21 дек 2021

Дийнахь-буса коронавирусах 81 стаг велла Къилбаседа Кавказехь

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 81 стаг, кхин тIе вирус кхетта - 1607 вахархочунна.
Официалан зерашца, Ставропjлан махкахь велла 32 пациент, Краснодаран кIоштахь - 20, ГIебарта-Балкхаройчохь - бархI, Къилбаседа ХIирийчохь - ворхI, Нохчийчохь - ялх, Дагестанехь - кхоъ, ГIалгIайчохь - шиъ, ГIалмакхойчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Адыгейхь а цхьацца кхелхина.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь эпидеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах 29 170 стаг.
Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу дийнахь а, буса а Краснодар-махкахь, кIезиг бу - ГIалмакхойчохь.
Краснодар-мохк + 496 (113 184 эпидеми яьржичхьана)
Ставрополан кIошт + 463 (121 984)
Дагестан + 155 (64 476)
Адыгей + 98 (26 311)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 95 (40 931)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 76 (30 132)
Нохчийчоь + 70 (30 165)
ГIалгIайчоь + 70 (27 802)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 67 (31 521)
ГIалмакхойчоь + 17 (33 824).
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун даьлла ву 518 143 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш, официалан зерашца тахана, 10 241 812 пациент.
*Аннекси йинчу ГIирмера хьал а лору Оьрсийчоьнан официалан статистико.
▪️ https://www.radiomarsho.com/a/diynahj-busa-koronavirusah-81-stag-vella-kilbaseda-kavkazehj/31617478.html #коронавирус #ковид #пандемия #сметрность_от_вируса #смертность #северныйкавказ #кавказ #corona #covid_19 #covid https://www.radiomarsho.com/a/diynahj-busa-koronavirusah-81-stag-vella-kilbaseda-kavkazehj/31617478.html

Комментарии

Комментариев нет.