Гуной орамаш                                                                   - 883275936458

Гуной орамаш

Гагаев Салмана тептарш т1ера схьа эцна Джамалуев Мовсуда. 08.10.2016 шо.
(Хьалхара дакъа)
«Гуной тептар 1аьндарчу Ирбахьа моллехь хилла. Цигара схьа Элистанжарчу Болас деана хилла, и тептар Болега дехна Гуьнарчу Несирхо моллас Гуьна деана хилла. Гуьна ягош деанчахь Несерхочуьнгахь дисина хиллера. И тептар Болега деха вахана 1960 годехь Абу-Муслим (Ц1ики), цо ша и тептар Несерхочуьнга делла аьлла Гуьна а веана и тептар Марзоймахка деанера. 1аьндара Ирбаха цу шарахь шайга веана цхьана баттахь 1ира. И тептар мажделла кехаташ долуш, 1аьрби элпашца нохчий маттахь яздина дара. Салмана Ц1ики к1анта ша и гина а, цу т1е хьежна ву бах.
Ирбахас схьа а доьшуш Абу Муслимана (Ц1икина), Cалмана ша д1а а яздеш, ша яздина ма ваьлли шега дешайтора ниса дуй хьажа, ишта гулдина х1ара тептар.
Гундал Гуьна вар дара цу т1ехь яздина: «Гундал воккханиг хила доьзалехь, 13 шо кхячна волуш цуьнан да Обулха велла. И шай да бусулба 1едалехь д1а воьллина цуьнан нанас а Гундала а. Иза д1авоьллина к1езиг хан йаьлчи доьзулхочунна т1ехь нана елла цуьнан. И доьзулхо - йо1 шина шарахь бен ца йаьхна.
Гундал,Гендар, Нижал, Мак1аш, Чолул ц1ераш йолуш вежарий хила, Халима ц1е йолуш йиша а хилла. И бераш Гундалал киги долуш. Чолул ис шо кхаьччи велла. Гендар ши шо жима а волуш хилла Гундала аьлла Гендаре даьхни лечкъош лелачу нахах ма веттало зулум хир ду аьлла. Гундала керт а йина и шайн даьх бисина бахам шина декъе бекъна, дехьа, сехьа а долуш д1а нисбина хилла. 16 шо кхаьччи Гундала шена зуда ялийна, Гендарна а 16 шо кхачийтина зуда ялайна хила. И даьхни декъа а деккъа, дехьа, сехьа вайшима лелор ду аьлла, т1екхиъча вукху шинна дала дезар ду аьлла. Иза Нашхахь хилла ду.
Шега къушца ма веттало, ма лела аьлла долуш нехьа Гендара шега къуша шайца вола къола дан аьлчи, ша ца вог1у шен вешех вала йиш яц аьлла хилла. Хьо цаваг1ахь шяш хьан даьхни дуьгур ду аьллера, шенаш х1унда дуьгу ша ца ваайтуриг Гундал ву цуьнан даьхни дига аьлла хиллера шайна башхалла а дац аьллера. Шайна муха девзар уьш аьлчи, ша бода а болайтина г1уркх буг1ур бу Гундалан желехьа товжина, уьш дуьгур аша аьлла. Хьалхе ц1а а веана, даьхни чу а дерзина и г1уркх д1а а боьг1на шен х1усам чу вахана хиллера Гендар. Гундала суьранна ша ц1а веача аьллера - х1ара ма хьалхе ц1а веана аьлла. И ши а шайн-шайн х1усамашкахь вехаш хиллера, Гундал шен даьх йисинчу х1усамехь, Гендар шен х1усамехь. Бераша аьлла цуьнга - иза хьалхе ц1а а веана д1а вахана шен чу аьлла. Х1окхо шен ков схьа доьллуш г1уркхах г1ортина хилла, х1ара хьан боьг1на аьлла, бераша иза Гендара боьг1на аьлчи и д1а тетина Гендар волчу аг1ор д1а товжина хилла. И г1уркх товжина билгало йолу даьхни дигна къуша цу буьйсанна. И бахьана долуш Гундална и гучу ваьлла хилла. Иза шена гучу ваьлчи, дуьгур дацара хьога ша 1ад 1е аьлчи хьо 1ад 1ина хиллехьари аьлла. Т1аккха Гундала хьокху а эцна и бетта болийна цо Гендарна. Цу заманчохь Гендара 15 шо кхаьчна к1ант хилла, кхунна хьокху бетта болийча и к1ант к1ел иккхина цу к1антана коьртах - си метта кхетта хила и хьокху. Гундал зоьртала, лекхи волуш онда стаг хилла бахара. И к1ант охьа воьжчи и к1ант эцна шен чу вахана, Гундал са хиллац оцу к1антаца 1ина цунна дарбанаш лелош. Са хуьлуш и к1ант д1а ваьлла. И к1ант д1а ваьлчи и Гундал йиттина волу Гендар метта валлац 1ина. Гундала шен диссина даьхни шайна веанна юккхехь декъа а декъна, Гундалнаш дигна ма хилли, цо Гундала аьлла - ша кхузара д1а вала веза, кхин 1айла дац шен кхузахь аьлла. Гендара ч1ога дехар дина Гундале ма вала хьара хьо,сан бехк болуш, хьан бехк боцуш долийна дара и зулам аьлла. Гундала вайшина доьзалаш кхоьур бу, зударий, бераша керла дохуш вайна йуккхе х1уманаш дуьйцуш мостаг1алла дуллур ду, ша д1а вахачи г1олий йу аьлла. Нашхара малх балехьа д1а вахана, шен керах стаг велларг кхечу юрта атта вуьтуш ца хилла. Ишта вог1уш Элистанжа кхаьчна хилла Гундал. Ша ара волуш шен х1усам вукхарна йитина, ша декъна даьхних шен дакъа а эцна ара ваьлла Гундал.
Гундала Нашхара схьавог1уш 40 шо хилла, б1е шарал сов ваха а ваьхна, ши к1ант зуда ялийна хилла, цуьнан шен ши зуда а хилла. Гундала доьзалехь, ис (9) к1ант а, ворхь (7) йо1 а хилла.
Нашхара схьаваьлчи Элистанжочо т1е лаьцна хилла, шена тоьла а йина, б1аьсте йолу хан хилла иза. Цигахь цхьа бут баьккхина хилла цо. Юха Элистанжочо дицина цунна и дехьара мохк (ахкана - (Хулина Гумсана юккъера) йуккхера мохк Г1алмакххой 1ина цигахь, цул т1ехьа 15-16 шо даьлла цхьа 1аш воцуш, цу махкана «ле мохк» аьлла ц1е тиллина а бу, ун деана бала а бела и нах, кхин т1е баьхканарш леш баьсси лаьтташ бу аьлла. Шена и мохк бицичи, Гундала Ахка чу а воьссина, шен доьзал чухь а битина, иза Ахкаци охьа х1инца Ильиновка йолче Ахкаци охьа а веана гу т1е кхаччалц цигара Гумс т1е веана, Гумса чу а воьссина Гумсаци лам т1е хьала веана цигара лам т1е кхаччалц юха Ахка т1е а веана, Ахкаце охьа Веданой Ахк а Элстанжой Ахк вовшах кхеттачара хьала Элстинжа шен доьзул т1е вахана. Ша и мохк билгал боккхуш, доза тухуш, цу хенахь Жуг1урта и т1е воьссина Элстанжей бен кхин нах бехаш 1аш меттиг ца хилла цу шина хи юккхехь. Х1инца Ведана йолчух я лахахь цу заманчухь кхин юрт, нах бехаш 1аш меттиг хилла яц. Т1аккха Элистанжочуьнга ша дехьа вала валла аьлла цо, ма вала хьара хьо аьлла и мохк т1е мел хиинарг леш мохк бу «ле мохк» аьлла ц1е тиллина наха аьлла. Нах бела а буьлуш, хьара вала а, х1аллак хила вахана бохур ду хьуна аьлла. Ша оцу мехкан дозу деш хьажна, цуьнан дола деш цхьа а вац аьлла. Шега х1унда ца элира ахь хьо воьдуш аьлчи Гундала элира: «ша воьду аьлла вахачи цхьа да вала магара цу мехкан, х1инца цхьа да воций хии шена цу мехкан. И мохк шайн хила хьакъ долуш мохк бу (шайн хилла бу). Гурле Ахка чу а воьссина х1инца Лекха Ц1еведена йолче дехьа а ваьлла х1инца Эгишбета т1е йог1у аре йолчу ваха хиъна иза. И 1а цигахь а даьккхина шен цхьа к1ант цигахь а витина, важа доьзул а эцна, х1инца Эгишбета х1олчу хьала а ваьлла, цигара Х1инца Месдой к1отар йолче чу а воьссина, оцу 1ай ша берам хи долчухь шайна а шайн дахна на а пайда оьцуш цу хинах даьккхинчу туьханах баха хевжина хилла. (т1аьхьа Юрт-корта аьлла ц1е тиллина цунна Дехьа Гуьна). Гундала шина зудчо бина доьзал- 7 йо1, 9 к1ант хилла. И х1инца Ц1еведана йолчухь ветина к1ант, шен доьзал цигахь а битина Нижала хьала вахана шен х1усум нана а эцна, Нижална - шен де вешина т1е.
И 1а д1а даьлчи, аренца шайн махкана керт йайтина цо белхалой а лоцуш и аре йуьш лелош ларьеш хилла цара. И ахк (Хули) пхи километр дехьа дара алара х1инцачул хьалха. Доьзал т1е мел кхии и мохк царна д1а боькъуш хилла. 1ай шен даьхни, ялта, г1ад хьала ца кхехьархьама охьа далош хилла. Шайн г1ишлеш лакхахь еш хилла, цигахь бехаш а хилла.
Гуьна йилличи хьанна дуьйнна, оцу махках - Гуной мохк аьлла.
1ели, вайн сил-сил т1ехь вуьцуш волчу, цо шен доьзул д1а-схьа баржайна. Цхьа к1ант шен Алды охьа вигна, цхьа1 Гермчига валийна, цхьа1 Цоци-эвла вигна аьлла ду. Эвтара дуьххьара охьа веанариг, Гадас, Гарас, Муьслис, дийцинарг, Аькхмир, Т1емалг, Асха, Сацей хилла. Аcке, Сацай ши шича хилла бах, Аькмир, Т1емалг ши ваша хилла бах. И Эвтара цара лар йина ю бах. Дуьххьара уьш бу бах баьхкина Эвтара.Шен 13 шо кхаьччи Гундала шен дас дийцинарг схьа лаьцна, вах1 дега валлац зуда яхайтуш ца хилла вовшашна юккхехь, ялош ца хилла шайн чинга, ц1и лардеш. Шайниг арахьа яхайтуш ца хилла, арахарниг чу ялош ца хилла. Яло езаш волчунна яло яцахь, яхайта езаш йига стаг вацахь, ца ялош я ца яхайтуш 1аш хилла. Иман диллинчул т1ехьа ара яьлла зуда цхьа Чиччалла бен ца хилла. И Чиччалла хаза, куц долуш йолуш, ша иза элишка яхайтур ю аьлла, цуьнан дас. Иза сан язвина Эвриг ву. Оьрзи цуьнан ваша ву.
Элишка яхайтур йу аьлла кхайкхам бина хилла, цул т1ехьа Г1ебартой, Х1ири, Суьли, Ног1и гул белла Нагар дукх долчу лахахьа (Х1инца Хьеший Хевжинче олуче). Йо1арашна т1е к1ант вича той х1оттина говраш хохкуш хьуьнар къовсуш, хьуьнар доккхуш къовсам юкъа биллина. Тоьллачунна совг1атана шен йо1 Чич Чилла кхайкхина.
Гумсал дехьа Элистанжой бежинаш дажош латта хилла цу заманахь, цигахь бежанаш дажош кхо к1ант, да а хилла. Цера ц1ераш: ден ц1е-Товболат, к1ентий ц1ераш - Тембулат, Тимирбулат, Бетилгири. Бетилгири жиманиг хилла, цул т1ахьа Чиччилли хьуьсам да хиллариг ву иза. Оцу къовсаме баьхкина хилла и Гуьмсал дехьара вежарий, Бетилгира жиманиг ц1ахь а витина шаьш къовсаме воьду аьлла схьа веана. Цери бакхий нах а, вайн бакхий нах охьа а хевжина, и йо1 Чиччилла цига а ялийна, хьунар къовсучухь тоьллачунна и йо1 д1а лур ю аьлла, Гуной махкат1ехь ваха латта а лур ду аьлла багах даьлла хилла цуьнан Оцу Гуной махкат1ехь латта дала реза ца хилар бахьана хилла, т1е баьхкинчех берш чог1а дебаш бу, царех т1аьхьа новкъарло йир ю олуш хилла цара, цундела юкъа буьтур бац вай аьлла. Т1аккха къовсарш д1а долийна, хьалха говр хохкуш вверг Бетилгири воккхах волу ваша хилла, шалг1аниг кхечу нахах стаг хилла. Цу шимма орчура бож схьа ца эцалуш цхьацца ма1а яккхина хилла и бож хьала ца йолуш. Цахь витина волу жима ваша Бетилгири, царех лечкъина бакъо йоцуш, даьхни чу а доьхкина хьунар къовса веана хилла цига. Царел т1ехьа говр хохкуш волу к1ант тех эккхаш йо1а мохь тоьхна хилла оцу шен безам баханачу к1анте: «барзо туххуче тохалахь и ка» аьлла к1анте. И бож вортун т1е катоьхна хьала а эцна цо. Йа а йеана кхарна хьалха охьа тесна цу к1анта и бож. Цигахь оцу к1анта толам баьккхичи йо1 д1а яла реза ца хилла да. Т1аккха гулбеллачара аьлла х1инццалц Гуночо ша делла дош дохина дац, и хьайн дош лар дан деза ахь аьлла. Дика ду, йо1 д1а лур ю ша, амма мохк лур бац ша царна Гуной махкат1ехь аьлла. Ша х1инца юккхерачу Курчала йолчухь мохк а эцна Элстинжочунгара и лур бу ша аьлла. Ишта мохк эцна, и царна белла, элий бу уьш аьлла и шен йо1 а и Бетилгири а ваха хаийна дас оцу махка. Цера да д1а вахана, х1орш цигахь а битина. Цу мехкан ц1е, несарша а вежарша а оцу йо1ах Чилли олу дела, Курчилла аьлла ц1е тиллина а хилла. Д1огахь Курчилли юрт ю олуш хилла.
Воккхах волчу вешо Бетилгири ца веанехьара, ша тоьлла хир вара бохуш цуьнца къийсалуш гамо лаьцна хилла. Кху к1ентан Гуноша белла мохк а хилла, Гуноша т1е гулбелла ша дерриг д1а х1оттина хилла, х1усам йина д1анисбина хилла. Важа вежарий тоьличохь 1аш хилла. Бетилгири варх1 баттахь йина Гумса хи т1ехь хьери хилла, лакха Куьрчалней йуккхерачу Кууьрчалней юккхехь, 13 ной йуьллуш татол далийна. Оцу хьерано кха динахь бен болх бина ца хилла. Цу шина вашас дов а даьлла вина хилла и Курчиллай х1усум да Бетилгири. Курчилла 8 бутт болуш берах хилла цу хенахь. Ишта и вича шен керт а, хьера а 1адда йитина и д1а яхана иза цигара шен ден ц1а Гуьна. Бекхам бахьаш йог1ур ю ша аьлла шен марвежиришка иза Гуна схьа еана. Бетилгири каш кхузахь дитина дац, цара иза д1аваьхьна кхечахьа. Эврига ша йо1 д1алуш аьлла: «элих вацахьара тоьлар вацара, дуккха элий бара кхузахь къовсалуш, цундела тоьлла. И ц1е – элий аьлла Гуноша тиллина хилла царна оцу Бетилгирина олура бахара т1ехьа а. Цундела Курчалоша х1инци а шаьш элих ду олу. Ша ц1а а йеанчул т1ехьа, пхиттара валлац кхабна цо шен к1ант Берса.
Оьрзи оцу Эврига ваша хилла. Чог1а харцахьара лелаш хилла. Алхаз Эврига к1ент - к1ант йисар дина д1а вуьгуш урс хьаькхна вина обургаша. Оьрзас шен гергарчерах б1о цхьана а тохна, шайн махка т1е бежинаш девлчи а, т1е ваьллачунна а етташ, вуьйш хилла цо, т1е довла даьхни д1а луш ца хилла. И волчу хенахь цхьа т1е г1орта ваьхьиш ца хилла. Эвриг воккха волу дела, цунна дов дахьаш т1е бог1уш хилла нах Оьрзас лелайначу х1уманашна».
Хьара вайн дайша а дицина дара.
Ирбахьерчу тептаршца а ниса дог1уш ду. И тептар Гуьнара 1аьнда дахьна Гуьна ягош ц1ахь доцуш дагоза дисина хилла. (продолжение следует)

Комментарии

Комментариев нет.