Маржа lожалла...

Муха хира ду те хьо соьга кхочу де, кхоьлина кхетта малх болуш хира ду те, я догlане марханаш гул елла хира ду те?!... Шийла кхаъ бохьуш йохур ю те хьо, кийрахь мел долу хlума тlекlала дуьйлуш, гондахьа мел верг вицвелла, дерриг дуьненан серло яйна... Хlора минот дахаран гlулч токхуш яьккхина йолу дохко юьйлуш, дог ца тешалуш и дерриг юха дерзалург ца хиларх... Сайн къинойн мохьаца со Кхоьллинчунна хьалха хуттур хиларх яда, яла меттиг боцуш... Со чехош бетташ мохь болуш «Хlай дакъаза даьлла са, дерза хьайн Деле» бохуш... Я хаза кхочур те хьо, лерамца кхойкхуш «Хlай декъала хилла са дерза хьайн Деле, И Дела хьуна рези а волуш». Сан са а долуш сихо йина шен барам хьуш болчу нахе мохь бетташ «Сихо е, сихо е» бохуш. Маржа lожалла...хlун дохьуш йохура ю те хьо?!.. Декъалалла, я дакъазалла... ب.ع

Комментарии