIе хоттош волу паччахь цу къомо яш йолу Iамал ю, цу къомо яш йолу Iамал адми суьрте йоккхи, и ю Дала цу къоман тIе хоттош ерг! и ду вай хьал, кхи хIумма дац! тахан паччахьо харцо йицич цец довлу вай!? валлахIи ца довлу цец довла меттиг болушам! иман долуш бу, Iилма долуш бу, суннат, товхьид долуш бу боху нах, машаАллахI, халифат, шариIат аьлла бен биста ца хуьлуш болчу нехан хьоле хьажа, тIаккха Ибн Къаййими дешнишцани хьолан ойла е кхетар ву-кх хьо! паччахьо пуьтш боьттича цец довлу вай!? хIицца ас аьлларг де! паччахьо нахан зулмаш дича цец довлу вай!? хIицца ас аьлларг де! паччахьо доцарг дицич цец довлу вай!? хIицца ас аьлларг де кхетар ву-кх хьо дерриг мичар ду!
Амма вай хила ма дезза дIа хуьтти, тIаккха Дала ше чуьрк схьа йоуьтур юкх цу паччахьна, чекх ели хьа хан аьлла, ше лайш шена тIе бирзи, ткъа са бакъ болу лайшна хьакъ вац хьо санна паччахь аьлла, ша ву Дела бехна волчу Намруд паччахьна ма яиттара, иза цхьан махкан паччахь вацар хьуна, дерриг дуьнен паччахь вар хьуна, ойла ехь дерриг дуьнен паччахь Дала хIаллак муха вина! со хIинца цунна дийцар дийца вола велча дерриг дуьнен паччахь вар, иза Дала хIаллак вир бохуш со дийца вола велча, ахь ойла йир юкх ма доккха, ма буьрса эскар хир дукх цунах леттарг бохуш, сихха схьа дийцина валхьар хIара бохуш, мас эзар мужжахIид вар те-хь цунах леттарг, мас миллион долллар ара декхнер те-хь цара цу паччахьца тIом бан, мас ядорный герз хиллер те-хь цергахь бохуш! делахь Дала цунна иштта доккха эскар ца кеч динер, Дала цунна цхьа чуьрк яхитнер, ойла ехь, ахь пIелгац юш йолу, мел чIогIа гIийла чунга а, бере а, зеIпа чунга а елуш йолчу, оццул гIийла хIума йолу цхьан чуьрке хIаллак вайтин-кх Дала дерриг дуьнен урхалла деш волу паччахь! мел къезиг хIума дац иза! чуьрко хIаллак вина шен дийцар чекх деллехьам шен ирс ма дари цунна, кхин сийсаз хилла воцуш, АллахIа мелхо шен мерчу чуьрк яхитина, коьрте хьала яхан и чуьрк, и цу чохь меттах ялча корт хьер боли дан хIума доцуш бIарз лой, тIаккха коьртах хIума тоьхча жимма воле хеташ хилла цунна, ша лай вина лелош волу шен лай дIа хоттина, и шен коьрта чохь меттах масуз йолу шен лайне шена коьртах мийра боьттутуш велла-кх! ойла ехь, дегI тIехь уггар сийлахь меттиг ю корт, оцу коьртах лайно мира бетташ велла-кх ша ву Дела бехна волу, дерриг дуьнен урхалла деш хилла волу Намруд паччахь! Дала и дIа хьенга ваккхитина а ойла е, юха Дала мел сийсаз вина а ойла е!
Иштта ша ву Дела бохуш мохь биттин волу, ша бен кхи Дела ван вац бохуш нах хьийзина волу фирIовна хьам вина хIаллак!? адмо молша, ше гIуллакхана лелош долчу хино хIаллак вина-кх! мац вина хаьи хьуна!? цунна къам шай сийсазаллехь Iаш долуш, шай боьхаллехь дIа лелаш долуш ца вина, мелхо фирIовн велахь, я мил велахь шайна нийсо билгал ма еллина цу нийсон тIе дIа хIиттина, цу нийсон тIехь шеш чекх девр дукх аьлла АллахIан тIе болх биллина, шай динехь уьш дIа ма хиттина, АллахI дин тIехь уьш нис ма белла хIаллак вина фирIовн! бозбуунчарла деш болу нах Муса охьа таIо схьа бехкича, фирIовн Дела ву бохуш хилла болу нах, Мусагар шайна нийсо билгала ялча, оха им дуьллу Муса Делац аьлла фирIовнан хьалха Далла сужуде эгча, мел боккха кхерам бу царна, делахь мел чIогIа кхерам белахь тхо дахал кху некъ тIера аьлла АллахI дин тIехь нис белла уьш дIа ма хIиттина Дала хIаллак вина фирIовн! фирIовнах а, цунна эскарах а леташ кхара къа хьега а ца оьшуш, Дала шен хи тIе хецна-кх царна! иштта ду АллахIан суннаташ, тахан вайгар хьал вай эзир паччахь хийцарха хийца лур долуш дац, паччахьи хийцарха нис дала цхьа а хIумма дац, доци хуур ду дуьнен чу жиммал бIергаш схьа диллина дIас хьежначунна, 500 шарахь бен хийцалуш йоцу историй хийца елла дуьнен чохь кху тIаьхьар 7-8 шар юккъехь, паччахьи хийца баларца, амма бусалб нехан хьал хIора дийнахь эшаме бен ца дахна! и ду и вайн Iакъидат ца йовзар, АллахI суннаташ ца довзар! Iакъидат аьлча цхьа болчу нахан моьтту Iакъидат иза АллахI стиглахь ву, АллахIи ши куьг ду, такфир дан деза, валаъ-бараъ...уьш Iакъидатан эзир хаттарех цхьа долу хаттарш бен дац, Iакъидат коьрта стом и бац, Iакъидат юкъар ду паччахь хийца валарха цхьана кепар хийца дала хIума доци хаар, цунна керахь цхьана кепар хIумма доци хаар, хIара дерриг дуьне цхьа кнопка тIе таIина эккхиталур долуш герз вай керахь хиларха хийца дала хIумма доци хаар, ахча деш йолу машинка вай керахь хилча, вай динарг бен кху дуьнен тIехь лелаш ахча ца хилча хийца дала хIумма доци хаар, иштта и ю Iакъидат! тахан шортта нах ма бу хеташ хIоккхула оццула герз далхьара ма къехь де дийр дар бусалб наха, хIоккхула оццула ахча далхьара ас россия йохор яр аьлла хеташ! валлахIи кху дуьнен тIехь массо бусалб стаган, хIоранна луучу кепар, цунг шега мечтать дойтуш, цо бох боху ахчи герзи цунг дIа даларха кху дуьнен тIехь хийца дала хIума ма дац! я цхьан хIуман тIехь бусалб нехан хьал толур ма дац! я керс стаг оьшур ма вац! я бусалб нехан сий айбалур ма дац! я бусалб нах сийсазлонгар хьала бевр ма бац! Делахь и дерриге нис мац лур ду хаьи шуна!? дер лур ду ас лакхахь ма диццара вай хийцалахь, иштта вай динехь нис лохь тIаккха хийца лур ду вай хьал а, вай паччахьи а Дала тIаккха ша хуьйцур бу, цхьа чуьрк схьа яитин! Салахьуд-Дин, Акъса маьждиг схьа деккхина волу къонах, цхьан буьйсина шен эскар юккъехула вола велла-кх церан хьоле хьажа, цхьан четар чу хьежча цу чохь берш ламаз деш карина, цо аьлла тIаккха: ХIоккхера схьа богIур бу шуна толам, юха дIа воьдуш кхечу четар чу хьежча бишин Iаш карина цу чохь берш, тIаккха аьлла цо: ХIоккхера схьа эшам а богIур бу шуна, ойла яйш, кхана Iуьйран хьала гIиттина тIамехь лат безаш болу къонахи буьйсин дIа бишин церга садаIита а реза вац Салахьуд-Дин! хIунда вац хаьи шуна!? дер вац цунна дукх дик хуун дера шегахь мел чIогIа герза хилар, шеца мел анди кIенти хиларха, шегахь мел доккха герз хиларх, шегахь мел дукха ахча хиларха шай Делац йолчу юкъа меттиге хьежни бен Дала шайна толам лур боци шена дукх дик хуун дера! а Iуьйра хьала гIевттина интарнет ловзой, ара девла некъ ларой, я чат ятти, я играх ловзи, я кхи цхьа дуьнен хIума лаха балха дах дезаш долу вай бус сахиллалц дишин Iохку! тIаккха дик правитель веза вайна!?
КъустIантIиниййахI схьа муха яккхира ахь аьлла Мухьаммад Фа́тихье хаьттича жоп муха делла хаьи шуна цо!? оццула чIогIа хилла йолу импери муха яккхира ахь схьа аьлла хаттар дича, цунна жоьпе вай хьоьжар дукх цхьа инзаре доккха, анди догIмаш долуш, даккхи герзанш долуш, эзирнишкашь кеч дина эскар дахитина яккхира аьлла! делахь иза нийса жоп дац, Мухьаммад Фа́тихьо шега и хаттар дича жоп делла: И схьа якхле хьалхар буьйса сахиллалц Далла хьалха хоьттина ламазехь яккхир ша, юха Iуьйранна марха лаьцна марха долуш вар ша и схьа йоккхучу дийнахь, тIаккха баккъалла и схьа яккхина ше шин бIерган схьа гича Далла баркалла олуш сужуде вуьжир ша!
ТIаман кеч дина ахч дукха хилла, я герз чIогIа дерг хилла, а мужжахIидаш сов хилла бусалб нах тIемехь тоьлла меттиг исторехь ян яц! дуьххьар дуьйна чекх яллалц исторехь лаха иштта меттиг хьайна кар йой хьажа, цхьана меттехь карор яц хьуна цу кепар меттиг! бусалб динехь уггар хьалха бусалбани керстани юккъехь хилла долу Бадр гIазот, хIижри календарьца 2-гIа шарахь хилла долу, 313 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 1000 хилла хьуна, цу замангахь уггар ас-со бохучу кепар кеч дина схьа далина хилла керст нехан эскар, ткъа бусалб нахехь лортIехь тIе хевшина дIабаха хIума а ца хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!
-ГIазват муътахI олуш долу гIазот, хIижри календарьца 8-гIа шарахь хилла долу, 3000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 200 000 хилла хьуна, бусалб нахах 14 мужжахIид бен дIа ца кхелхаш толам бусалб нахех хилла хьуна!
-Ярму́к олуш долу гIазот, хIижри календарьца 13-гIа шарахь хилла долу, 36 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 240 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!
-Къа́дисиййахI олуш долу гIазот, хIижри календарьца 15-гIа шарахь хилла долу, 30 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 200 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!
-НахIаванд олуш долу гIазот, хIижри календарьца 21-гIа шарахь хилла долу, 30 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 150 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!
-Ва́ди ЛуккахI олуш долу гIазот, хIижри календарьца 92-гIа шарахь хилла долу, 12 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 100 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!
-БалатIуш-ШухIада́ъ олуш долу гIазот, хIижри календарьца 114-гIа шарахь хилла долу, 10 000-30 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 200 000-400 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!
-Малаз Курд олуш долу гIазот, хIижри календарьца 463-гIа шарахь хилла долу, 40 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 200 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!
-ХьиттIын олуш долу гIазот, хIижри календарьца 583-гIа шарахь хилла долу, 25 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 63 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!
-ДунуниййахI олуш долу гIазот, 1276-гIа шарахь хилла долу, 10 000 мужжахIид хилла хьуна бусалб нах, ткъа царна дуьхьал волу керст 90 000 хилла хьуна, амма толам бусалб нахехь хилла хьуна!
-Иштта дуьххьар тIамехь россица вай а туьлир, ах дуьне дIа лецна, дерриг дуьйне шех кхоьруш Iаш йолу россица туьлар картан тIе язош доцу къам, цхьан тоьпан тIехь хоттина маситта тIемло волуш, кхи керахь герза доцуш ара девла долшехь, иза а кхин тамаш бан хIума ма дац нагахь вай АллахIах тешаш делахь, Дала ма боху: “Масне жим тоба ю, йоккхачу тобанна дуьхьал (леташ) тоьлла АллахIан пурбанц” [Сурат: ал-Бакъарах1, аят: 249]
Ткъа бусалб нах дукха болуш, ницкъ алсам болуш, шортта кечам болуш керст нахах леттачу тIамехь даиман эшна бусалб нах исторехь, масалина кхачаме а хир йолуш цхьа меттиг вай ялийча, Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам тIаьххьар дина долу Хьунайн гIазот, цу гIазотехь 12 000 мужжахIид вар Пайхамарца саллаллахlу lалайхlи ва саллам, оццула дукха мужжахIидаш болуш гIазот дина а дацар Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам цкъа а, ткъа царна дуьхьал волу керст 20 000-30 000 вар, бусалбнаш керстачарелла къезг хиллехь а, оццула дукха бусалбнаш болуш гlазот доьжна а ца хиларна дукх лоруш хилла-кх уьш, тlаккха керла дине бехкина болчу асхьабаш аьлла-кх шай дукхалла гина тамаш беш, тахан къезга хиллам оьшур дац шуна вай, Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам чlогlа ца деза делла цара и дешнаш аьлла, хlунд аьлча Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам хууш ма хилла толам дукхаллах, я герзанах, я ахчанах, я анди кlенти хиларха боьзна боци, толам Делац йолчу юкъа меттигах боьзна буй хууш хилла, дукхалла яци толам луш ерг, толам луш верг Аллахl вуй хууш хилла, и ю и lакъидат, тlаккха хlоккхехь керла дине бехкина асхьабаш аьлла дешнаш толам дукхалло луш санна нис луш ду, цун дела Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам хаьа lакъидат нийса ца хилахь толам хир боцу, цун дела чlогlа ца деза делла Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам цара и дешнаш аьлча, и дешнаш бахьан долуш эшаме а бахна уьш, и хьал дуьйцуш чlогlа хала сурт хоттош Дала дуьйцу цу хьокъехь Къуръан чохь, Цо боху: “Аллахl шуна дуккха меттигашкахь гlо ма дина, Хьунайн (гlазот) дийнахь а, шай дукхаллах аша тамаш бинчу хена, делахь шуна пайда ца белар цунах, ше доккхаллица хlара латта гат ма делир шуна, тlаккха баккъаш тоьхна юха ма девлир шу”. [Сурат ат-Товбахl, аят: 25]
Иштта ду АллахIан суннаташ, цун дела дIа баккха беза и харц кхетам коьрта чуьра, керст нахац тола ахча деза, герза деза бохуш болу харц кхетам дIа баккха безаш бу коьрта чуьра, и кхетам болуш вай керст нахах цкъа а тоьлар дац, цун дела Жовхарс шега цхьама хаттар дича ша делла жоп дуьйцуш элир, кеман тоха хIума йоцуш россица вай тIом муха бийр бу аьлла шега хаттар делча цхьана воккха стага, ша элир бахар, АллахI вац вайца, вукхо ву, тIаккха кхи хIун оьшу хьуна элир ша бохуш дуьйцу цхьан видео тIехь, иштта хила езаш ю Iакъидат, и ю и Iакъидат, цун дела Дала вайна толам а белир, ткъа тахан дерриг ахчанци, герзанци дустуш ду, хIоккхула герза деза, хIоккхула ахча деза бохуш, хIуман кечам бан ца беза бохург дац сан, кечам хила беза, амма и толам цунах боьзна бу мотта ца деза, тахан вайна массарна хилларг иза ду, хьо хьенца къамеле валахь, муьлххачо олу хьуна дIавала оццула герз ма дац бусалб нехан, и дан дукха кечам ма беза, я хIоккхула ахча далхьара бусалб наха къехь де дийра ма дар, хIара ю тахан бусалб нехан Iакъидат, цкъа ткъа толам Дала шен бакъ болчу лайшни бен луш бац, хIунд аьлча Дала ма боху: “Тхуна тIехь хьакъ хилла-кх муъмин нахан толам балар” [Сурта: ар-Ру́м, аят: 47] и ца олу цхьаммо, кхунах кхеташ верг къеззиг ву, массарна моьтту шортта ахча хилча хийца лур дар хьал, я шортта герз хилча хийца лур дар хьал, я паччахь хийцича хийца лур дар хьал! ткъа Далам вайн толам лур ма бац вай Iакъидат иштта йолуш, кхунах вай нийса кхетчи бен!
Иштта ца хеза хьуна цхьаммо олуш бусалб нах гIелонехь бу, сийсаз хилла бу, вайна тIера хьал хийца лур дац вай веш хийца делча бен, хIунда аьлча Дала ма боху: “АллахI къоман тIера хьал хуьйцуш ма вац, уьш шай догIмашкахь хийца белча бен” [Сурат: ар-РаIд, аят: 11] и ца олу цхьаммо, кхунах кхеташ верг а къеззиг ву! тIаккха муха лур бу Дала вайна толам!? я муха хуьйцур ду Дала вай хьал!? я муха лур ву вайна дик паччахь!? вай Iакъидат хилчахь и дерриг деш дерг, и дерриг керахь дерг ахчи, герзи, паччахь ду аьлла! Делан керахь ду и дерриге аьлла яц! вай багахь алам олу массара Дела керахь ду ша дерг нууу...и “ну” ду цигар дIа даккха дезаш! и совнах ду! оцу Iакъидатцани Дала вайна толам баларе са а муха туьйсур ду вай!? цкъа а лур бац цу Iакъидатца Дала вайна толам, Iакъидат нис елча бен Дала толам лур бац Iелам наха олуш сайна хезча, суна моттар хьалха цара юцу Iакъидат АллахI стиглахь ву, АллахIи юхь ю, ког бу, ност ю, хезаш ву, гуш ву боху хIумнашкахь нис дала деза боху, и дац цунах лууш дерг, цунах лууш дерг хIицца ас юцуш йолу Iакъаидат ю! Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис дуьйцу Палестинехь цхьана жуьгтий чо бусалбачунга аьлларг, жуьгтий чо аьлла шена хаьа аша тхо дойъар долуш дуй, дитт а, тIулг а биста хуьлуш, схьа вола хIай бусалб хIоккхуза дIа лецкъан ву хьуна хIара жуьгтий ве бохуш аша тхо дойъар долуш ду, иза тхуна хууш ду, тхо цунах тешаш ду аьлла цо, иштта цу хьокъехь хьадис ма дай вайна Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам дийцина, тIаккха аьлла цу жуьгтий чо делахь и болх тхуна тIехь бен дерш шу бусалб нах дац, вукхо цец ваьлла аьлла, муха тхо дац, кхи муьлш бу тIаккха аьлла? жуьгтий чо аьлла и болх тхуна тIехь бийр берш Iуьйра ламазехь маьждигаш хьала дузуш хин болу бусалб нах бу, ткъа хIинца бусалб нехан маьждигаш Iуьйра ламазехь хьала дуза гена ду! и ду вай теша дезаш дерг, иштта хила езаш ю вай Iакъидат, иштта вай веша Iакъидат нис яхь, тIаккха АллахI дин тIехь вай нис а лохь, АллахI де бохург дарца, цо ма де бохучунна гена довларца, Iамалехь мелла сов довларца, тIаккха нис лур ду уммати хьал, тIаккха лур ву Дала вайна дик паччахь а, вайх хIоранни хьал ду цу юккъе хьакха луш, цхьа волчунна хета ша цхьаъ нис велча, я хийца велча хIун хир ду оли, делахь цо ойла ца йо и мел олуш верг нис велча дерриг уммат нис делла хир дари, цо ойла ца йо ша цхьам деш долу къа бусалб нахан толам хила безаш йолу хан гена йоккхуш дуй, масала цхьа 1000 сахьт делча бусалб нах тоьлар бу аьлла язина делахь, ахь вахан цхьа къа дича, и хьа къа бахьан долуш 1001 сахьт делча бен хир болуш бац-кх толам масала, нагахь ахьа оцу хьай къанах тоба дина хьо юх ца валахь, тIаккха ойла ехьа вай къома юккъехь яржина боьхалла, держина даккхи къинош!
Цун дела герзанах доьзни, я ахчанах доьзни, я паччахьах доьзна цхьа а хIума доци хаьа деза, дерриг вайх доьзна ду, вай нис делч хьана кхи мел дерг ша шах нис лур долуш ду! дийно сарралц тел. игра, вола велла лелар, некъ лар бар, гIийбат, и гIийбат Iелам нахана а цхьана деш, юха мел чIогIа нис велла бохург а кино, эшар бохуш Iаш волуш, тIаккха бус сахиллалца йоIаршца связь, чат, интарнет, юха Iуьйра ламаз делкъа ламазца деш, маьждиг Iуьйра ламазехь муха хуьла ца хууш масех къира а долуш, тIаккха мархи баттахь бе марха ца кхобуш, фарза дерг бен ламаз ца деш, иза а нагахь бен ше хена ца деш, 24 сахьтан юккъехь АллахI динан гIо дан йойъуш цхьа минот ше хена тIеран хан йоцуш, тIаккха цу юккъехула дик паччахь веза вайна!?? вай тIаккха дукх тIех наглы нах ду! вайна Деле доI дан а эхь хета дезаш дар дик паччахь ло аьлла!
Дала толам вайна муха лур бу, я вай хьал муха хуьйцур ду, хIара кафир ву, важа муржиит ву, важ кхи ву оли чу воьду дIа вуьжи делкъа хан хуьлучу хена Iуьйра ламаз деш лелаш вай хилча! Дала муха хуьйцур ду вай хьал ша интарнет чохь йоккхуш йолу хан Iилман тIехь а йоккхуш, шай дахарш а, могшаллаш а, дехниш а АллахI динан дIа делла болу Iелам нахан луьш багар уьш охьа ца бохкуш лелаш вай хилча!? Дала ше овлиашца мостагIалла лелинчунца ша тIом кхайкхина ма боху къудси долчу хьадисехь, ткъа Iелам нах овлияаш бацахь Делан кхи овлияаш бан бац, я хилла бац! тIаккха тахан хьал девзуш ма ду вайна Iелам нахан тIехь мел юцу харцо, мел до бухIтанаш, гIийбаташ, жIалеш уьш ду, кхер беллаш уьш бу, боьха нах уьш бу, дин доьхкина нах уьш бу! Имам Абу Хьанифат шена хетарца фатваш луш хилла! Имам Навави а, Имам ГIазали Iелам нах ца хилла, я ахIлус-суннахI ца хилла, гал бевла нах хилла! Ибн Таймиййат чу вуллуш хьийзина ву, цун дела такфир дан мегар дац аьлла цо ше кхера велла! Iабдул-ВаххIабам нийса ца кхетна Ибн Таймиййат Iакъидатах! Фавзан враг АллахIа ву! Макъдиси жIал ду! Албани кафир ву вац билгал ца хаьа, амма муржиит хилла ву, дукх даккхи гIалаташ долуш! Ибн База, Ибн Iусаймин гал велла ву! Мухьаммад Хьассан кафир ву килса ян а магош! Iарийфи Къуръанах кхердаш стаг ву...иштта кхи мел ду и боьха къамелаш, цу боьхалле ладугIуш Iаш дац вай дийнахь буса!? ас дукхаз тидам бина-кх Iелам нахан стаг луьйчу хена тIе хуттуш стаг воле те бохуш, цкъа а хаза ца хеза ала мегар ду-кх хьуна ца кхоьрруш Iелам стаган цхьаъ луьйчу хена хIе боьха стаг дIасаца аьлла Iелам стаган тIе хуттуш стаг! тахан вайх муьлхха цхьаъ ше дена луьш хилча, собарх воьхна, вежраллах воьхна чуьр вер вар, ше дена во дош аьлларг ве гIерташ, амма шена АллахI дин схьа кхачина волу, и Iелам нах ца хиллехь тахан вай бусалб а хир доцуш, уьш бахьан хоьттина вай бусалб дисин, вайна дин девзин, уьш бахьнехь вайна дин схьа а кхечна болу, Делан гергар нах болу, Пайхамарин вераш болу, хи чуьра чIераш а шайна геч дар доьхуш болу, баккъалла а кхера ма безза АллахIах кхоьруш болу, Дала ша цхьаъ хиларна шена теш хиттина болу Iелам нахан луьш цхьаъ ваьлча цхьана адмах и хьакха ца локх, 0% хуьлукх терго! ткъа вай лакхахь ма аллара Дела овлияаш болу царна тIехь оццула боьхалла вайна юккъехь лелош йолуш, важ берш цу боьхалле хьежа хьоьжуш Iаш болуш, реза белахь бацахь башхалла яц, юха Делер дикчунга сатуьйсукх вай туьйси!? Дала дик паччахь валаре а са туьйсу вай!? Делан гергар нахан цхьаъ луьчу хена тIе хотта ца лууш, юха цу Делер дикчунга сатийса эхь муха хетар дац!?
Амма толам хирг хилар тIехь шеко яц, толам хир бу, дик паччахь хир ву, маршо хир ю, хIунд аьлча Дала боху: “Чеккхе Делах кхоьруш болчарна ю” [Сурат: ал-Къасас, аят: 83] делахь а АллахIа веш къиношка хьежжина, цхьа берш шай къинош бахьнехь, важ берш даржехь сов бахар хьама зуьш букх, хIора а ше шен кепар зуьш ву-кх, зе вай кхоьллина а долан дера, Дала боху ше къинош бахьнехь зуьш волчунна хьокъехь: “Шуьга цхьа а бохам кхечна ма бац аш дина хIума бахьан долуш бен” [Сурат: аш-Шу́ра́, аят: 30]
Ткъа даржехь сов ваккхар хьама зуьш волчунна хьокъехь боху Пайхамар: “Цхьана бусалб стаге кхочур ма яц хало а, цамгар а, сингаттам а, гIайгIа а, зе а, гатто а, Iотталуш долу къохцалг а цунна цхьа долу къиношна геч деш бен” [Буха́рий: 5641]