#Хаттар: Фатва: 28

Ассаламу lалайкум варахьматулуллахl. Вашас ше Йишега хьижаб тlе йохита аьлча дас ша дийна мел ву юхуьтар яц, фарз ма ду и бохуш мел чlогlа дицча Дала тlе диллина ду аьлча а, и мухха делахь суна ца дезакх и бохуш хилча, и динчуьра ара ваьллам ца хуьлу? тlаьхьарчу хена цуьнца къамел дан а, хlума юуш охьа хаа ца лууш хуьлу со цо и хlумнаш дуьйцуш, вирд ца даккхахь къаьхь де дир ду ша бохуш чlогlа и хlумнаш дуьйцу цо, тlаккха и дlа тоттуш вергам ца хуьлу со, Аллахlан хьалха бехке хуьли со?
Юха нене хьижаб йоха аьлла иштта дицич, цо олу хазам хир яр со хlинца иза йоьхна лелаш, асам юхур яц и, иштта кху хьолах алахьар ахь, Аллахl реза хуьлда.
Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
-Да-нана дlа теттан ахьам, кхи мел дlа татта воллу хьо! Аллахlан хьалха дукх чlогlа бехке вукх хьо! хlума яъ охьа хаа ца лаьа, къамел дан ца лаьа бохург ху ду!? хьо бусалба кхиинарг мил ву!? хьуна ламаз lамийнарг, марз динарг, марха lамийнарг, марз динарг мил ву!? хьуна хlара бусалб дин марз динарг мил ву!? хьуна хьарам хьанал къасто дези lамийнарг мил ву!? хьа да-нана дац и дерриге динарг!? хьо хьой иштта бусалб динехь кхиин ву, хьайна дез делла ду марз делла ду моьттушам вац хьо бусалб дин!? чlогlа lеха велла хьо и моьттуш велахьам! хир вари хьо тахан санна бусалба, я бусалб дин дезаш, я бала болуш, ламаз марха долуш а цхьа керстнехан хусмехь кхиънехь!? хир вацар дер-кх! тlаккха оццула хьайна дик дин, оццула жоьжахате боьда новкъар хьой хьалха веккхина, хьой кхиина, хьайх бусалб вина, хьайн дин марз дин, оццула хьайна дик дина волчу дегар цхьа гlалат ма деллина цо хьайн мел дина дик диц дина, цунг вист хила, цунц охьа хаьа ца лаьа хьуна!!? иза чlогlа тамашина хlума ду! иштта ю доьзални, дени-нанни юккъехь йолу башхалла! чlогlа тамашина ду адам, хlара хlума тахан ахь лелош делахь а, кхана хьуна лелор долуш ду хьа доьзало, Дала дуьненахь а эхартахь а шозза бекхам беш дерг ши хlума ду:
1- Дец-ненац во хилар.
2- Адман зулам дар, оцу шин хlуманна Дала бекхам дуьненахь а эхартахь а беш бу, вуьштта муьлхха хьоьгар даьлла долчу къан бекхам я дуьненахь бо, я эхартахь бо, амма оцу шин хlуманна бекхам шозза беш беш Дала! хьой хьай дец-ненац ма хиллара хьуна доьзал луш бу Дала, нагахь дик хилли, дик доьзал ло, во хилли, во доьзал ло!
-Амма цу дас-нанас ше доьзална гат деш долу са, церан цу доьзалца кхочуш болу бала цкъа а ца кхочу доьзли цу дец-ненац! я кхечна бац хlара дуьне дола делч хьана! ше доьзал цонгуш ма хиллана да-нана хьер доли, яхьах, эхьах духи, нахе орца доьхуш шай таро яцахь а декхар доьдуш, ара оьккхи лела шеш цунна ху дарба лелор дар те, ху дийр дар те бохуш бlарз лой!
Амма да-нана къан делла, цонгуш ма хиллехь доьзло я Аллахl паргlат баха ахь уьш, хlара бала хьоьгачулла балар воле яркх кхарна олу! мел йоккха башхалла ю!
-Хьа да ша хьоьга дуьйцу хlуман тlехь гlалат велахь а, ша нийса ву моьттуш, вирд ахь ца декхча хьо дакъаз вер ву моьттуш, ше кхетам ца хиларна, шена девзуш ца хиларна, тахан хьуна санна нийса дерг довза таронаш а, я аьттонаш хилла ца хилар бахьан долуш нийса дерг ца девзуш ша висарна, хьижаб ша тиллитич цунах вахабистк хир ю моьттуш, и дакъаз яларна кхоьруш, ахь вирд ца деккхича хьо дакъаз валарна кхоьруш, шу дакъаз довларна кхоьруш, хlум яъ охьа хиъча, къамел деш шуьга и дуьцуш lаш ву шуна сагат деш, даггара ша шуна сагат деш волан дера, дик хьажахь хlора ше доlнехь шу доьхуш а хир ву! амма хьо и буслаб вуй хоьттуш ву!!! цунца охьа хиша къордина! цо хьайна мел дина долу дик диц дина! цунга нийса дерг дийца а къордина! шай чохь цlе ялча, хьай да чохь вижин хилча, чlогlа наб кхетна сам ца ваккхалуш вижин хилча, дlа ваккхахь сам вала гlерташ вац иза, бахам бехна ас, самам ца волу аьлла вуьтар вари ахь!? я шиэ шеш вегна дlа валлалц и сам ваккха гlертар вар хьо!? иштта наб кхетна хlинца ма ву иза нийса долчух! ахь дуьцарг хезаш дац цунна, ладухуш вац иза, шена хьо харц хетан дера, цун дела ахь юх юха баха деза, доlнаш деш баха деза, хаз баха деза, массо агlора баха деза, чуьр са хьала даллалца дийца деза! ца кхета иза аьлла цунц охьа хиша, къамел дан а къорда муха до хьуна!? хьа ният цlан да дезаш ду, хьай дагчуьра ца оьшу хlумнаш дlа даха дезаш ду, цхьа йолу мусар ю хьа дагчуьра дlа яккха езаш, и бахьан долуш ойла нийса яш вац хьо!
-Даггар лелаш волчо, даггар цхьа стаг дакъаз валарна кхоьруш, и жоьжахате вахарна кхоьруш лелаш волчо нийсо муха юцу хаьи хьуна!? хьа дас санна юцу хьуна! ваьлча, воьлча ца вуьтуш, хlум яъа, дlа вижа, гlатта ца вуьтуш юцу хьуна! даггар лелаш верг иштта хуьлу хьуна! кхи дик масал дала дай хьуна!? Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам ма йиццара юцу хьуна даггар лелаш волчо нийсо, Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам шен де ваш Абу Тlалибе муха йицина нийсо!? дукх чlогlа цо им дилла лууш, оццула ша цунна дин дийцарха, цо дин тlе ца оьцуш шай дахар дlа дахча, тlаьххьара Абу Тlалиб вал метта вилча, цун тlаьххьар долу са дегlчуьра хьала даллалца хlай сан де ваш, алахь и лаилахlа иллаллахl, и цхьа дош алахь къемат дийнахь хьуна дан гlо хир дар-кх ше, алахь и дош бохуш цунна лерер ца ваьлла хьуна иза тlаьххьар цунна са даллалц! ас дицам дицна цунга тlем ца лоцу цо аьлла букъ берзина дlа ца вахна хьуна!
-Кхи ху лела до хаьа хьуна даггар лелаш волчо, даггар цхьа стаг дакъаз валарна кхоьруш, и жоьжахате вахарна кхоьруш лелаш волчо!? Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам lумар Хаттlабан ма дарра доl до хьуна я Аллахl кхет ве ахь иза, нис ве ахь иза, дине вала ве ахь иза бохуш! ахь эра ду ас дукх доlнаш дина, амма Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам дукхалле ца хьежна, мелхо цунна нис валаре хьежна!
-Кхи ху лела до хаьа хьуна даггар лелаш волчо, даггар цхьа стаг дакъаз валарна кхоьруш, и жоьжахате вахарна кхоьруш лелаш волчо!? мунафикъ волу, шена дукх ямартлонаш йина волу, ше хьокъехь дукх боьха къамел дина волу, ше уггар уллер накъост Абу Бакр Сиддикъ йоl, шена уггар дукх езаш йолу ше хусам нана а йолу lаишатан тlе боьха харцо кхоьллина волу lабдуллахl Ибн Убайй Ибн Салул велч хена, я Аллахl геч де ахь кхун, я Аллахl декъал ве ахь хlара, я Аллахl къинхетам бе ахь кхуьнах бохуш доlнаш де чера сац ца соцуш, lумар Хаттlабо куч тlера схьа лоци Пайхамар юх изош хlай Дела Элча ахь муха до цунна доl!? ахь муха до цунна докъ ламаз а!? цо иштта оццехь динарг даг ца доху хьуна!? цо оццехь аьлларг даг ца доху хьуна?! иза мунафикъ нехан корта хилар диц делла хьуна!? мунафикъ нахан юккъе цунна цlе айхьа дlа яз яйтина хилар диц делла хьуна бохуш цо лелина боьха мунафикъалли хlумнаш Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам даг оьхуьтуш lумар Хаттlаб волшехь цунна докъ ламаз дlа дехка хоьттича, баккъалла и докъ ламаз да волли хиъча, Пайхамаре саллаллахlу lалайхlи ва саллам цу боьха мунафикъан докъ ламаз ца дайта lумар Хаттlаб Пайхамарна юхь дуьхьал хьалха дlа хоьттича, Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам дlавала шена хьалхара оли и дlа тотти докъ ламазан хутту, цул тlаьхьа lумар Хаттlабе олу, Дала харжам байтнера шега хьайна лаахь геч дар деха цунна аьлла, амма ахь 70-за цунна геч дар дехча а ша цунна геч дир дац хьуна аьлла, делахь аьлла-кх Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам, валлахlи 70-з сов ша цунна геч дар дехча цунна геч дийр дуй хиъча доьхар ма дар ша цунна! иштта хуьлу хьуна даггар лелаш верг!
-Даггара, баккъалла цхьа адам нис дала лууш цунга дин дуьйцуш волчо цкъа а ше багар ца долуьту ас дийцам дицна, ас бахам бехна, тlем ца лоцу, къордина сунам дийца, дийцарха эран ду, кхетар волуш вац, сун хаьа кхетар воци...! Муса Пайхамарам ма ца витна ша Дела ву бохуш лелаш волу фирlовн кхетар волуш вац аьлла, мелхо ша ве и шена тlаьхь валлалц дицна-кх!
Мухьаммад Пайхамарам ма ца витна кху умматан фирlовн ву аьлла ша цlе яккхина волу Абу Жахlла дукх дийцина ша аьлла, мелхо тlамехь и веллалца дуьйцуш, и кхето гlертин-кх!
Нухь Пайхамарам ма ца витна ше кlант эран ду дийцарха аьлла, дине ца вогlуш и дуьхьал ваьлча, тlаьххьар и шена а гуш хино бух ваххьалца цунга дицин-кх!
Мухьаммад Пайхамарам ма ца аьлла Тlаифе ша дин дийца вахча, цигар керст наха кхетам чуьра валлалц шена коьртах тlулгаш диттина ша схьа ваитич, Дала ша лемнаш тlе хоттина долу Малайк даитин хlай Мухьаммад, ху де ша кху къоман, хlара ши лам тlетl бахитина, кху юкъа боьхкина хlаллак бе ша хlоруш аьлча, Далла гора воьжна доl ма дина Пайхамарам, церан тlаьхьенах цхьаъ ваьлла бусалб стаг валаре сатуьйсу ша ма бехь уьш хlаллак бохуш!
Ибрахlим Пайхамарам ма ца витна ше да дукх дийцина ша аьлла, ше дас хьо кхи вист хилахь ша тlулгш тухар ду хьуна, дlавала шена гена аьлча, кхи шен дан цхьа агlо ца бисча, Дала шега нехl даллалц хьуна геч де бохуш доl дийр дукх ша, кхи да хlума дац шен аьлла сецна-кх!
Абу Хlарайратам ма ца йитна ше нана бусалб дине ца йогlуш дуьхьал ялча, эран ду дийцар, кхетар йолуш яц, дукх дийцина ша аьлла, мелхо массо агlо лелина-кх цунца, кхи дахlума ца хилча Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам тlе вахан цунга доl дайтин-кх!
Нухь Пайхамарам ма ца аьлла ше къам кхетар долуш дац 950 шарахь ша царна даlват дичи бен! ахь хьай дега-нене дуьйцу мел хан ю!? цхьа къир ду, я цхьа бутт бу!? вайна ма сих къорда до дийца! вай ма сих олу дийцарх эран ду, дукх дийцина! 950 шо хан юй ахь дуьцу!? нагахь 950 шарахь ахь дицнехь ахь дукх дицна хьуна, тlаккха церах дог дилла мегар ду хьуна уьш кхетар болуш бац аьлла, амма ахь церга дуьйцу 950 шо хан яцахь хьуна къордо дукх чlогlа тlех хьалхе ду хьуна! мас дийнахь хьай де нени дик доьзал хилла чекх велла хьо, дерриг де цара бохчунна тlехь чекх волуш дlа хьуш, хьайгар гlалат ло ца йолуьтуш!? вайх цхьа болчарна моьтту ша дени-нанни ятташ ца хилча ша чlогlа дик доьзалхо ву, бусалб дино хьо дик доьзалхо лоруш вац цара хьай уггар чlогlа дог датlинчу хена, ахь царна еккъа муцlар саттича а, ахь оффай аьлча а, иштта долу хlума хьоьгар даьлча хьо ширк дlа делча долу уггар доккха къа деш ву, тlаккха хинца хьоьга хаттар ду сан, и санна дерг ца долуш цхьа а де доли хьа хьай дец-ненац!? ца долу аьлла дала жоп долуш суна хетарехь дукх къезиг нах хир бу, нагахь ца долу бахи ахь? хьа даlват, ахь дуьйцарг Дала къобал муха дойтар ду хlора дийнахь оццула даккхи къинош хьо деш волуш!? шега хьажа ма веза стаг дуьххьара нахе хьажле! вуй хьо хьай де-нени Къуръано хила аьлла хьайна тlе ма диллар дик доьзалхо!? Къуръано хьайна тlе муха дилна хаьа хьуна!? Аллахlа боху хьуна Шен сийлахь долчу Къуръан чохь: "Хьа Дала кхел йина аша lибадат ма де И воцчунна, дец-нена дика хила аьлла, нагахь и шиэ, я цу шиннах цхьаъ къаналле деллехь, ахь цу шинга ма олийла "оффай", я и шийъ чеха ма дойла ахь, мелхо цу шинга лераме дош олийла ахь. Ахьа охьабахийта цу шинна къинхетамах муьтlахь хиларан тlам, ахь ала хlай сан Дела цу шиммо жим волуш соьх ма барра къинхетам бе ахь цу шиннах" [Сурат ал-Исра́ъ, аят: 23-24]
Вуй хьо цу аято ма вуьццу дик доьзалхо хьай дени-нанни!? ахь ойла е ахь, цу аято ца боху хьуна дени-нанна ятта ма ятталаш, я шиъ де ма делаш, я и шиъ чуьра ара ма кхоссалаш ца боху хьуна, оццула генар хьалам дуьйцуш дац, мелхо аято бохуш дерг ху ду аьлча, цу дени-нанни "оффай" а ма ала боху, цу шиммо хьайна ца товш дерг дина, цу шиммо хьай дог датlича, цу шиммо хьой холча хоттича “оффай” а ма ала боху! ахь цу шинга “оффай” алахь а, хьо цершинга виста ца хуьлуш во дlа хьажахь а, ахь цу шинна хал хетар дахь а, ахь цу шинна неl тlе ятташ хьой ара лелхай а ахь деш дерг ширк дlа даьлча долу уггар доккха къа ду, аяте хьаж хьо, аято боху “Хьа Дала кхел йина аша lибадат ма де И воцчунна, дец-нена дика хила аьлла”, шена бен lибадат ма де бохучунца хоьттина Дала дец-ненац дик хила бохург, тlаккха lелам наха цу тlера схьа эцна, Аллахlац ширк дар дlа даьлча уггар доккха къа дец-ненац во хилар ду! тlаккха юха хаттар дукх сан, и лакхар ас дагар динчу хlумнехь муьлхха цхьа хума хьоьгар ца долуш де догlи хьуна!? нагахь дагlахь къирнах мас де догlу иштта!? тlаккха оццула доккха долу къа хьоьгар хlора дийнахь дужуш хилча, айхьа дуьцарг цара къобал ца дича царна бехк буьллу ахь!? оццула доккха къа хlора дийнахь хьайгар дужуш хилча уьш нис бе бохуш айхьа Деле дехча, Дала хьайна доlина жоп ца делча бехке мил хета хьуна!? хьо хьай деца къмел да ца лууш, хlум яъ охьа хаа ца лууш ву, а Дала хьоьга цу шинна “оффай” а ма ала боху, хьай хьолан ойла йини ахь тlаккха! хьо хила цу шинна дик доьзалхо, аято ма вуьццу доьзалхо хил цу шинна, ас чlагlо йокх хьуна и шиъ хьуна хьалха дала делла хир дукх хьуна, докх хlума ма ца оьшу и шиъ lехо, аято ма бохху доьзалхо хьоьх хилахь, Дела ван вац бохуш уьш керст белахь а цара хьан ойла а, хьан къамел а къобал дийр ду хьуна, лара лорур ду хьуна, муьлхха хlуман тlехь хьоьга ла духар ду хьуна, делахь вайна дас-нанас вешка ладоха лаьа, амма ша дан дезарг, шена тlаьхь дерг диц до, цхьа масех шо хьалха цlахь волуш цхьа накъост ву ша шен дас хьийза вар, шен бала буьйцуш, ламаз ца до цо, кхи ца до, шега лаца духу бохуш, тlаккха массо агlора хьоьжу со гlалат мичахь ду те бохуш, цхьа гlалат дуй-м хаьа суна, амма ху ду тlе ца кхуьуш хlара де олуш, цо дина ша аьлча кхи олуш lаш ву со, тlаккха цхьан дийнахь цхьаъ дуьйцуш хьах локх цунна маситта де ду хьуна ше дас хlара гlуллакх чекх даккха шега аьлла, хинца данз дукх ше иза оли, тlаккха кхето со дерригена бахьан ху ду, юха жимма кегича ма варра гуч волу-кх, доц аьлча дас-нанас бохург лерах хьокхуш вац хlара, амма тlогlал долу куц кеп чlогlа динц ду, маж, маьждиг, ламаз ша дерг хила ма деззара ду, амма ше чохь дец-ненац мостагlчунца санна ву, я цара бохург цхьа а хlума чекх доккхуш вац, де бохуьтуш церан сакхачини бен, амма ша ламаз де ма эллина ше дас ша бохург дан деза моьтту кхуна! ойла яйш мел доккха хlума ду, ше дас шега де аьлларг чекх ца доккхуш къирне волуш волчунна моьттукх ше дега ша ламаз де аьлча цо да деза! да волшехь цо хунда деш ду ахь бохург, цо хьайга аьлларг цунна собар кхачина бен чекх доккхуш хьо ца хилча!? цо хуьттаренна дийр ма дац иза ахь де бохуш долан дера! тlаккха мел чlогlа хила ма везза хьо церца велахь а ахь цхьаъ ала ма эллина тlе лаца деза аьлла ма дац, цхьан дийнахь кхетта хьо ма вац, ахь хьай къа хьега, буьйсан тахlужжуд ламазе гlоттуш, къестина царна доl дан гlоттур ву со кхи цхьа а хlума ца доьхуш али гlоттуш доlнаш де, юха хаз дуьйцуш, массо агlора дуьйцуш болх бе, Дала кхета язинехь кхетар бу хьуна, ца кхетахь хьайна тlехь дерг динакх ахь, хьай ницкъ кхочург динакх ахь, оцу цхьана хlумнах уьш ца кхетнер али цара хьайна мел дина дик дайъ ма дайъа, я уьш динах баха ма гlерта, дин ца дезаш, и хьижаб динах хlума долан дера ца дезаш бохуш ма дац цара иза шайна ца деза, вай царна такфир дал, мелхо цу хьижабах долш долчу хьоло хотта далитин долу сурт бахьан долуш, и хьижаб тилнарш лортlехь ца хуьла бохуш цхьан агlора элдиташ хезаш, хьижаб вахабистки дохар ду бохуш вукха агlора элдиташ хезаш, иштта долчу оцу хьоло безам беккхан цунах адми, чам беккхина, и бусалб динах хlума ду цун дела шена ца деза бохуш делхьара хир дар кхузахь такфир дан деза я ца деза боху хаттар, амма иштта агlора цунца ца безам болуш цхьа а ма вац! https://vk.com/yalsaman

Комментарии

Комментариев нет.