Нохчий зудари – турпалхой.

Ит шо сов хан яра Нохчий чохь къиза т1ом лаьтташ болу. Дуккха зенаш, адамашна юккъехь баларш нисделлера, дукха бо бераш диснера т1ера да велла, докъаза вайна. Чу баха х1усамаш йоцуш т1амо йохийна лелара дукха доьзалаш, дуьне мел ду баьржина, бевлла лелара. Т1еман чаккхе гуш яцара, моссо кхеравелла вара, Делан оьг1азло ма хилахьара х1ара бохуш. Орцах вала кху дененахь цхьа ца каравора. Дийнахь, буса а, т1е герзаш детташ отуш лаьттара Грозный г1ала а, к1еззиг зулам дацара ярташкана кхочуш дерг а. Адам хьере хилла шаьш мича лелхар ца хууш хьийзара, цхьа берш лаьмнашка баханера, дукхах берш луларчу вайн вежарий Г1алг1ай болчахь д1атарбеллера цара вежарий санна т1е лаьцнера. Уггар халаниг дара вайн халкъах долу адамаш Европера пачхьалкхашка д1абахар, церах т1ехьа х1ун хирду ца хаара.

Нохчий зудари – турпалхой. - 911122907338
Делан къинхетамах дог ца диллара, жима а, воккха а вара Деле до1анашца къинхетам бар доьхуш. Аллах1 Дала мискачу нехан, боберийн до1ийна жоп делира, карийра халкъана тешаме волуш хьалха вала а, цуьнах жоп дала къонаха. Иза вара Ахьмад-Хьажи Кадыров. Ша т1ом сацайна ца 1аш чекх боккхур бу алара цо. Моссо меттара сха хезаш дара Ахьмад-Хьаьжис харцонна дуьхьал бакъо толо беш болу болх буьйцуш. Ша д1ах1оттина дукха хан ца йалайтуш герзашка г1алина а, ярташна ден зенаш саца дира Ахьмад-Хьаьжис. Дуккха а къа хьега дезаш белхаш бара вайн мохк оцу т1едеаначу къаьхьчу хьолера схьадаккха.
Керчина йаьлла йолу т1еман еза ч1уьрг сацо атта дацара. Арахь бен т1емаш, хуьлу зенаш халла саца делчи чухула лаьтта посташкахь дора дукха зуламаш. Адамаш д1алоьцуш, посташкахь д1асейцинарш мичахь бу цахууш бовш д1адоьлхаш дара зуламаш. Делахь а, «Дала бакъо толайойла» - аьлла ара бевлла бара нохчийн къома к1ентий, Ахьмад-Хьаьжи коьртехь волуш, халкъ тешна дара бакъо тоьларг хиларх.
Адамашкахь хилла ца 1ара и бала, 1алам т1ехь дуккха эшамаш хилла карабора. Дуьненан 1аламна юккъехь угар хаза черах ю олуш йолу, царна юккъехь г1арайаьлла йолу Нохчийн 1аламана хазалла та1ина, г1ила карайора.
Т1еххьара лера маситта шо деанера нохчашна и хазачу 1аламах марзо эца йиш ца хуьлуш.
Д1а-схьа дахар жимма маьрша делира, адамаш шайн хьашташна г1айг1а бан ара бовла йиш хилира. 1алам карадора хийца делла доккха деш адамийн хийца йеллачу ойланех.
Хаза, екхна еанера х1ара б1аьстена 1уьйре, аренаш шен исбаьхьчу духарца кечйина яьллера б1аьсте, цханне х1умане хийца лур доцу, вайн 1алам «Кхоллина, Кхобуш волчо», «Моссо х1уманна ниц1къ кхочуш Волчо» шен хенахь д1а х1оттинера 1аламан низам. Малх балехьара мела хьокхучу мохо тодора исбаьхьа, хаза схьа хезаш долу башха-башха олхазарийн аьзнаш. Уьш дара шаьш цхьаъ вукхул эшарна кхоруш санна ша-ша ч1ог1а а, хаза а, ала г1ерташ шайн эшарийн къамелаш деш.
Нохчий зудари – турпалхой. - 911122955466
Д1о генахь гуш дара къеж делла кортеш долу вайн лекха лаьмнаш. Гуш дара б1аьстено шен толам баккхина ца баьллера цигахь, и гайтора боьранашкахь дашаза даланза долчу лайн алхаша. Шеко яцара дукха хан ялале б1аьстено цигахь а шен толам боккхур хиларх.
Нохчийн угар ширачу яртих «Нана Чечина» олуш йолу юрт йара кхечу яртийн санна шена кхаьчначу кхолламана реза хилла къар ца луш лаьтташ. Дукха хьалха заманашкахь т1еман къизаллаш гина яра Чечина. Кху т1еххьара хиллачу т1емашкахь лайнера дукха баланаш. Йохийна лаьттара нехан х1усамаш, денна бохург санна «зачисткаш» бохуш д1алехьадора адамаш, царех дукхах мича бахана ца хууш бара..
Чечана а кхечира маршона мела мох, Дела ниц1къаца, Ахьмад-Хьаьжи беркат бахьанехь Чечинхой йиш хилира арадовла а, д1а-схьа баха а.

Ишттачу хаза б1аьстена 1уьйранна Чечинара ши йиша Марем, Хедижат яра Хасав Юьрта базара г1ур йара аьлла ара йаьлла. Шайн нанас ц1ахь 1ийча х1ун дарате шуь шиъ бохуш, ненера хала даккхина бурба хууш новкъа йелира ши йиша.
Шен барх1 шо кхаьчна т1ом болабелча дуьйнна Хедижат д1а-схьа яхана яцара юьртал ара йаьлла. Делахь а, цунна жималлехь дуьйнна гинера т1оман къизалла, гинера д1абуьгучу к1енташна т1ехьа болхучу наной белхарш. Иза дицдан х1ума хир дуйте аьлла хетара. Х1иннци-ма школа йаккхина йоккха хилла жима зуда йара иза.
Минутке даьхкина Хасав Юрт йоьдучу маршрутке т1е хевшира уьш, цхьа жимма бен латта ца дезаш, чохь йаьсси кхо меттиг йолуш водитель новкъа велира. Д1адуьладелла дукха хан ялале, Мичурин поселке - Хозмаг йолчухь цхьа жима стаг сиха боларца дуьхьал новкъа иккхира, маршрутке т1ехь яздина Хасав Юрт ма гиннехь куьг луцуш, водитело саца йина т1ехаира иза. «Де дика хуьлда шун» - аьлла т1ехьара йаьсси меттиг д1а лаьцна охьа хиира иза.
Грознера ара девлчи дукха посташ яра, х1ора постехь сеца деш дукха латта дора. Цхьаццанхьа водитела барт бой, д1алург д1а лой д1а долхара. Иштта дог1уш Аргунна т1ех девлла Москва-Баку трасси т1ехь йолчу блокпосте кхечира. И блок пост яра масарна а республикехь г1арайаьлла кигийнах сецош, сацийнарш д1абиги къайла бохуш, цул т1ехьа церах х1ун хилла ца хууш. Маршрутка саца а йина цигахь машенна, чу велира, герзах воьттина цхьа эскирхо. Зударийн а, баккхайчин а, кехаташ теллина ваьлчи, т1ехьа хеина вог1у кхо жима стаг шеца посте д1авигира цо, регистрации ян вуьгу аьлла. Царна юккхехь вара д1о Хозмагехь х1ала ваьлла волу жима стаг а. Цхьа к1еззиг хан йаьлча царех шиъ схьаваайтира, и Хозмагехь т1ехиинарг сацийнера. Водитель т1е вахана и к1ант х1унда сацийна аша, схьа х1унда ца ваайту аша аьлчи, паспорт дика дац аьллера постехь болчара. Шу д1а г1о, кхунах дерг оха къастор ду аьллера. Цара сацийнариг вуха ца вогуш вовш вуй хууш болу пассажираш и воцуш тхо д1аг1ур дац аьлла дуьхьал бевлла севцнера.
Оцу к1антана х1ун дир ца хууш халчахь хьизара водитель, чохь берш а.
Хьалха метта хиина йог1у йоккха стаг хьизара халча йаьлла:- Ва! Нана йала хьан дела1! Хьа нанна дуьхьал мила г1ур ву хьо кхузахь витина тхо д1адахара аьлла» бохуш. «Вай г1урам дац и витина д1а» - элира кхечу зудчо. Ишшта х1орш х1ун дан деза ца хууш халчахь хьизаш болуш.
«Марем собар делахь» - аьлла Хедижат хьала г1еттина, «ахь х1ун до бохуш» шега шен йиша луьш йитина Хедижат сиха боларца постана т1еяхара. И сиха боларца йогуш яйча, цуьнан оьг1аза хьажар гича, ша волчура хьала иккхина цхьа ши ше яккха ларош Хедижатана дуьхьал вала ларайра постера салтте.
Т1е ма йоьддура: «что случилось, почему держите моего брата» - аьлла оьг1азе йист хилира цаьрга Хедижат. «Паспорт у него…» бохуш цунна цхьаъ дийца г1ерташ и воллуш волуш, пост чуьра цхьа эпсар ара велира- «что случилось» - аьлла, Хедижата элира: - «нам надо ехать, а вы держите моего брата» - аьлла. «Вы езжайте, после проверки он подьедет» -аьлла хадира эпсаро. Хедижата бехк боккхуш элира – «А ваша сестра поехала - бы оставив своего брата в токой ситуации»- аьлла. Эпсар ойлайеш сецира, цкъа Хедижате хьожуш т1аккха оцу к1анте хьожуш, гуш дара цунан дагах кхетти и дешнаш, ц1ахь йиша-ваша долуш хила магара иза, т1аккха цо элира- «Тогда подойди к нему и поцелуй его» - аьлла. Хедижат ша йолчухь 1адийна сецира, ойланаш йан хан яцара, Хедижат цу к1антана т1е яхана, когийн боьхьгаш т1е айайелла оцу к1антана беснет1е барт баьккхира. «Сих схьа вола вай д1адаха деза»- аьлла, ц1еро ягийчи санна ц1и елла маршрутки чу иккхина шен йишина т1ехьа д1алечкъира. Моссо 1адийча санна вист ца хуьлуш 1ара, гуш дара массарна а, и хьал муха ду. Тхуна хьалха хеина йог1уш хилла йоккха стаг шен б1аьр хиш ца леч1кхош елха а йолхуш 1ара, схьа олуш х1умма а дацара. Моссо мотт сецначунна санна вист ца хуьлуш 1ара.
И к1ант вара ша волчухь д1алетча санна меттах ца волуш лаьтташ, гуш дара цуьнан дагах йаьлла ц1е. Араваьллачу эпсархочу к1анте паспорт д1а луш элира - «что стал, как вкопанный? Иди к своей сестре» - аьлла. Цигахь мел вверг вара оцу балхах цец ваьлла, 1адийна 1аш. Делахь а, моссо кхеташ вара леллариг х1ун ду. Цхьа дош ала уьшуш меттиг яцара иза, нохчийн йо1а шен ваша муха лар вира гуш дара и хьал гуш мел волчунна.
Нохчий зудари – турпалхой. - 911122977994
Вайн дайшкара, эзар шерашкахь сий деш лелийна йолчу, нохчийн йо1а гайтира Нохчийн г1иллакхаш, деналла, шен дена, вешина, къонахошна йуххе х1уттуш къонах санна чекх йолуш лелла шен турпал амал.
Цхьа к1еззиг хенахь бен ца х1оттинехь а, и хьал массарна а, дей-буьйсанал хенаца дах-м деллера и сурт.
И санна долу хьелаш денна гуш волчу водитело: - «алхьамдулиллах1» -аьлла, «бисмилах1» даьккхина шен машен д1айолайалитира.
Постера д1айолайелла машен Джалкха хин т1ех йаьлла цхьа хазачу хьуьнчухула некъ болчу кхечира, шина аг1ор некъана т1е тевжина пен бича санна лаьттара б1аьстена хаза г1а даьлла йолу хуьн. Тхан даьллачу самукъанах кхеташ санна, маршалла хоьттуш санна лаьттара и б1аьстена 1алам. Хуьн чохь гуш дара бес-бесира хаза зезагаш. Шадоллу 1алам хетара самукъадаьлла. Оцул дукха хьалха д1а-схьа леларх и хаза 1аламан сурт билгал даьлла ма дацара аьлла хитира дукханна. И де, дан -дара ша тайпана, вай Дала зуьш деана, вайга и ладелира Алхьамдулилах1!
И к1ант Хасав Юьрта кхаччалц мичахь ву ца хаалора, аттала ког хьабина а.
Сихха д1акхечира Хасав Юьрта а, цигахь охьа ма диссинехь и жим стаг д1а ца воьдуш и ши йо1 охьа йоссалц 1ина цаьршинна т1е вахара. «Ша вистхила мегар дари шоьга»- аьлла пурба даьккхира. «Мегар ду»- аьлла йоккхах йолчу йо1а пурба делчи цо элира - «Шу шиъ мичара ю?, шайн ден ц1е йицахьара аша» - аьлла.
Йуха оцу маршруткайна т1е ховжа безаш санна, цуьнца схьамел веанариг ладег1на лаьттара д1аца воьдуш.
Йоккхах йолчу йо1а элира - «Шаь шиъ Чечанара ю, шайн ден ц1е, фамали йаьккхина, церан йо1 ю шаьшиъ»-аьлла.
«Кестта шун нахана т1е тхан баккхийнаш бог1ур бу шуна, ц1ахь хаайталаш» - элира к1анта. Цул т1аьхьа и мича вели ца хаалуш къайла велира.
Цул т1аьхьа цигара моссо шен-шен г1уллакхе д1а-схьа велира, амма оцу х1оьттинчу хьело моссо х1ума дицдинера-кх.
Оцунна соготту мел верг, цул т1аьхьа дуккха хан йаьлчи а, водительна т1е оьхуш хуьлура, хоьттуш х1ун хилирте оцу г1уллакхах бохуш. Шена схьа хезнарг водитело д1адийцара - шолг1ачу дийнахь т1е нах бахайтина еха а, ехна и йо1 шайн х1усаме схьа йалийна, уьш ч1ог1а хаза, бертахь 1аш бу бах олий дицара.
Цул т1аьхьа а, тахана а, и масала а хилла, дукха дуьйцуш сха дахьаш ду вайн наха.
Вайна дукха хезнакха, вайн нахана хала киртиг т1е х1оьттичи нохчийн зудчо шен хьуьнар, деналла а, х1умма борш стагал оьшуш йоцуш д1агайтуш хилла хилар дуьненна а.
Кху т1е далийна х1уманаш боккъалла лелла а, нахана гина х1уманаш ду, юьрта ц1е а, адамийн ц1ераш хицийна цаьрца г1иллакх лацар хьама.
Аллах1 Дала къинхетам бойла вайх!
«Зударийн сий динчохь, къонахий ца эшна».
Беркат-Юртара школьницай сочинение.

Комментарии

Комментариев нет.