Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.

Ца хууш нехан йоьӀан куьйгах куьг кхетча ламаз духий?
Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Цхьаболчу Ӏеламнаха керара долу аьлла хийрачу зудчух кхетча, цхьаболчара ца долу аьлла - гӀоли дерг керара долуш цахилар ду. Амма ца хууш нехан йоӀах куьг кхетарх ларвала веза, ца хууш бохуш куьг кхетийта ца деза. Хьалха вайн Ӏадаташкахь стаг вуьйш хилла, ца хууш а нехан йоӀах куьг кхетча, тахана хетарехь и ца хууш бохуш дерг дукха эвхьаза даьлла моьттуш ву со, хьалха санна ца хууш куьг кхеттарг а вуьйш хилча тахана санна даьржина хир дацарий-м хаьа вайна и ца хууш бохуш дерг. ТӀаккха и йоӀах куьг кхетар Дала хьарам дина хилча кхин чӀогӀа лардала деза цу «ца хууш» бохучух. Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьайна коьрта эчиг маха Ӏоттар гӀоли ма ду хьуна, хьайна хьарам йолчу зудчух куьг кхетийтарал аьлла хилча, ша верал а чӀогӀа ларвала веза цунах, Дала хьарам диначух! https://t.me/Vragi_iblisa

Комментарии

Комментариев нет.