Ассаламу lалайкум. Керла шо (новый год) даз даран хьукма хIун ду, мегаш дуй и даз дан?Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!-Керло шо даз дан мегаш дац, и мегаш ца хиларо чу лоцуш масех хlума ду:1- Керла шо даз дар - мегаш дац.2- Керла шо даз дар - хьарам ду.3- Керла шо даз дар - бидlат ду.4- Керла шо даз дар - керста нахах тар валар ду.5- Керла шо даз дар - керста нах баз бар ду.6- Керла шо даз дар - керста нах безаран билгало ю.7- Керла шо даз дар - керста нахаца дагчохь хила безаш болу ца безам дlабалар ду.8- Керла шо даз дар - Аллахlана муьтlахь ца хилар ду.9- Керла шо даз дар - Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) муьтlахь ца хилар ду.10- Керла шо даз дар - Аллахlан динах дог лозуш ца хилар ду.-Ибн lумар (Аллахl реза хуьлда цу шинна) дийцина, Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) элир аьлла: “Цхьан къомах тар велларг, уьш берриг ву”. [Абу Да́ву́д: 4031]Ткъа цхьана адми къовсам хила йиш йоцург ду-кх - керла шо (новый год) даздар керста нехан хlума хилар, хlан хlа, дац иза керста нехан хlума олуш стаг суна хетарехь хира вац-кх, иза керста нехан далахь даз дарха ху хилла бохуш дазош дукх иза дазочара а, тlаккха и даздар бохург дустиша оцу лакхар хьадисац! уьш берриг ву боху-кх Пайхамар иза! оцу керста нахах тар велларг изза ву боху-кх Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам)!-Аба́нан хезир, lумар ибн Хаттlа́ба (Аллахl реза хуьлда цунна) олуш: Аллахlан мостагlашна герга ма хиллаш церан даз дарашкахь (праздникашкахь). [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 307]-lабдуллахl ибн lамр (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: Керста нахан юккъехь lинарг, тlаккха церан къома даздарш а, керла шо а даз динарг, ша валлалца церах иштта тар а велларг, къемат дийнахь церца гlаттор ву иза. [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 308]-Ткъа керста наханам хаз ма хети вай даз дича шай даздарш (праздникаш), Ибн Таймиййата (Аллахlа къинхетам бойла цунах) ма аллара: Девзуш ма ду (керста нехан) даздараш (праздникаш) даз дар (церан чот яр) иштта и санна дерг лелор а, церца юкъарло дарца (уьш даз дарца), иза церан (керста нехан) сий дар ду, ткъа уьш-м баккхи бо цунах, хаза хета царна, харц долчу шай дин белхаш тергал ца дича царна новкъа ма дарре. [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 221]Аллахlа а, Пайхамара (саллалахlу lалайхlи ва саллам) оцу керста нахах вай тар ца далита, церах вай схьа къастош, къиран чохь хуьлуш долу садоl де а (выходной) ца хилитин-кх керста нехан дерг, цара лелош дерг, мелхо керста наха лелош доцу де хаьржин-кх вайна, Ибн Таймиййата (Аллахlа къинхетам бойла цунах) ма диццара оцу хьолах лаьцна, цо аьлла-кх: Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла: “Вайла хьалха хилларш Аллахlа пlераскан (пт) динан тlе ца нис бина. Жуьгтиша шот де (сб) хаьржина, жаIарна lибадат дечара кlиран де (вс) хаьржина. Тlаккха Аллахlа вай кхоьллича, вай оцу пlераска динан тlе нис дир цо...”...Тlаккха вешан садоl де (выходной) церан садоl денца, шот де вай дича, я вукхеран садоl денца, кlиран де вай дича, кху хьадисан бlоста девлаш хуьлу вай! Ткъа хlара болх къиран чуьра садоl ден (праздникан) хилча, иштта ду хьуна шаран долу садоl денц (новый год-ц) дерг а, цхьа а башхалла цу шинна йоцан дера! [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 304]-Бусалба наха даздарам вай дуьйцур дац керста нехан даздарш (праздникаш), мелхо бусалб махкахь бехаш болчу керста нахе а даздайта йиш йолуш дац-кх уьш нахан юккъехь, нахан гуччехь, керста нехан шай хlума и долшехь, церга шай дин а лела дойтуш уьш буьтуш болшехь, церга а шай даздарш даз дайта бакъо луш яц-кх, Пайхамар асхьабин а, lелам нехан барт хилла хlума дукх иза, Ибн Таймиййата (Аллахlа къинхетам бойла цунах) боху: lумари сацам хилла-кх (Аллахl реза хуьлда цунна), цунца бусалб нехан а, иштта цералла тlаьхьа хилла болу кхи болчу lелам неха а, Лекх волчу Аллахlа (бусалб нахан) коьрте хlиттиначу нехан а, бусалба махкахь керста нахе ца лела дайта, къестина цу керста нехан бен доцу хlума, бусалба махкахь нахан гуш ца лела дайта къестина мушрик нехан долу хlуманаш, тlаккха хlун аьлла хета хьуна иза (къестина керста наха бен лелош доцу хlума) бусалб наха шеш лелош а, гlар доккхуш а хилча!? [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 220]Иштта кхин а боху Ибн Таймиййата (Аллахlа къинхетам бойла цунах): Вай дийцир-кх, lумара хlиттина болчу бехкамах бара, берриге асхьабин цу тlехь барт а хилла болу, царал тlаьхьа lелам нехан а цу тlехь барт хилла болу “жуьгтех а, жаlарна lибадат дечарех а болу керста нахе, бусалб нехан куьга кlелахь бехаш болу, шайн даздарш (праздникаш) даз дойтур дац бусалба нехан махкахь” аьлла...Тlаккха бусалба нехан барт хилла хилча, керста нахе а шай даздарш (праздникаш) гlар дохуьтур дац аьлла, ткъа бусалбачо ша муха доккху иза гlар!? бусалбачо и даз дича ца хуьлу иза керстачо даз динчулла чlогlа а, гlар далар а!? [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 306]-Ткъа керста нахе уьш даз ца дайтар бахьан хlун ду аьлча, иштта долу даздарш (праздникаш) даз дечу хена яржаш йолу боьхалла, хуьлуш йолу боьхалла, lасалла, и lасалла боьхалла нехан дегнашах ца кхетита, нахан и марз ца ялита, нах цунах ларош ду, Ибн Таймиййата (Аллахlа къинхетам бойла цунах) боху: Керста нахе вай уьш даз ца дайтар дукх, уьш даз дарехь яржаш йолу боьхалла бахьан, я иза lеса хlума хиларна, я цу lеса хlуманна билгало и хиларна. [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 306]Ткъа къесттина керла шо дазочу буса яржаш йолу, хуьлуш йолу lасалла, боьхалла муха яржа вайна дукх дик гина-кх массарна!-Керста нехан муьлхха цхьа дазош долу де, айхьа и дазош дацахь а, хьайна иза дез де хеташ дацахь а, хьан церца цхьа а шовкъ яцахь а, цу керста наха и дазош царна улле вахан латта а йиш яц-кх хьан, Делан оьгlазло хьайна тlе ца йосситар хьама! Ибн Таймиййата (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла: lумар ца магина-кх керста нехан мотт lамо а, я церан килсан чу ваха а церан даздар (праздник) долчу дийнахь, тlаккха мух хир ду аьлла хета хьуна цу керста наха лелош долу цхьа дерг лела дар!? я церан динах хьакх луш долу цхьа дерг лела дар!?...(Керста нахан тlе Делан) оьгlуз ло юссуш хилча церан даздар (праздник) долчу дийнахь, цара лелош дерг бахьан долуш, тlаккха цара диннарг, я цара лелочух цхьа дерг лелош верг шен тlе а оьгlазло йоссарна кхерамехь ца хуьлу!? (lумар Хаттlа́ба аьлла долу дешнаш) “Аллахlан мостагlашна герга ма хиллаш церан даз дарашкахь (праздникашкахь)” керста нехан даздар (праздник) долчу дийнахь церца вовшах кхетар а, я церца гул валар а ца магош дац иза!? тlаккха церца и даз динчунна хьал муха хила деза аьлла хета хьуна!? [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 308-309]И хьал ду хьуна керста нехан цхьа муьлхха даздар (праздник) дазочунна хьокъехь, ткъа ахь ойла йини хьай Аллахlан тlе харцо кхоьллина долу де дазош болчерца айхьа дакъа лаьцча хьай хьал муха хир ду техь аьлла!? и керла шо даздар бохургам жима хlума даци! мегшам дацар иза дазо, делахь накъосташ ца витир-кх со...бери самукъа даккха лииркх суна...хусам дас стол хотта е элир-кх соьга аьлча дlа доьрзуш хlума даци иза-м! и дем хьо кхоьллинчу Аллахlан тlе йоккха харцо кхоьллина де дай иза-м! оцу боьха керста наха Аллахlан тlе и харцо кхоьллинчу хена, кху Аллахlан lалам юккъехь доккхи хlуманаш хила герга хилир! иштта долу даккхи хlуманаш цкъа а хила кхерам болуш хlума хилла дацар кху латта тlехь! керста наха Нухь Пайхамар харц вина, 950 шарахь шайна дин дуьйцуш и тlехь ваьлла леларх иза къобал ца веш гаттоне хоттича а ца хиллер!Я Ибра́хlи́м Пайхамар цlерга кхоьссича а ца хиллер!Я Лу́тlа Пайхамар шен къомо юхь lаьржа хоттича а ца хиллер!Я Шуlайб Пайхамарна билгало яш Дала тlулгах ара яккхина йолу эмкал йича а ца хиллер!Я Ю́суф Пайхамар набахти чохь валлича а ца хиллер!Я Закариййа́ а, иштта кхи болу дуккха Пайхамар байъича а ца хиллера!Я Му́са́ Пайхамар шен къомо оццула хьизош, холча хиттош, эсан lибадат деш, шайна оццула дукха билгалонаш гайтиншехь цара иза харц вича а ца хиллер!Я lи́са́ Пайхамар вен чу лилхича а ца хиллер!Я Аллахlан уггара дукх везаш волу, уггара ваз вина волу, уггара сийлахь вина волу Мухьаммад Пайхамарна коьртах тlулгаш диттина, коьртах оьху цlи дукх хиларна дегl тlогlала охьа хьаьдда когашка охьа кхаччалца цlи ихича а, я иза харц луьш ву, бозбуунчарлаш лелош стаг ву, туьрнаш дуьйцуш стаг ву, байтахо ву, коьртана гал ваьлла ву бохуш харцонаш цунна тlехь йицича а ца хиллер, я иза шен дукх безаш болчу махкахь ваьккхича а ца хиллер!Оццула Дала лекха кхоьллина йолу стигланаш этlа герга хилир!Оццула доккха дуьнен латтанаш лилхин дlа довла герга хилир!Оццула баккхи кху дуьнен лаьмнаш ата делла вахь эга герга хилир!Хlун хlума дар-техь оццула Аллахl яккхи, лекха кхоьллина стигланаш этlа герга йинарг, оццула доккха кхоьллина дуьне эккха герга динарг, оццула чlогlа кхоллина долу лаьмнаш вахь эга герга динарг!?Оццула даккхи долу Аллахlи и кхоллламаш цу кепар холча хlиттинарг хlун хlума дар-техь!?Оццула шеш лекха, яккхи, чlогlа кхолламаш долшехь, дуьнен паччахьалла шайга ца луш гlийла заьlпе долчу адман дlа даларо холча хlиттинер-те уьш!?Я шеш оццула даккхи кхолларш долшехь, гlийла заьlпе долчу адам санна шайн лаъмехь шеш хила йиш йоцуш кхолларо холча хlиттинер-те уьш!?Я гlийла заьlпе долчу адманна гlулкхна бен шеш кхоьллина ца хиларо холча хlиттинер-те уьш!?И дерриг дацар уьш холча хlиттор бахьан! делахь хьо чlогlа цец вер ву-кх оцу кепар и даккхи кхолламаш холча хlиттинарг гlийла заьlпе долу адам дар аьлча!Хьо кхин чlогlа цец вер ву-кх, оццула даккхи и кхолламаш холча хlиттина долу де даз деш дуьнен тlехь адам ду аьлча!Хьо цец ваьлла lадор ву-кх, оццула даккхи и кхолламаш холча хlиттина долу де даз деш долчу адман юккъехь бусалб нах а бу аьлча!!!Оццула даккхи долу и кхолламаш холча хlитта дар дуьйцуш, цу хьокъехь Аллахl Шен сийлахь долчу Къуръан чохь аят а доссина-кх, къемат де даллалц доьшуш лаьттар долуш.Аллахlа боху Шен сийлахь долчу Къуръан чохь: “Стигланаш этlа герга ма хилир, латта эккха (герга ма хилир), лаьмнаш ата дала (герга ма хилир). Цара Къинхетаме волчунна (Аллахlи) доьзалхо ву аларца. Ткъа там болуш ма дацар-кх Къинхетаме волчунна (Аллахlи) доьзалхо хила”. [Сурат: Марьям, аят: 90-92]И бахьан дар-кх и даккхи кхолламаш холча хlиттар!lи́са́ Пайхамар винчу дин тlера аьлла йолина ю тахан вай лелош йолу календарь, ткъа lи́са́ Пайхамар Аллахlи кlант ву боху керста наха, и Аллахlан кlант вина де аьлла дазо долина ду цара иза дуьххьара долош, тахана царна дукхах болчарна шеш лелочунна маьlна ца хаьа-хь а, и дазо дола далар оцу тlера схьа даьлла ду!Ткъа цара Аллахlан кlант вина аьлла и дешнаш аьлчу хена, оццул лекха яккхи йолу стигланаш этlа герга хилир!Оццула доккха долу дуьне иккхин дlа дала герга хилир!Оццула чlогlа долу лаьмнаш ата дала герга хилир! Оццула чlогlа харцо цара Аллахlан тlе кхоьллина ла ца делла дара иза!Оццула харцо цара Аллахlан тlе кхоьллина холча хlиттина дара иза!Оццула доккха зулме дешнаш цара аларна, Аллахlах кхера деллера и даккхи кхолламаш!Ткъа цул тlаьхьа и де даз деш лелаш ву хьо!!? Хьой бусалба ву, Делах тешаш, кхоьруш стаг ву боху-кх ахь!!!-Керла шо муха дазор ду шен кийрахь бусалба дог долчо! бусалбаналла яцахь Нохчалла мукъна йолчо!Тахан муьлха нохчо ву цу керста наха шен чуьра да, я нана, я ваш, я йиш, я гергара цхьаъ вийна, я хьизонза!?Тахан Аллахlан дин хlаллак дина махкара дlа деккхина бовлуш лаьтташ болчу нехан даздар (праздник) муха даз до шен кийрахь жимма бусалбаналла а, я нохчалла мукъна йолчо!?Эзарнашкахь шен бусалба вежри, йижри набахтишкахь хlаллак беш болчу неха даздар (праздник) муха даз до шен кийрахь жимма бусалбаналла а, я нохчалла мукъан йолчо!?15 шар юкъахь шен къомах 300 000 сов адам дина болчу нехан даздар (праздник) муха даз до шен кийрахь жимма бусалбаналла а, я нохчалла мукъан йолчо!?Шен дай шийлачу Сибрехахь хlаллак бина болчу неха даздар (праздник) муха даз до шен кийрахь жимма бусалбаналла а, я нохчалла мукъан йолчо!?300 шо хьалха дуьна шен дайшка а, шен къоме а бала хьоьгуьтуш, уьш хlаллак беш, церца тlемш беш, церан зудри, бераш хьийзина болчу неха даздар (праздник) муха даз до шен кийрахь жимма бусалбаналла а, я нохчалла мукъан йолчо!?Жимма дагчохь цу керста нахац хьагl ян яц те хьан!?Нагахь хlара дерриге а хьуна дош хеташ дацахьам хьайна хетарг лела де ахь!!!-Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь хьай бера и дазоче ахь дахитахь!Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь бери самукъа даккха аьлла хусме ёлка хlотта яхь!Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь бери самукъа даккха аьлла цу дийнахь берашна подарокш эцахь!Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь цу буса бераш ёлка хьовсийта дуьга аьлла ара дахахь!Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь хьо цу буса уьш хlу лелош бу хьаж воьда со аьлла и дазочу метте хьо водахь!Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь багахь дашца а хьай гергарнаг, я накъоста, я йоl ахь декъал яхь!Хьо и даз динарг лоруш вац хьуна нагахь хьан хусамехь 31 декабрь 31 ноябрь санна тlех далахь!-Матамашина хlума дукх! мел жима беранна а керла шо (новый год) мац ду хаьа-кх! Амма динна къоман юкъахь карор дарите бусалб неха ши даздар (праздник) мац ду хууш 10 бера!? 10 берам дуьцачехь дац, баккхичарна юккъахь хира бу и хууш бершам леха безаш!!! https://vk.com/yalsaman
ВАЙНЕХА ТОБА
:Мусаб ибн Умайр
#Хаттар: Фатва: 34
Ассаламу lалайкум. Керла шо (новый год) даз даран хьукма хIун ду, мегаш дуй и даз дан?
Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
-Керло шо даз дан мегаш дац, и мегаш ца хиларо чу лоцуш масех хlума ду:
1- Керла шо даз дар - мегаш дац.
2- Керла шо даз дар - хьарам ду.
3- Керла шо даз дар - бидlат ду.
4- Керла шо даз дар - керста нахах тар валар ду.
5- Керла шо даз дар - керста нах баз бар ду.
6- Керла шо даз дар - керста нах безаран билгало ю.
7- Керла шо даз дар - керста нахаца дагчохь хила безаш болу ца безам дlабалар ду.
8- Керла шо даз дар - Аллахlана муьтlахь ца хилар ду.
9- Керла шо даз дар - Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) муьтlахь ца хилар ду.
10- Керла шо даз дар - Аллахlан динах дог лозуш ца хилар ду.
-Ибн lумар (Аллахl реза хуьлда цу шинна) дийцина, Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) элир аьлла: “Цхьан къомах тар велларг, уьш берриг ву”. [Абу Да́ву́д: 4031]
Ткъа цхьана адми къовсам хила йиш йоцург ду-кх - керла шо (новый год) даздар керста нехан хlума хилар, хlан хlа, дац иза керста нехан хlума олуш стаг суна хетарехь хира вац-кх, иза керста нехан далахь даз дарха ху хилла бохуш дазош дукх иза дазочара а, тlаккха и даздар бохург дустиша оцу лакхар хьадисац! уьш берриг ву боху-кх Пайхамар иза! оцу керста нахах тар велларг изза ву боху-кх Пайхамар (саллаллахlу lалайхlи ва саллам)!
-Аба́нан хезир, lумар ибн Хаттlа́ба (Аллахl реза хуьлда цунна) олуш: Аллахlан мостагlашна герга ма хиллаш церан даз дарашкахь (праздникашкахь). [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 307]
-lабдуллахl ибн lамр (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: Керста нахан юккъехь lинарг, тlаккха церан къома даздарш а, керла шо а даз динарг, ша валлалца церах иштта тар а велларг, къемат дийнахь церца гlаттор ву иза. [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 308]
-Ткъа керста наханам хаз ма хети вай даз дича шай даздарш (праздникаш), Ибн Таймиййата (Аллахlа къинхетам бойла цунах) ма аллара: Девзуш ма ду (керста нехан) даздараш (праздникаш) даз дар (церан чот яр) иштта и санна дерг лелор а, церца юкъарло дарца (уьш даз дарца), иза церан (керста нехан) сий дар ду, ткъа уьш-м баккхи бо цунах, хаза хета царна, харц долчу шай дин белхаш тергал ца дича царна новкъа ма дарре. [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 221]
Аллахlа а, Пайхамара (саллалахlу lалайхlи ва саллам) оцу керста нахах вай тар ца далита, церах вай схьа къастош, къиран чохь хуьлуш долу садоl де а (выходной) ца хилитин-кх керста нехан дерг, цара лелош дерг, мелхо керста наха лелош доцу де хаьржин-кх вайна, Ибн Таймиййата (Аллахlа къинхетам бойла цунах) ма диццара оцу хьолах лаьцна, цо аьлла-кх: Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла: “Вайла хьалха хилларш Аллахlа пlераскан (пт) динан тlе ца нис бина. Жуьгтиша шот де (сб) хаьржина, жаIарна lибадат дечара кlиран де (вс) хаьржина. Тlаккха Аллахlа вай кхоьллича, вай оцу пlераска динан тlе нис дир цо...”...Тlаккха вешан садоl де (выходной) церан садоl денца, шот де вай дича, я вукхеран садоl денца, кlиран де вай дича, кху хьадисан бlоста девлаш хуьлу вай! Ткъа хlара болх къиран чуьра садоl ден (праздникан) хилча, иштта ду хьуна шаран долу садоl денц (новый год-ц) дерг а, цхьа а башхалла цу шинна йоцан дера! [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 304]
-Бусалба наха даздарам вай дуьйцур дац керста нехан даздарш (праздникаш), мелхо бусалб махкахь бехаш болчу керста нахе а даздайта йиш йолуш дац-кх уьш нахан юккъехь, нахан гуччехь, керста нехан шай хlума и долшехь, церга шай дин а лела дойтуш уьш буьтуш болшехь, церга а шай даздарш даз дайта бакъо луш яц-кх, Пайхамар асхьабин а, lелам нехан барт хилла хlума дукх иза, Ибн Таймиййата (Аллахlа къинхетам бойла цунах) боху: lумари сацам хилла-кх (Аллахl реза хуьлда цунна), цунца бусалб нехан а, иштта цералла тlаьхьа хилла болу кхи болчу lелам неха а, Лекх волчу Аллахlа (бусалб нахан) коьрте хlиттиначу нехан а, бусалба махкахь керста нахе ца лела дайта, къестина цу керста нехан бен доцу хlума, бусалба махкахь нахан гуш ца лела дайта къестина мушрик нехан долу хlуманаш, тlаккха хlун аьлла хета хьуна иза (къестина керста наха бен лелош доцу хlума) бусалб наха шеш лелош а, гlар доккхуш а хилча!? [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 220]
Иштта кхин а боху Ибн Таймиййата (Аллахlа къинхетам бойла цунах): Вай дийцир-кх, lумара хlиттина болчу бехкамах бара, берриге асхьабин цу тlехь барт а хилла болу, царал тlаьхьа lелам нехан а цу тlехь барт хилла болу “жуьгтех а, жаlарна lибадат дечарех а болу керста нахе, бусалб нехан куьга кlелахь бехаш болу, шайн даздарш (праздникаш) даз дойтур дац бусалба нехан махкахь” аьлла...Тlаккха бусалба нехан барт хилла хилча, керста нахе а шай даздарш (праздникаш) гlар дохуьтур дац аьлла, ткъа бусалбачо ша муха доккху иза гlар!? бусалбачо и даз дича ца хуьлу иза керстачо даз динчулла чlогlа а, гlар далар а!? [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 306]
-Ткъа керста нахе уьш даз ца дайтар бахьан хlун ду аьлча, иштта долу даздарш (праздникаш) даз дечу хена яржаш йолу боьхалла, хуьлуш йолу боьхалла, lасалла, и lасалла боьхалла нехан дегнашах ца кхетита, нахан и марз ца ялита, нах цунах ларош ду, Ибн Таймиййата (Аллахlа къинхетам бойла цунах) боху: Керста нахе вай уьш даз ца дайтар дукх, уьш даз дарехь яржаш йолу боьхалла бахьан, я иза lеса хlума хиларна, я цу lеса хlуманна билгало и хиларна. [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 306]
Ткъа къесттина керла шо дазочу буса яржаш йолу, хуьлуш йолу lасалла, боьхалла муха яржа вайна дукх дик гина-кх массарна!
-Керста нехан муьлхха цхьа дазош долу де, айхьа и дазош дацахь а, хьайна иза дез де хеташ дацахь а, хьан церца цхьа а шовкъ яцахь а, цу керста наха и дазош царна улле вахан латта а йиш яц-кх хьан, Делан оьгlазло хьайна тlе ца йосситар хьама! Ибн Таймиййата (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла: lумар ца магина-кх керста нехан мотт lамо а, я церан килсан чу ваха а церан даздар (праздник) долчу дийнахь, тlаккха мух хир ду аьлла хета хьуна цу керста наха лелош долу цхьа дерг лела дар!? я церан динах хьакх луш долу цхьа дерг лела дар!?...(Керста нахан тlе Делан) оьгlуз ло юссуш хилча церан даздар (праздник) долчу дийнахь, цара лелош дерг бахьан долуш, тlаккха цара диннарг, я цара лелочух цхьа дерг лелош верг шен тlе а оьгlазло йоссарна кхерамехь ца хуьлу!? (lумар Хаттlа́ба аьлла долу дешнаш) “Аллахlан мостагlашна герга ма хиллаш церан даз дарашкахь (праздникашкахь)” керста нехан даздар (праздник) долчу дийнахь церца вовшах кхетар а, я церца гул валар а ца магош дац иза!? тlаккха церца и даз динчунна хьал муха хила деза аьлла хета хьуна!? [Икътида́ъ ас-Сира́тl ал-Мустакъи́м, агlо: 308-309]
И хьал ду хьуна керста нехан цхьа муьлхха даздар (праздник) дазочунна хьокъехь, ткъа ахь ойла йини хьай Аллахlан тlе харцо кхоьллина долу де дазош болчерца айхьа дакъа лаьцча хьай хьал муха хир ду техь аьлла!? и керла шо даздар бохургам жима хlума даци! мегшам дацар иза дазо, делахь накъосташ ца витир-кх со...бери самукъа даккха лииркх суна...хусам дас стол хотта е элир-кх соьга аьлча дlа доьрзуш хlума даци иза-м! и дем хьо кхоьллинчу Аллахlан тlе йоккха харцо кхоьллина де дай иза-м! оцу боьха керста наха Аллахlан тlе и харцо кхоьллинчу хена, кху Аллахlан lалам юккъехь доккхи хlуманаш хила герга хилир! иштта долу даккхи хlуманаш цкъа а хила кхерам болуш хlума хилла дацар кху латта тlехь! керста наха Нухь Пайхамар харц вина, 950 шарахь шайна дин дуьйцуш и тlехь ваьлла леларх иза къобал ца веш гаттоне хоттича а ца хиллер!
Я Ибра́хlи́м Пайхамар цlерга кхоьссича а ца хиллер!
Я Лу́тlа Пайхамар шен къомо юхь lаьржа хоттича а ца хиллер!
Я Шуlайб Пайхамарна билгало яш Дала тlулгах ара яккхина йолу эмкал йича а ца хиллер!
Я Ю́суф Пайхамар набахти чохь валлича а ца хиллер!
Я Закариййа́ а, иштта кхи болу дуккха Пайхамар байъича а ца хиллера!
Я Му́са́ Пайхамар шен къомо оццула хьизош, холча хиттош, эсан lибадат деш, шайна оццула дукха билгалонаш гайтиншехь цара иза харц вича а ца хиллер!
Я lи́са́ Пайхамар вен чу лилхича а ца хиллер!
Я Аллахlан уггара дукх везаш волу, уггара ваз вина волу, уггара сийлахь вина волу Мухьаммад Пайхамарна коьртах тlулгаш диттина, коьртах оьху цlи дукх хиларна дегl тlогlала охьа хьаьдда когашка охьа кхаччалца цlи ихича а, я иза харц луьш ву, бозбуунчарлаш лелош стаг ву, туьрнаш дуьйцуш стаг ву, байтахо ву, коьртана гал ваьлла ву бохуш харцонаш цунна тlехь йицича а ца хиллер, я иза шен дукх безаш болчу махкахь ваьккхича а ца хиллер!
Оццула Дала лекха кхоьллина йолу стигланаш этlа герга хилир!
Оццула доккха дуьнен латтанаш лилхин дlа довла герга хилир!
Оццула баккхи кху дуьнен лаьмнаш ата делла вахь эга герга хилир!
Хlун хlума дар-техь оццула Аллахl яккхи, лекха кхоьллина стигланаш этlа герга йинарг, оццула доккха кхоьллина дуьне эккха герга динарг, оццула чlогlа кхоллина долу лаьмнаш вахь эга герга динарг!?
Оццула даккхи долу Аллахlи и кхоллламаш цу кепар холча хlиттинарг хlун хlума дар-техь!?
Оццула шеш лекха, яккхи, чlогlа кхолламаш долшехь, дуьнен паччахьалла шайга ца луш гlийла заьlпе долчу адман дlа даларо холча хlиттинер-те уьш!?
Я шеш оццула даккхи кхолларш долшехь, гlийла заьlпе долчу адам санна шайн лаъмехь шеш хила йиш йоцуш кхолларо холча хlиттинер-те уьш!?
Я гlийла заьlпе долчу адманна гlулкхна бен шеш кхоьллина ца хиларо холча хlиттинер-те уьш!?
И дерриг дацар уьш холча хlиттор бахьан! делахь хьо чlогlа цец вер ву-кх оцу кепар и даккхи кхолламаш холча хlиттинарг гlийла заьlпе долу адам дар аьлча!
Хьо кхин чlогlа цец вер ву-кх, оццула даккхи и кхолламаш холча хlиттина долу де даз деш дуьнен тlехь адам ду аьлча!
Хьо цец ваьлла lадор ву-кх, оццула даккхи и кхолламаш холча хlиттина долу де даз деш долчу адман юккъехь бусалб нах а бу аьлча!!!
Оццула даккхи долу и кхолламаш холча хlитта дар дуьйцуш, цу хьокъехь Аллахl Шен сийлахь долчу Къуръан чохь аят а доссина-кх, къемат де даллалц доьшуш лаьттар долуш.
Аллахlа боху Шен сийлахь долчу Къуръан чохь: “Стигланаш этlа герга ма хилир, латта эккха (герга ма хилир), лаьмнаш ата дала (герга ма хилир). Цара Къинхетаме волчунна (Аллахlи) доьзалхо ву аларца. Ткъа там болуш ма дацар-кх Къинхетаме волчунна (Аллахlи) доьзалхо хила”. [Сурат: Марьям, аят: 90-92]
И бахьан дар-кх и даккхи кхолламаш холча хlиттар!
lи́са́ Пайхамар винчу дин тlера аьлла йолина ю тахан вай лелош йолу календарь, ткъа lи́са́ Пайхамар Аллахlи кlант ву боху керста наха, и Аллахlан кlант вина де аьлла дазо долина ду цара иза дуьххьара долош, тахана царна дукхах болчарна шеш лелочунна маьlна ца хаьа-хь а, и дазо дола далар оцу тlера схьа даьлла ду!
Ткъа цара Аллахlан кlант вина аьлла и дешнаш аьлчу хена, оццул лекха яккхи йолу стигланаш этlа герга хилир!
Оццула доккха долу дуьне иккхин дlа дала герга хилир!
Оццула чlогlа долу лаьмнаш ата дала герга хилир! Оццула чlогlа харцо цара Аллахlан тlе кхоьллина ла ца делла дара иза!
Оццула харцо цара Аллахlан тlе кхоьллина холча хlиттина дара иза!
Оццула доккха зулме дешнаш цара аларна, Аллахlах кхера деллера и даккхи кхолламаш!
Ткъа цул тlаьхьа и де даз деш лелаш ву хьо!!? Хьой бусалба ву, Делах тешаш, кхоьруш стаг ву боху-кх ахь!!!
-Керла шо муха дазор ду шен кийрахь бусалба дог долчо! бусалбаналла яцахь Нохчалла мукъна йолчо!
Тахан муьлха нохчо ву цу керста наха шен чуьра да, я нана, я ваш, я йиш, я гергара цхьаъ вийна, я хьизонза!?
Тахан Аллахlан дин хlаллак дина махкара дlа деккхина бовлуш лаьтташ болчу нехан даздар (праздник) муха даз до шен кийрахь жимма бусалбаналла а, я нохчалла мукъна йолчо!?
Эзарнашкахь шен бусалба вежри, йижри набахтишкахь хlаллак беш болчу неха даздар (праздник) муха даз до шен кийрахь жимма бусалбаналла а, я нохчалла мукъан йолчо!?
15 шар юкъахь шен къомах 300 000 сов адам дина болчу нехан даздар (праздник) муха даз до шен кийрахь жимма бусалбаналла а, я нохчалла мукъан йолчо!?
Шен дай шийлачу Сибрехахь хlаллак бина болчу неха даздар (праздник) муха даз до шен кийрахь жимма бусалбаналла а, я нохчалла мукъан йолчо!?
300 шо хьалха дуьна шен дайшка а, шен къоме а бала хьоьгуьтуш, уьш хlаллак беш, церца тlемш беш, церан зудри, бераш хьийзина болчу неха даздар (праздник) муха даз до шен кийрахь жимма бусалбаналла а, я нохчалла мукъан йолчо!?
Жимма дагчохь цу керста нахац хьагl ян яц те хьан!?
Нагахь хlара дерриге а хьуна дош хеташ дацахьам хьайна хетарг лела де ахь!!!
-Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь хьай бера и дазоче ахь дахитахь!
Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь бери самукъа даккха аьлла хусме ёлка хlотта яхь!
Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь бери самукъа даккха аьлла цу дийнахь берашна подарокш эцахь!
Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь цу буса бераш ёлка хьовсийта дуьга аьлла ара дахахь!
Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь хьо цу буса уьш хlу лелош бу хьаж воьда со аьлла и дазочу метте хьо водахь!
Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь багахь дашца а хьай гергарнаг, я накъоста, я йоl ахь декъал яхь!
Хьо и даз динарг лоруш вац хьуна нагахь хьан хусамехь 31 декабрь 31 ноябрь санна тlех далахь!
-Матамашина хlума дукх! мел жима беранна а керла шо (новый год) мац ду хаьа-кх! Амма динна къоман юкъахь карор дарите бусалб неха ши даздар (праздник) мац ду хууш 10 бера!? 10 берам дуьцачехь дац, баккхичарна юккъахь хира бу и хууш бершам леха безаш!!! https://vk.com/yalsaman